Урок №15 Бехкаман т1етуху предложенеш

Маршалла ду шуьга,  хьоме дешархой.
Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.
Дешарх лаьцна цхьа кица ду вайн «Дешар-серло, цадешар- бода» бохуш.
Цунах лаьцна байт кхоьллина ас. Ладог1алаш!
«Дешар – серло»,-  боху халкъо.
Ткъа ца дешахь хир бу бода!
Т1аккха ала соьга аш
Х1ун хоржу аш
Cерло я бода?
Аша серло хаьржина аьлла, хета суна. И серло хилийта вай тахана дика болх бан беза.
Д1аяханчу урокехь шуна евзира 1алашонан т1етуху предложенеш. Карладохур вай цунах лаьцна долу шун  хаарш.
Стенах олу Iалашонан тIетуху предложени?
Коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун Iалашо гойтучух Iалашонан тIетуху предложени олу.
Масала:
Дас шен доьзална хьехарш дора, дахарехь царна оьшур ду-кх бохуш.
1. И муьлха предложени ю?
2.  Коьрта предложени муьлхарг ю?
3. Т1етуху предложени муьлхарг ю?
Чолхе-карара предложени ю.
Дас шен доьзална хьехарш дора ( коьрта предложени ю).
Дахарехь оьшур ду-кх бохуш (Iалашонан т1етуху предложени ю).
Х1инца вай йийцаре йийр ю керла коьчал.
Коьртачу предложени чохь хуьлуш долчун бехкам гойтучух бехкаман т1етуху предложени олу.  Иза коьртачу предложених д1ахутту нагахь я нагахь санна бохучу карарчу хуттурго. Масала:
Нагахь санна ахь хьайн дош лардо-кх, нах хьох тешар бу.
нагахь санна ахь хьайн дош лардо-кх (бехкаман т1етуху предложени ю),
нах хьох тешар бу (коьрта предложени ю)
нагахь санна –бехкаман т1етуху предложени коьртачух д1ахуттуш йолу карара хуттург ю.
Нагахь хьуна новкъа хетахь, кхин д1а  дуьйцур а дац.
кхин д1а дуьйцур а дац (коьрта предложении ю)
нагахь хьуна новкъа хетахь (бехкаман т1етуху предложени ю)
нагахь (бехкаман  карара  хуттург ю).
Нагахь санна  (нагахь) бохучу  карарчу хуттурган меттиг т1етухучу предложенин  юьххьехь ю.
Т1етуху предложении коьрачух д1акъастайо ц1оьмалгаца.
Т1еч1аг1дер вай ваьш дийцаре динарг.
Стенах олу бехкаман т1етуху предложени?
Бехкаман т1етуху предложени олу коьртачу предложени чохь хуьлуш долчун бехкам гойтучух.
Карара муьлха хуттургаш лела бехкаман т1етухучу предложенехь?
Нагахь я нагахь санна боху карара хуттургаш лела.
Лахахь ялийначу  предложенешна  юкъара бехкаман т1етуху предложени шеца йолу чолхе-карара предложенеш а къастош, болх бан   хьовсур ду вай.
Сих а ца луш, кегийра къурдаш а деш, молура воккхачу стага шийла шовда.
Нагахь ахь дитташ шен-шен хенахь кходуш леладо-кх, цара дика стом лур бу.
Кица ду вайн къоман, яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна бохуш.
Нагахь ахь и олий, ас хьоьца доттаг1алла ца леладо.
Сих а ца луш, кегийра къурдаш а деш, молура воккхачу стага шийла шовда.
Нагахь ахь дитташ, шен-шен хенахь кходуш  леладо-кх, цара дика стом лур бу.
Кица ду вайн къоман, яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна бохуш.
Вай тахана урокехь дийцира бехкаман т1етухучу предложенех лаьцна. Коьртачу предложени чохь хуьлуш долчун  бехкам  цара гайтар а довзийти  Уьш коьртачу предложених нагахь я нагахь санна бохучу карарчу  хуттургаша д1ахоттар а девзи.
Дешархой, цу т1ехь вай урок ерзор ю.
Х1ара урок йолалуш йийцинчу серлонехь дахар лойла вайна Дала!
1одика йойла шун, марша 1ойла!
 
Тренажер:
Бехкаман т1етуху предложени коьртачух д1ахуттуш лела карара хуттургаш билгалъяха.
1.а) аьлла, бохуш
   б) амма, делахь а
   в) а, я,
   г) нагахь, нагахь санна
Нийса жоп иштта хир ду.
2.а) аьлла, бохуш
  б) амма, делахь а
  в) а, я,
  г) нагахь, нагахь санна
Дешнаш т1ехь болх:
эппаза – 20 кепек (20 копеек)
туьма – 10 сом (10 рублей)
Ц1ахь бан болх.
1амае бакъо.
«Орга» журнала т1ера деша муьлхха а цхьа дийцар. Схьаязъе цу юкъара бехкаман т1етуху предложенеш шайца йолу чолхе-карара предложенеш.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт 8-9 класс». Грозный, ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013
А. Исмаилов «Дош», Соьлжа-г1ала-2005 шо.
Джамбеков Ш.А., «Нохчийн фольклор». Грозный, «Книга», 1990.

Close
Яндекс.Метрика