Урок №8. НОХЧИЙН МЕТТАН ДОШАМАШ

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
-Таханлерчу урокехь вай дуьйцур ду «Нохчийн меттан дошамех» лаьцна.
Муьлххачу а къоман санна, вайн нохчийн метта а ду шен коьртаниг: ДОШ.
Кибиев Мусбека башха аьлла дашах лаьцна:
Шал шийла – дош ду,
Дош доцург – дош дац.
Ц1арал довха – дош ду,
Мазал мерза – дош ду — …
Дашо – хазво,
Дашо – вазво …
-Тайп – тайпана а, хьалдолуш а йолу нохчийн меттан дешнийн йоккха хазна тайп – тайпанарчу дошамашна (словарашна) т1ехь гулийна, д1аязйина ларъеш хуьлу. Шен къамел кхио а, мотт к1орггера 1амо а лууш волу муьлхха а стаг боккхачу тидамца дошамашна т1ехь болх беш а, меттан дешнийн хазна 1амош а хила веза.
-Дошамаш (словараш) шайн 1алашонашка а, хьалха х1итточу декхаршка а хьаьжжина, тайп-тайпана хуьлу, масала:
 энциклопедически
 дешнаш довзийтаран (толковый)
 гочдаран (переводной)
 шина меттан а, кхаа меттан а, дуккха а меттанийн дошамаш
 орфографически
 школьни
 академически
 дошам хазна (словарь сокровище)
 терминологически
 философски
 педагогически
 политически
 медицински
 юридически
 технически
 фразеологически
 исторически
 фразеологически
 диалектни
 этимологически
 синонимически
 норматически (литературни меттан словарь)
-Нохчийн маттахь арахецнарш башха дукха дошамаш ца хиллехь а, цара вуно доккха г1о дина вайн мотт дика 1амо луучарна.
-Вайн меттан дешнийн хазна гулъеш, дошамаш язъеш, доккха г1уллакх дина 1илманчаша: А.Г. Мациевс, Хь. Г. Гугиевс, И.Ю. Алироевс, А.Т. Карасаевс, вежарша: Байсултановг1ар Дадаша а, Дауда а, иштта кхечара а. Цу балхана хераваьлла Джамалханов З.Д. а ца 1ийна. Цо а язйина мехала дошамаш.
-Нохчийн меттан дошам х1оттийна воккхачу 1илманчас, Кавказан этнографа Петр Карлович Услара. И дошам арахецна 1888-чу шарахь Тифлисехь.  
 — Дуьххьара арахецна нохчийн меттан дошам яздинарг 1илманан белхало А.Г. Мациев ву.
-Нохчийн маттахь арахецна дошамаш х1орш ю:
А. Г. Мациевн «Нохчийн — оьрсийн словарь», 1927 шо, 164 аг1о, 4000 дош;
З.Д. Шериповн «Оьрсийн-нохчийн словарь», 1928 шо, 180 аг1о, 4500 дош;
А.Г. Мациевн, М.Д.Исламовн «Нохчийн меттан терминологически словарь», 1932 шо, 2000 дош;
А.Г. Мациевн «Нохчийн-бацойн словарь», 1933 шо, 4000 дош;
М.Дж. Чентиевн «Оьрсийн-нохчийн словарь», 1940 шо, 140 аг1о, 3500 дош;
Хь.Г. Гугиевн «Орфографически словарь», 1942 шо, 476 аг1о, 8000 дош;
А.Г. Мациевн, З.Д. Джамалхановн «Нохчийн меттан орфографически словарь», 1961 шо, 278 аг1о, 7400 дош;
А. Г. Мациевн «Нохчийн — оьрсийн словарь», 1961 шо, 630 аг1о, 20 000 дош;
А. Г. Мациевн, З.Д. Джамалхановн, И.А. Оздоевн «Нохчийн-г1алг1айн-оьрсийн словарь», 1962 шо, 200 аг1о, 7400 дош;
 И.А. Оздоевн, А. Г. Мациевн, З.Д. Джамалхановн «Г1алг1айн-нохчийн-оьрсийн словарь», 1962 шо, 212 аг1о, 7400 дош;
 К.З. Чокаевн, И.А. Оздоевн «Краткий русско-чеченско-ингушский словарь-справочник общественно-политических терминов», 1961 шо, 109 аг1о, 2500 дош;
 А.Г. Мациевн, И.А. Оздоевн «Оьрсийн-нохчийн-г1алг1айн словарь» («Русско-чеченско-ингушский словарь»), 1966 шо, 576 аг1о, 13 250 дош;
 «Сравнительно-сопоставительный словарь отраслевой лексики нахских языков и диалектов», 1975 шо;
 А.Т. Карасаевн, А.Г. Мациевн «Русско-чеченский словарь», 1978 шо, 40 000 дош;
 Байсултанов Дадашан, Байсултанов Даудан «Нохчийн-оьрсийн фразеологически словарь», 1992 шо, и фразеологически словарь вайн маттахь дуьххьара арахецна; цу т1ехь 2600 фразеологизм ю, аг1о – 320;
 З.Д. Джамалхановн, И.Ю. Алироевн «Нохчийн литературни меттан нийсаяздаран дошам», 1992 шо, аг1о 256, 10 000 дош.  
-Меттан дешнийн хазна ларало ораман (схьадовлаза) дешнаш. Лексикехь коьртаниг дешнийн коьрта хазна ю. Царах кхоллало схьадевлла дешнаш.
-Буьйцучу маттаца йолу дахаран уьйр ч1ог1а  ю. Мотт ца хилча, цхьа 1илма а, говзалла а, я дахаран кхидолу г1уллакхаш а – цхьа х1ума 1ама а лур дацара.
-Цундела ала йиш ю: адамийн дахарехь уггар йоккха хазна вайна саццаза, массо а ханна оьшуш болу мотт ларало.
-Муьлххачу дешан ши аг1о хуьлу:
1) аьзнийн аг1о
2) маь1нийн аг1о
Аьзнийн аг1онгахьара дош дешдакъошка а, къаьст-къаьстинчу аьзнашка а декъало, масала: «коре» —
1) ко-ре 
2) к-о-р-е – цу дешан ши дешдакъа а, диъ аз а ду.
Маь1нийн аг1онгахьара «коре» боху дош маь1на лучу шина декъе (шина морфеме) – ораме а, чаккхене а – декъало:                                                                        
кор-е; кор – орам а, лард а ю, ткъа – е чаккхе ю.
Лард, орам  -кор- х1умаллин маь1на луш ду, ткъа меттигниг дожаран чаккхе  -е меттиг гойтуш, меттиган маь1на луш ю, масала:
Йо1 коре д1ах1оьттира – кор долчу метте д1ах1оьттира бохург ду.
Маь1нин аг1о а шина кепара хуьлу:
лексически маь1нин аг1о а
 грамматически аг1о
Дешан  лексически маь1на цу дешан кхетаман маь1на ду, масала: кор чохь сирла хилийта а, аре (дуьне) гайта дагалаьцна, чохь 1ачу ц1енна доьг1на – иза цу дешан лексически маь1на ду.
Дешан грамматически маь1на ду цу дашна грамматико, грамматически билгалонаша луш дерг, масала: кор – ц1ердош ду, юкъара ц1е ю, цхьаллин терахь ду, 4-г1а класс ю, ц1ерниг дожар, хьалхара легар.
Дешнаш довзийтаран дошама т1ехь дешнийн маь1на герггарчу хьесапехь кху кепара довзийта мегар ду. Хьовсур вай кху лахахь довзийтинчу дешнашка:
Атйокх (ю) – шена бен ца беш, кхечу олхазаран бена чу х1оаш дохкуш а, хьуьнхара зене сагалматаш х1аллакьеш а, ехо, хьаьвзина юткъа з1ок а, коьрта т1ехь жима к1уж а, бероза мас а йолу, бовхачу махка д1адоьдуш долу олхазар (кукушка).
Аьрзу (ю) – хьаьвзина з1ок йолу, акхалла долу, ламанан я аренан нуьцкъала олхазар (орел, беркут).
Х1уттут (ю)  — хьаьвзина еха з1ок а, къорза мас а, коьрта т1ехь боккха к1уж а болу,  «х1ут — тут» бохуш дека б1аьстенан олхазар (удод).
Адамат (ю) – ц1ен бос болу, бууш а, шех томат доккхуш а хуьлу хасстом (помидор) и.д1.кх.
-Меттан дерриг дешнаш девзаш цхьа стаг хуьлуш вац, я хила ца тарло, я хир вац. Стагана дика хаа тарло шен говзаллин (корматаллин) дешнаш. Уьш дерриге девзар дац цхьана стагана. Амма дош довза, дешан пусар дан вайх х1ора а декхарийлахь вую.
Дерзош ала лаьа Шайхи Арсанукаевн дешнашца:
Довха дош аьлла, цхьаъ
Хьаста дог даг1ахь,
Сихлолахь д1аала,
Кханенаш ца йохкуш,
Х1ун хаьа,    
Кхана и дагара далахь,
Я висахь
Т1евахна,
Ала йиш йоцуш…
1одика йойла! Дош довзарехь, дезарехь Дала аьтто бойла!

Close
Яндекс.Метрика