Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Де дика хуьлда шун.
-Воккхаве со тахана, ненан мотт безаш, цуьнца долу гергарло хер ца долуьйтуш, шу хиларна.
-Ненан мотт безаро а, цуьнца болчу ларамо а, алсамдоккхийла вайн 1илманан бешахь заза.
-Вайн урокан тема ю: Доца шеконан мукъа аьзнаш: а, у, и. Ч1ог1а, к1еда, деха, доца, балдийн, балдийн доцу, мукъа аьзнаш.
— Урокан 1алашо: Ч1ог1а а, к1еда а, деха а, доцу а, балдийн а, балдийн доцу а мукъачу аьзнех лаьцна кхетам балар.
-Мукъачу аьзнех лаьцна 1амийна хаарш т1еч1аг1дар .
-Вайна тахана 1емар ду: мукъачу аьзнийн тайпанаш а, цуьнан билгалонаш а.
Шайн г1оьнца дешнийн маь1на къасточу къамелан аьзнех фонемаш олу.
Масала: мохк, дохк, мерза, дерза, тарса, хьарса, серса.
— Графико 1амадо йозанехь къамелан аьзнаш элпашца билгалдар.
Аьзнийн тайпанаш декъало кху кепара:
Слайд:
Ч1ог1анаш: а, о, у, ю, я
К1еданаш: аь, оь, уь, юь, яь
Доца мукъа аьзнаш: и, уь, юь
Деха мукъа аьзнаш: ий, уьй, юьй
Масала: динахь –дийнахь; дуьлу-дуьйлу; юла-юьйлу
-Цхьадолчу дешнашкахь мукъа аьзнаш доца а, деха а аларо цу дешнийн маь1на хуьйцуш хуьлу,
масала:
ваха – ваха, худар – худар, дoгla – дог1а.
Балдийнаш: о, оь, у, уь, уьй, ю, юь, юьй,
Балдийн доцурш: а, аь, и, ий, э, е, я, яь
-Балдаша дакъалацарца олуш долчу мукъачу
аьзнех балдийн мукъа аьзнаш олу.
-Балдаша дакъа ца лоцуш олуш долчу
мукъачу аьзнех балдийн доцу мукъа аьзнаш олу.
лата — латта
бага — бага
яха — яха
-Х1ара далийна дешнаш юкъа а далош, предложенеш х1иттае.
Масала:
Нанас суна баганан дитт довзийтира. (бага-сосна)
Бага эрна лиэяр жимачу стагехь товш дац.
Дас шен к1антана лата 1амийра.
Кегийрхоша кертара латта цхьатерра нисдеш аьхкира.
-Ч1ог1а, к1еда, деха, доца, балдийн, балдийн доца, мукъа а ,мукъаза а аьзнаш а девзи вайна. Мукъа аьзнаш деха а, доца а аларца дешнийн маь1на хийцадалар а, хии вайна.
-Ирс, шен меттан беркатца ду аьлла хета суна,тахана цунах дог лозуш, цунах пайдаоьцуш адамаш мел ду ,вайн мотт бехар бу. Дахаро цкъа а ма къовлийла цунна т1е доьлху некъаш.
-Цу т1е а доьг1на, суна язъян луур дара нохчийн халкъан поэтан Шайхи Арсанукаевн «Сий» стихотворении юкъара мог1анаш. (Шен доттаг1чунна поэтана Сулейманов Юсупна лерина).
Сий.
Бедар а, мегар ю, бехъелча йитта.
Тишъелча, эца а мегар ду кхин,
Амма, ахь, сий бехдахь, йиш яц и дитта.
Карор дац дуьненчохь, и ц1андан хи.
-Поэта ма аллара, сий массо а х1уманал деза ду. Иза жимчохь дуьйна лардан а деза.
Ц1ахь «Меттан сий» темина лерина жима сочинени язъе.
-Кху т1ехь вайн урок ерзор ю.
-1одика йойла, марша 1ойла!