Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Вайн рог1ерчу урокан тема ю «Хенан т1етуху предложени»
Тахана вайна евзар ю латтамийн т1етухучу предложенин цхьа кеп-хенан т1етуху предложени. Иштта цуьнан хаттарш а, коьртачух уьш муьлхачу хуттурган дешнаша хутту а, девзар ду.
Яханчу урокехь вай дийцира къастаман т1етухучу предложених лаьцна.
Коьртачу предложенера ц1ердош я цуьнан маь1нехь долу кхин дош билгалден предложени къастаман т1етуху предложени ю, муха? муьлха? бохучу хаттаршна жоп а ло цара.
Къастаман предложенеш коьртачух д1ахутту бохуш, аьлла бохучу хуттургаша.
Ткъа латтамийн т1етухучу предложенийн шайн башхалла ю.
Уьш маь1ница цхьаъ ю изза ц1ерш йолчу латтамашца — предложенин меженашца . Латтамийн т1етуху предложенеш коьртачу предложенеш чохь хуьлуш долчун хан, бахьана , 1алашо, сурт, бехкам гайтарца цхьаьна шайна чохь коьрта меженаш а, дозаран г1ирс а болуш ю.
Латтамийн т1етуху предложенеш екъало х1окху тайпанашка:
хенан, даран-суьртан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман т1етухучу предложенешка.
маца? мича хенахь? бохучу хаттаршна жоп а луш, коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун хан а гойтуш йолчу т1етухучу предложенех хенан т1етуху предложенеш олу.
Коьртачех уьш д1ахутту мел, мосазза бохучу хуттурган дешнаша.Масала:
Хьехархочо кечам мел бойту, шена нохчийн мотт караберзо г1ертара йо1.
шена нохчийн мотт караберзо г1ертара йо1- (коьрта предложени ю) караберзо г1ертара -маца?маццалц?— хьехархочо кечам мел бойту- (хенан т1етуху предложени ю) мел –хуттурган дош ду.
Дийнна раьг1наш х1уьттура, 1аьржачу х1ордо букъ моссаза саттабо.
дийнна раьг1наш х1уьттура-(коьрта предложени)
х1уьттура – маца? мича хенахь?
1аьржачу х1ордо букъ мосазза саттабо (хенан т1етуху предложени ю)
коьртачух д1ахутту мосазза бохучу хуттурго.
Коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуьлу хенан т1етуху предложени.
Шайна чохь хенан латтамаш болуш, цхьалхе предложенеш а хуьлу ,масала:
Заза даьккхинчул т1аьхьа, г1а доккхуш дара 1ежийн,кхорийн дитташ.
г1а доккхуш дара маца? заза даьккхинчул т1аьхьа(хенан латтам бу)
1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай т1етухучу
предложенин тайпанаш билгал а дохуш.
Ша суьйранна балхара ц1а мосазза вог1у а, хьалха нана йолчу воьдура к1ант.
хьалха нана йолчу воьдура к1ант (маца? мича хенахь?)
ша суьйранна балхара ц1а мосазза вог1у а (хенан т1етуху предложени ю) мосазза –хуттурган дош ду
Даймахках лаьцна цо мел дуьйцу а, ца к1ордош ладоьг1ура воккхачу стага.
ца к1ордош ладоьг1ура воккхачу стага (маца?)
Даймахках лаьцна цо мел дуьйцу а (хенан т1етуху предложени ю)
мел-хуттурган дош ду.
Кица ду вай нохчийн, дитт орамаша латтадо, стаг уьйраша латтаво бохуш.
кица ду вай нохчийн (муха кица?)
дитт орамаша латтадо, стаг уьйраша латтаво бохуш (къастаман т1етуху предложени ю)
бохуш – хуттург ю.
Ахьмаде лулахочо х1инцца дийцинера, шайн юьрта жима лор яийтина аьлла.
Ахьмаде лулахочо х1инцца дийцинера (дийцинера х1ун?)
шайн юьрта жима лор яийтина аьлла. (кхачаман т1етуху предложени ю ) аьлла — хуттург ю.
Х1инца вай шуьга цхьа т1едиллар кхочуш дойтур ду, чолхе — карарчу предложенешкара хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а билгалдаха хьовса:
Шаьш мел деха, цкъа а диц ма делаш, шаьш кху хийрачу махкахь лайнарш.
Х1оранна а шена дика хуур ду, могушалла муха ларъян еза.
Шен к1ант ц1акхаьчна аьлла, кхаъ хезна, сихъелла йог1ура иза, дуьхьалвог1ург а ца гуш.
Цхьа кица ду, гома дечиг хино а ца хьо гена д1а бохуш.
Ша лаьмнашка мосазза ваха а, гена д1а хазачу 1аламе б1аьрг бетта х1уттура иза.
Суна хиира , дада ц1а маца вог1ур ву.
Нийса жоп иштта хир ду
хуттургаш: бохуш, аьлла
хуттургийн дешнаш: мел, муха, мосазза, маца.
Тахана вайна евзи латтамийн т1етухучу предложенин цхьа кеп-хенан т1етуху предложени, иштта цуьнан хаттарш а, коьртачух уьш муьлхачу хуттурган дешнаша хутту а, девзи.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю
1одика йойла шун, марша 1ойла.