Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Дала беркате дойла таханлера вайн цхьаьнакхетар.
Х1ара урок къамелах лаьцна хир ю вайн,ткъа иза, вайна ма-хаъара, дешнех , предложенех лаьтташ ду.
Цундела вайн къоман поэтан Кибиев Мусбекан «Дош» ц1е йолчу байтан мог1анашца йоло лаьа суна х1ара:
Дош доцург дош дац,
Дашал доккха х1ума дац.
Тухий,дашо стаг во дашо,
Тухий,иза дакъазвоккху.
Х1окху байташка ладоьг1ча хаьа вайна дешан ницкъ а, цуьнан мехалла а.
Вайн урокан ц1е: «Ма-дарра а, лач а къамел. Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш» ю.
Тахана вай къасто дезарг нехан къамел ду.
Барта дечу къамелехь я йозанца нехан къамел (кхечо аьлларг) д1аала а, д1адийца а дезаш нисло.Ишттачохь иза нийса дало хаа деза вайна.
Коьртачу декъана, нехан къамел шина кепара хуьлу:
I. Хийццане а ца хуьйцуш,схьадийцинчу юьхьан ц1арца олуш.
II. Форма хийцарца ,нехан къамел далочу кхечу юьхьан ц1арца олуш. Масала:
Сан вашас элира соьга: «Суна хьоьца ван лаьа».
Сан вашас элира соьга, шена соьца ван лаьа, аьлла.
Хьалхарчу предложенехь «Суна хьоьца ван лаьа» ма-дарра къамел ду. Х1унда аьлча, хийццане хийца а ца хуьйцуш, схьадийцинцу юьхьан ц1арца далийна иза.
Шолг1ачу предложенехь шена соьца ван лаьа, аьлла далийнарг лач къамел ду. Иза хийцинчу кепехь далийна нехан къамел ду.
Стенах олу ма-дарра а, лач а къамел толлур ду вай.
Хийццане а ца хуьйцуш, ма-дарра далочу нехан къамелах ма-дарра къамел олу.
Оьрсийн маттахь вай аьлча прямая речь бохург ду иза.
Хийцинчу формехь далочу нехан къамелах лач къамел олу.
Иза оьрсийн маттахь косвенная речь бохург ду.
Ма-дарра къамелаца иза хьенан ду гойтуш долу авторан дешнаш хуьлу.
Вай лакхахь масална ялийнчу предложенехь
«Суна хьоьца ван лаьа» — ма-дарра къамел ду;
сан вашас элира соьга — авторан дешнаш ду.
Цара билгалдоккху вайна и къамел хьенан ду.
Х1инца вай дуьйцур ду ма-даррачу къамелехь хуьлучу сацаран хьаьркех лаьцна.
Ма-дарра къамел хила тарло авторан дешнашна хьалха а,т1ехьа а,юккъехь а.
Цуьнга хьаьжжина хуьлу йозанехь цуьнан билгалдаккхар а.
Вайна хаа еза ма-дарра къамел нийсаяздаран х1ара бакъонаш:
1.Ма-дарра къамел кавычкаш юккъехь а яздо, доккхачу элпаца а доладо.
2.Авторан дешнаш юьххьехь хилахь,царна т1ехьа, ма-дарра къамелана хьалха,ши т1адам буьллу.
Хьехархочо хаьттира соьга: «Деша хаьий хьуна?»
Авторан дешнаш юьххьехь хилча, ма-дарра къамелан чаккхенга дуьллуш долу сацаран хьаьрк цуьнан тайпане хьаьжжина дуьллу.
хаттаран (вопросительное) предложени и елахь хаттаран хьаьрк (?),
дийцаран (повествовательное) предложени елахь-т1адам (.),
айдаран (восклицательное) предложени хилахь — айдаран хьаьрк (!).
Масала:
1. Султана Салмане элира: «Со сарахь хьоьца театре вог1ур ву».
2. Зеламхас, т1е а вахана, шен к1анте хаьттира: «Со ловзуьйтий аша шайца лечкъаргех?»
3. Лаьмнашка хьала б1аьрг тоьхна, элира Ахьмада: «Ма хаза бу-кх вайн Даймохк!»
Хьалхарчу предложенехь ма-дарра къамел ду:
«Со сарахь хьоьца театре вог1ур ву». — иза дийцаран предложени ю, цундела ма-дарра къамел чекхдаьлча, кавычкаш д1а а къовлий, т1адам буьллу вай.
«Со ловзуьйтий аша шайца лечкъаргех?», — ма-дарра къамел
«Ма хаза бу-кх вайн Даймохк!» — ма-дарра къамел.
Уьш хаттаран, айдаран предложенеш ю.
Оцу предложенешкахь кавычкашна чоьхьа дуьллу оьшуш долу хьаьрк.
Ма-дарра къамел юьххьехь долу предложенеш толлур ю вай.
Ма-дарра къамел юьххьехь хилахь, иза кавычкаш юккъехь д1а а яздой, иза дийцаран предложени елахь, запятой а, тире а юьллий, жимачу элпаца авторан дешнаш яздо.
Ма-дарра къамел хаттаран я айдаран предложенеш хиллехь, цуьнан чаккхенга, запятойн метта, дог1уш доллу хаттаран я айдаран хьаьрк дуьллу.
Масала:
1. «Со кхана юьрта г1ур ву», — элира Мохьмада.
2. «Хьуна х1ун хилла, ва Бусана?» — аьлла, Эшарп, шен тегар а дитина, хьалаиккхира.
3. «Дийцахьа, Леча, доьху ас хьоьга!» — элира Хьамзата.
1. «Со кхана юьрта г1ур ву» — ма дарра къамел — дийцаран предложени ю, цундела вай, ма-дарра къамел чекхдаьлча, запятой а, тире а йиллина, жимачу элпаца яздина авторан дешнаш.
2. «Хьуна х1ун хилла, ва Бусана?» — хаттаран предложени ю.
3. «Дийцахьа, Леча, доьху ас хьоьга!» — айдаран предложению.
Церан чаккхенга, запятойн метта, хаттаран, айдаран хьаьркаш х1иттийна вай, т1аккха тире йиллина жимачу элпаца авторан дешнаш яздина.
Ма-дарра къамелана юккъехь хила а тарло авторан дешнаш.
Авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь хилахь, иза шина а аг1орхьа запятойшций, тирешций къастадо.
Масала:
«Шайна луъург дейша,-аьлла, ца ваьлла жоп делира царна Дубас, — со кхузахь х1инца х1усамда вац».
Х1окху предложенехь авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь ду, цундела шина а аг1орхьа запятойций, тиреций билгалдаьккхина иза.
Нагахь кхочушхиллачу предложенешна юккъехь авторан дешнаш нислахь, авторан дешнашна хьалха запятой, тире юьллу, ткъа царна т1ехьа т1адам, тире юьллу.
Масала:
«Ког а толур бу, — элира Адама. — Дукха ма ле, дика дац хьуна».
Ма-дарра къамел авторан дешнашна юккъехь нисдала а тарло.
Нагахь ма-дарра къамел авторан дешнашна юккъехь хилахь, иза шина а аг1орхьа запятойшций, тирешций къастадо.
Масала:
Хаза къастош, — «Пет1амат ю-кх», — аьлла, сихха шен журнал схьа а эцна, ведда ша 1ийначу метте вахара к1ант.
Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш х1иттор суьртан хьесапца гайта тарло:
1. «М», — а .
2. А: «М?»
3. «М, — а, — м».
4. «М, — а. — М».
5. А, — «М», — а.
Кхузахь М — ма-дарра къамел ду, А — авторан дешнаш.
Х1инца шун хаарш толлуш, болх бийр бу вай. Т1еоьшуш долу сацаран хьаьркаш а дохкуш, схьаязъе лахара предложенеш:
1. Ницкъо аьлла: Со ца хилча, адамашка х1умма а далур дацара.
2. Со ца хилча адамашка кхерам юхатохалур бацара, аьлла майралло.
3. Ткъа хьекъало аьлла: Ницкъ а оьшу, майралла а оьшу, амма со ца хилча адамашна г1уллакх нийса лело-м хуур дацара.
1.Ницкъо аьлла: «Со ца хилча, адамашка х1умма а далур дацара».
2.«Со ца хилча адамашка кхерам юхатохалур бацара», — аьлла майралло.
3. Ткъа хьекъало аьлла: «Ницкъ а оьшу, майралла а оьшу, амма со ца хилча адамашна г1уллакх нийса лело-м хуур дацара».
Кху т1ехь чекхйолу вайн таханлера урок.
Урок ерзош, филологин 1илманийн кандидат, доцент волчу Вагапов 1аьрбин дешнаш дало лаьа суна:«Къоман оьздангалла, гIиллакх, истори маттаца ю.
Цул коьртий, онддий, экаме, лардан дезаш цхьаьллиг цхьа хIума дац.
Къоман гIиллакх, гIуллакх цIенчу некъаца дIадолу цуьнан мотт дIабаларца…».
1одика йойла шун! Марша 1ойла!
Аша цу юкъара нийсаниг билгалдаккха деза.
1.Нехан къамел хуьлу :
а ) кхаа кепара;
б) шина кепара;
в) деа кепара,
г) цхьана кепара.
2. Хийццане ца хуьйцуш далочу нехан къамелах олу:
а) оьзда къамел;
б) лач къамел;
в) ма-дарра къамел;
г) ледара къамел.
3. Ма-дарра къамел яздо:
а) доккхачу элпаца скобкаш чохь;
б)жимачу элпаца кавычкаш чохь;
в) доккхачу элпаца кавычкаш чохь;
г) жимачу элпаца скобкаш чохь.
4. «Ванах, Чайра мичахь ду техьа?»- тохавелира воккха стаг.
а)ма – дарра къамел авторан дешнашна хьалха ду. б) ма – дарра къамел авторан дешнашна т1ехьа ду. в) ма – дарра къамел авторан дешнашна юккъехь ду. г) авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь ду.
5.Эх1,ма хаза ду-кх кхузахь дийкира хьаьрсачу йоь1ан аз предложенин схема схьакарае:
а) А: «М». б) А: «М ! » в) «М»,-а. г) «М!»-а.
Жоп: г)«М!»-а.
«Эх1,ма хаза ду-кх кхузахь!»- дийкира хьаьрсачу йоь1ан аз.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала ГУП «Книжни издательство» 2007
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн мотт » II дакъа Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство 1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане грамматика» 5-11кл Соьлжа-г1ала 2012 шо.
5.Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.,
Кечйинарг: А-Хь.Кадыровн ц1арахчу
Дешаран Центран
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Момуева Хеди Даутовна.