Урок №9. Нохчийн алфавит. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Вай тахана дуьйцур ду, аьзнаш 1амочу 1илманах а, йозанехь уьш билгалдахарх

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Дала аьтто бойла шен мотт безаш,цуьнан пусар деш волчун. Вайн меттан уггаре сирлачу а, ц1еначу ирсе кхачадойла вай.
Шайн дахарехь цуьнан марзо а, комаьршалла а ма эшайойла шуна.
Вайн урокан тема ю:
Нохчийн алфавит. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Вай тахана дуьйцур ду, аьзнаш 1амочу 1илманах а, йозанехь уьш билгалдахарх лаьцна а.
Урокан 1алашо: Нохчийн алфавитах а, мукъа а, мукъаза а аьзнийн кхолладалар довзийтар.
— Х1ора къоман санна, нохчийн а ю шайн алфавит. Беркатечу цуьнан хьостанех пайда а оьцуш, адамийн дахаран т1ай туьллуш схьайог1у иза.
-Шен башхаллица кхечу къаьмнийн алфавитах къаьсташ ю иза, шена чохь шалха элпаш хиларна.
Нохчийн алфавит оьрсийн графикин (кириллицин) буха т1ехь (1938) кхоьллина ю. И йоза юкъадаккхаран коьрта 1алашо яра оьрсийн культура къомана юкъаяржоран хьелаш кхоллар. Нохчийчохь 1илма лаккхарчу т1ег1ан т1е даккха лаам хилар. Делахь а, йоза цахиларх вайн мотт къен ца хилла.
Мамакаев Мохьмада иштта аьлла шеен «Т1улгаша а дуьйцу» ц1е йолчу стихотворенехь:
Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна?
Къийсамо  аьгначу хьан  т1улган белшехь
Гуш  ду-кха  яздина  сан  дайшка  кхаьчнарг…
М.А.Мамакаев.
-Х1инца вай карладоккхур ду нохчийн алфавитах лаьцна долу хаарш.
Магийнчу рог1ехь д1ах1иттийнчу элпех абат (алфавит) олу.
Нохчийн абатехь 49 элп ду. Царах 15 мукъа элп ду: а, аь, е, ё, и, о, оь, у, уь, ы, э, ю, юь, я, яь.
Нохчийн абатехь мукъа элп 15 делахь а, мукъа аз 9 бен дац.
9 мукъа аз xlopш ду:
а, аь, о, и, оь, у, уь, ы, э.
Шалха элпаш 15 ду: аь, г1, кх, къ, к1,оь, п1, т1, уь, хь, х1, ц1, ч1, юь, яь.
Царех мукъанаш 5 ду: аь, оь,уь, юь, яь.
Мукъазнаш 10 ду: г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1,ч1.
-Аьзнаш йозанехь билгалдечу хьаьркех элпаш олу.
-Графико 1амадо йозанехь къамелан аьзнаш элпашца билгалдар.
-Ткъа къамелан аьзнийн 1илманах фонетика олу.
-Аьзнаш хуьлу мукъа а, мукъаза а.
Парг1ат хецна  алалуш долчу аьзнех мукъа аьзнаш олу, масала: а, о, у, и, э, ы, аь, оь, уь.
Мукъа элпаш ялх ду: е, ё, ю, я , юь, яь.
Парг1ат, хецна ца алалуш, цхьацца дуьхьалонашца алалучу аьзнех мукъаза аьзнаш олу, масала:
б, в, г, г1, д, ж, з, й, к, кх, къ, к1, л, м, н, п, п1, р, с, т, т1, ф, х, хь, х1, ц, ц1, ч, ч1, ш, щ, ъ,1.
-Далийначу дешнашкара мукъа а, мукъаза а аьзнаш  билгал а дохуш, болх бан хьовси вай.
Шун, текх, 1алам, аренаш, ирзу, девзиг, баьхьа, ворда.
мукъа аьзнаш                        мукъаза аьзнаш
Шун           у,                                   ш, н ,
текх           е,                                  т,кх,
аренаш     а,е,а,                            р,н,ш,
ирзу           и,у,                               р,з,
девзиг       е,и,                               д,в,з,г,
баьхьа      аь,а,                             б,хь,
ворда        о,а,                               в,р,д.
-Кху дешнашкахь шалха мукъаза аьзнаш билгалдахий вай
Слайд:
Хьормат, г1ап, к1удал, ц1азам, х1усам, кхерч.
Нийсаниг: хь, г1, к1, ц1, х1, кх.
— Мотт ц1ена а, хаза а бийца таро лур ю вайна, карладаьхначу  аьзнаша.
«Башха дац со кхалхарх
Ломахь я арахь,
Тезетахь 1аьржа-к1айн
Къеста ма ве,
Амма сох кадам бе
Сан нохчийн маттахь,
И безаш ца хиллехь
Геч а ма де».
Юсуп Сулейманов.
— Тахана вай т1еч1аг1ди нохчийн алфавитах долу хаарш, карладехи мукъа а, мукъаза а аьзнаш.
— Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
— 1одика йойла, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. Нохчийн мотт 10-11 классашна учебник. Джамалханов З.Д.Чинхоева Т.Н.-2014ш.
2. Современный русский язык: Графика и орфография. ИвановаВ.Ф.- 1976ш.
3. Нохчийн поэзи 1-ра  том. Соьлжа-Г1ала —  2011ш.  
4. Журнал «Орга» Соьлжа-Г1ала .
5. Нохчийн мотт хьехар. Хьехархочун  г1оьнна пособи. 

Close
Яндекс.Метрика