Вайн урокан тема ю: Юкъадало дешнаш а, предложенеш а.
-Вай тахана дуьйцур ду, х1ора дийнахь къамелехь юкъадалош долчу башхачу дешнех а, предложенех а лаьцна.
Урокан 1алашо: юкъадалочу дешнех а, предложенех а лаьцна кхетам балар.
Шуна дагадог1ий уьш? Схьагарехь, со тешна ву, шуна уьш хууш хиларх.
Дуьйцуш волчо шен ойланца йолу юкъаметтиг билгалъеш далош долу дешнаш. Масала:
Хьамзат, схьахетарехь, юьрта вахана
Гур хьуна, оха толам муха боккху.
Бакъдерг аьлча, и совг1ат тхуна дог1ура.
Оьрсийн а, нохчийн а меттан юкъадалочу дешнийн гергара маь1на ду.
Дуьйцуш волчо шен хаамна мах хадо далочу дешнех юкъадало дешнаш олу.
Масала:
Ша ма-аллара, хьехархойн институте деша вахара иза.
Схьахетарехь, вай дикачу г1уллакхна арадевлла хир ду-кх! Ислам, тешна а, ишколе вахана.
Предложенехь хила тарло юкъаяло предложенеш, церан юкъадалочу дешнийн долу маь1наш ду.
-Юкъаяло предложенеш сихо олу, йозанца запятойшца билгалйоху. Масала:
Суна хетарехь , иза иштта дара.
-Юкъаяло предложенеш кхин а совнаха кхетам, хаарш луш елахь, уьш йозанца къовларшца, ткъа наггахь тирешца билгалйоху. Масала:
Ши белхало — царах жимахволчун вуьрх1итта шо дара — стоьла т1ехь шахматех ловзуш 1ара.
Суна дагадог1у (иза дара 2014 шарахь) тхан классо хьалхара меттиг яьккхира.
-Юкъадалочу дешнийн тайп-тайпана маь1наш хуьлу:
хаам хьаьнгара хуьлу гойтуш;
дуьйцучух тешна хилар я тешна цахилар;
стеган ойланийн рог1алла гойтуш;
шена хетаршца бина хаам а, дуьйцучун тидам а т1ебахийтар. Масала:
Вайна ма-гарра, дика г1уллакх ду вай арадаьккхинарг.
Шеко йоццуш, толам Хьасанна бог1ура.
Валид оьг1аз ца вахара, цкъа делахь, цунна хаьара, Ислам бакълуьйш хилар.
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Х1окху предложенешкара билгалдаха юкъадало дешнаш.
Доцца аьлча, дерриг карладелира, дицделларг дагадеара.
Хьуна ма-хаъара, кху т1аьххьарчу ткъех дийнахь со ц1ахь вацара.
Ша ваьлла вахар, бах, и гуьржийн жима к1ант хьолана ц1е яхана цхьа эла ва волчу.
Суна, бакъдерг аьлча, со йинчу юьртахь яха а 1ан а луур дара.
Ахь дийцарехь, беркат долуш меттиг ю-кх иза.
-Ялийнчу предложенешкахь юкъадало дешнаш х1орш ду:
-Доцца аьлча, хьуна ма-хаъара,бах, бакъдерг аьлча, ахь дийцарехь.
-Х1окху урокехь вайна девзи юкьадало дешнаш а, предложенеш а.
-Уьш йозанца билгальяха а (запятойца, къовларшца, тирешца).
Таханлера вешан урок ерзор ю вай х1окху дешнашца:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш 1алаш бахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А.Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-6класс» Грозный ГУ» Книжное издательство 2011 шо»
2. «Нохчийн фольклор Грозный» Книга»-1990.
3.Джамалханов З.Д. Вагапова Т.М. Эсхаджиев Я.У»Нохийн мотт 8-9 чуй классашна»
4. Нохчийн республикан яздархойн союз» Нохчийн поэзии 2-г1а том» Соьлжа-Г1ала 2011 шо.