Х1окху урокехь вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженах лаьцна.
Цкъа хьалха 1амийнарг карладаккха хьовсур ду вай.
1.Стенах олу предложени?
2.Шен аларан 1алашоне хьаьжжина маса тайпана хуьлу предложенеш?
3.Муьлхачу предложених олу дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложени?
Кхочуш хилла яьлла ойла гойтучу декъах предложени олу.
Предложенеш, д1ааларан эшаре хьаьжжина, дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран хуьлу.
Шегахь дийцар долчух дийцаран предложени олу.
Предложенин чаккхенгахь т1адам буьллу.
Масала:
Цхьана дийнахь дас шен к1антана хьехар дира.(х1ара предложени дийцаран ю)
Шегахь хаттар долчух хаттаран предложени олу.
Предложенин чаккхенгахь хаттаран хьаьрк дуьллу.
Масала:
Говр мичахь ю хьан?(предложени хаттаран ю)
Шегахь айдар долчух айдаран предложени олу.
Айдаран предложени айдаран эшарца олу, ткъа цуьнан чаккхенгахь айдаран хьаьрк дуьллу.
Масала:
Мел хаза ду тахана де!(х1ара предложени айдаран ю)
Т1едиллар, т1едожор, дехар гойтучу предложених т1едожоран предложени олу.
Т1едожоран предложени парг1атчу эшарца алахь, цуьнан чаккхенга т1адам буьллу, нагахь иза т1ечевхаш, мохь тоьхна ч1ог1ачу эшарца алахь, цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу.
Масала:
Чоь ма шелъе, д1ач1аг1а не1.
Воккхастаг, оьг1аз а вахана, мохь тоьхна, т1ечевхира: «К1ант, чоь ма шелъе, т1еч1аг1а не1!»
(и ши предложени т1едожоран, т1едилларан ю, аларе хьаьжжина предложенин чаккхенга т1адам я айдаран хьаьрк дуьллу)
Х1инца вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженах а, церан нийсаязъяраха лаьцна.
Муьлхачу меженех олу цхьанатайпанара меженаш?
Цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а йолчу предложенин меженех цхьанатайпанара меженаш олу.Масала:
Ц1оькъалом хуьлуш долу меттигаш: ламанан даккъаш, 1аннаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш. Чанах лаьцна дукха ду дийца — туьйранаш а, кицанаш а
1-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: ламанан даккъаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш.
2-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: туьйранаш, кицанаш.
Цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло.
Предложенин цхьанатайпанарчу меженашна юккъе ц1оьмалг (запятая) юьллу.
1амийнарг т1еч1аг1деш толлур ю вай предложенеш.
Цхьанатайпанара меженаш билгалъяха хьовса, оьшучохь ц1оьмалгаш яхка.
Дика йо1 дика к1ант мехкан дозалла ду.
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а книгаш а.
Бацалахь хаза гора ц1ен а сийна а можа а зезагаш.
Нийса таллам бар иштта хир ду.
Дика йо1, дика к1ант мехкан дозалла ду. (кху предложенехь дика йо1, дика к1ант цхьанатайпанара меженаш ю, цара муха? бохучу хаттарна жоп ло)
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а, книгаш а. ( кху предложенехькъоламаш, книгашцхьанатайпанара меженаш ю, цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло
Х1окху урокехь вайна девзира предложенин тайпанаш, уьш аларе хьаьжжина дийцаран а, хаттаран а, айдаран а, т1едожоран а хуьлу. Иштта вайна евзи цхьанатайпанара меженаш а, цаьргахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.
Урокан тест.
1.Муьлхачу предложенех олу чолхе предложени?
А) шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчух
Б) шена чохь хуттургаш йолчух
В)шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух
2.Стенах олу цитата?
А) хийца а ца хуьйцуш ма – дарра далочу нехан къамелах
Б) хийцинчу формехь далочу нехан къамелах
В)тайп – тайпанчу авторийн сочиненешна т1ера ма – дарра далочу дакъойх
3. Стенах олу т1едерзар?
А) дуьйцучо шен хаамна мах хадо далочу дешнех
Б) х1ума цхьана аг1ор билгалъечу къастамах
В) хьаьнга я стенна т1едерзийна деш ду къамел гойтучу дашах (я масех дашах)
4. Муьлхачу меженех олу цхьанатайпанара меженаш?
А) кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь йолчу предложенех
Б) коьрта я коьртаза меженаш эшош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложенех
в) вовшашна юкъахь цхьаьнахкетаран уьйр йолчу дешнех
5. Муьлхачу предложених олу юьхьза предложенеш?
А) подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених
Б) шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених
В )подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених
Урокан тренажор.
Х1окху предложенеш юкъара билгалъяха ц1еран предложенеш.
А) Х1инца шелъяла йоьлла.
Б) Арахь хаза ю.
В) Тийна буьйса.
Муьлха къамел ду кху предложенехь?
Зеламхас, т1е а вахана, шен к1анте хаьттира: «Со ловзуьйтий аша шайца лечкъаргех?»
А) т1едерзар
Б) лач къамел
В) ма- дарра къамел
3.масех маь1на долу дешнаш къастаде.
А) ц1азам, г1аш, т1ай, хьстам, бел, нека
Б) етт, шура, кхайкхам, къийсам, юьхь, экъа
В) ов, дин, мотт, нег1ар, б1аьрг, не1
4.Схьакъастае архаизмаш
А) пурстоп, жоьккеш, сардал, б1аьхо, таллархо, иччархо
Б) эссе, рефлекси, синквейн, кластер, кейс технологи
В) шонк, кхиэлахо, чийрак, талмаж, мимпес,отту.
5.Схьакъастаде дуьхьал маь1на долу дешнаш
А) ча, газа, тептар, раг1, анапал, чийлик
Б) хьехам, хьехар, хьехамча, хьехархо
В) лекха, лоха, доттаг1, мостаг1, дешар, яздар, да, нана, йиша, ваша.