Урок №7. Нохчийн меттан фразеологически карчамаш

-Вайн урок лерина ю «Нохчийн меттан фразеологически карчамаш» ц1е йолчу темина.
-Ша-тайпана башхалла, к1орггера исбаьхьалла йолуш бу вайн къоман нохчийн мотт, ша хууш, безаш буьйцучарна-м х1етта а.
-Меттан говзанчаша, поэташа, иллиалархоша, ненан маттах дош олуш, ойла т1ома йоккху:
Слайд:
Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду.
         Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
         Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.
-Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцарна ницкъ кхаьчна Бисултанов Аптин иштта хаза 1аламан исбаьхьа сурт х1отто.
-Вайн мотт хазбан, къаго, к1орггера исбаьхьаллин суртх1отто г1о до фразеологизмаша а, фразеологически карчамаша а.
-Предложенехь дешнаш маь1ница  вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхетарх, вовшахкхетарх дешнийн цхьаьнакхетар олу.
 -Предложенешкахь дешнийн цхьаьнакхетар шина тайпана хуьлу:
Слайд:
дешнийн парг1ат цхьаьнакхетар (хаза зезаг, к1айн шекар);
дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетар (суждане эхар, ког хецца).
Дешнийн, ч1аг1деллачу цхьаьнакхетарх фразеологически цхьаьнакхетар я фразеологи (я фразеологически карчам) олу, масала:
пет1аматан зезаг, 1аьржа х1орд, б1аьргтохар (хьажар), кортабеттар (дехарш дар).
-Дешнийн фразеологически цхьаьнакхетарийн (карчамийн) цхьадолу тайпанаш къастор вай кхузахь. Уьш кху кепара ду:
Слайд:
1)  цхьаьна марзделла дешнаш (цхьаьна лела 1емина, шарделла дешнаш), масала: кортабеттар (дехарш дар), б1аьргтохар (хьажар).
2) идиомаш (грекийн  дош ду: «башхалла», «шатайпалла» бохург) – шен  дешнийн маь1ница шен маь1на  къасто  йиш йолуш, шатайпанара башхалла йолуш дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетар ду, масала:
 да велла шорта (сов дукха, 1аламат дукха),
 б1аьрга сара кхетча санна (сихвелла чехка хьийзар)
3) х1оттамаш ц1ерш, масала:
Б1аьстенан аренаш хазйинера пет1аматан зезагаша. 
Ц1ерпоштан некъ буьллуш, мало йоцуш, белхаш бира дуккха а наха.
пет1аматан зезагаша,  ц1ерпоштан некъ-х1оттаман ц1ерш ю.
  — Идиомашний, цхьаьна марзделла лелачу дешнийн ч1аг1деллачу(фразеологически) цхьаьнакхетаршний юкъахь, царна юкъа доза тоххал, яккхий башхонаш а яц.
-Х1оттаман ц1ерш кху кепара хуьлу:
Cлайд:
рег1ан дукъ, меран дукъ, берцан ахьар, хьаьжк1ийн ахьар.
-Фразеологически цхьаьнакхетаршна (карчамашна) юкъадог1уш ду халкъан хьекъале дешнаш а, ира аларш.Масала:
Слайд:
Неха динара хотталахь вуссу.
Генара зурма хаза хеза.
Даима лаьтташ хазахетар а, йист йоцуш г1айг1а а хилац.
-1амийнарг т1еч1аг1деш масех масала далор ду вай. Ялийначу предложенешкара схьалаха хьовса ч1аг1делла фразеологически цхьаьнакхетарш.
Кел араиккхина к1ант, ког лаьттах ца кхеташ, воьдура ламанан басенца хьала (Окуев Ш.).
Кхузара цхьанхьа а водийла дацара, б1аьрго ма-лоццу генна д1а яьржинера т1е ло диллина, йист йоцу аре (Сулаев М.).
1-чу предложенехь «ког лаьттах ца кхеташ» фразеологически карчам бу, чехка воьдура  бохучу маь1нехь лелаш.
2-чу предложенехь вайна ши масала карадо фразеологически цхьаьнакхетараллин:                                                                                               
«б1аьрго ма-лоццу» (гена);
«йист йоцу аре» (йоккха, шуьйра)
 -Кхин а цхьа  т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай. Лахахь далийначу дешнашна синонимаш язъе, г1оьнна далийначу дешнех пайда а оьцуш.
Юкъ йихкина — … ;
Са когашка хьаьдда — … ;
Чан кхетта — … ;
Б1окъажор боцуш — … ;
Балди т1е дума хьекха — … ;
Бат стеш диъча ана яра — … ;
Кех ваккха — … .
(1ехор, ледара, араваккхар, етта, кийчча, кхеравалар, майра).
-Нийса жоп иштта хир ду:
Юкъ йихкина — кийчча;
Са когашка хьаьдда — кхеравалар;
Чан кхетта —  ледара;
Б1окъажор боцуш —  майра;
Балди т1е дума хьекха —  1ехор;
Бат стеш диъча сана яра —  етта;
Кех ваккха —  араваккхар.
-Таханлерчу урокехь вай дийцира фразеологически карчамех, церан тайпанех, кепех лаьцна. Со тешаш ю, кхин д1айолчу ханна аша фразеологизмех пайдаоьцург хиларх а, вайн цхьаьнакхетар вовшашна мехала хирг хиларх а.
— Кху т1ехь вешан урок ерзор ю вай.
Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
З1е йоцуш ву. (Сулейманов А.)
-1одика йойла, марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика