Де дика хуьлда  шун,хьоме  дешархой.
Нохчийн  мотт 1аморехь сов дохийла шу.
Вайн  дайшна ма-беззара ненан мотт беза а, цуьнан лерам бан а,доьналлех ма дохийла вай.
Хир йолчу т1аьхьене, вай дайша санна, д1акховдо   маттах, Даймахках, г1иллакх-оьздангаллах   ма хедийла вай!
Х1окху  урокехь дуьйцур ду т1едерзарх лаьцна. 
Предложенехь хила тарло предложеница цхьа а тайпа уьйр йоцу а,шайх предложенин меженаш ца хуьлуш а долу дешнаш.Уьш ду:
т1едерзар,юкъадало дешнаш , айдардешнаш.
х1аъ, х1ан-х1а дешнаш-предложенеш,
Къамел хьаьнга я стенна т1едерзийна деш ду гойтучу дашах т1едерзар олу.
Масала:
Доттаг1а, варийлахь,
Цунах ма херлолахь,…
Ткъа ахь, Мокхаз, доцург кхин ма  леха.
Ц1е х1ун ю хьан, к1ужалш?
Г1а-буц, хьо яхалахь дуьненан малхехь!
Доттаг1а, Мокхаз,к1ужалш, г1а-буц — т1едерзарш ду,уьш лаьтта предложенешна юьххьехь а,юккъехь  а,чаккхенгахь а.
Т1ердерзар  хуьлу цхьана я масех дашах лаьтташ  (даьржина а,даржаза а).
Масала:
Шу марша дог1ийла, х1ай юьртан  тхьамданаш!
Ма хаза ю-кххьо, шера тог1е
Хьайн бай т1е зезаг даьлча,..                         
                                                                                (1.Мамамакаев.)
Даймохк, хьох къаьстича,
Вахар а оьшуш дац,…
                                                                     (Ш. Арсанукаев.)  
К1ант,сайна дина диканиг а,вониг а дицлур долуш  яц со. Шена дина дика а, вон а хуушхила веза.К1ант,1одика йолда хьан,-аьлла,д1аяхана борз.
Нийса жоп:
Х1ай юьртан тхьамданаш, шера  тог1е-даьржина т1едерзар ду.
Даймохк,к1ант-даржаза т1едерзар ду
Шеца дозуш кхеторан дешнаш долчу т1едерзарх даьржина т1едерзар олу.
Цхьана дашах лаьттачух даржаза т1едерзар олу.
Т1едерзар предложенин  меже хуьлий ца лела.
Масала:
Накъостий,вежараллин барт болуш хила деза вай.
Хила деза-сказуеми,
вай-подлежащи,
вежараллин барт болуш-даран-суьртан латтам,
(накъостий-т1едерзар ду –изапредложенин меже яц,цуьнан  цхьана а дашца грамматически уьйр ца хуьлу).
Т1едерзар предложенин юьххьехь делахь, цунна т1ехьа запятой юьллу, юккъехь хилахь шина а аг1ор запятой  юьллу,чаккхенгахь хилахь запятой т1едерзарна хьалха юьллу..
Т1едерзар къаьсттина ч1ог1а олуш хилахь,цунна т1ехьа айдаран хьаьрк дуьллу, ткъа айдаран хьаьркал т1аьхьа йоза доккхачу элпаца доладо. Предложенин  чаккхенга  сацаран хьаьрк х1оттадо цуьнан  тайпане хьаьжжина.
Масала:
Лаьмнаш! Массо а аг1ор схьагуш дерг хьан деган хьоме Даймехкан   лаьмнаш ду….
Девзаний хьуна,доттаг1, Даймехкан некъаш?
Тергалъелаш,адамаш, х1ара шайн хаза хьаннаш!
Йоккха стаг,к1ант ма вара хьан, и стенга вахана  хьан?
1айнди! Безам буьйцуш цхьа хаза  йиш лакхахьа тхойшинна.
Ма хаза ю-кха хьо,сан хьоме Нохчийчоь!
Билгалдаккхар:  Цхьадолу айдардешнаш- ва,х1ай,ой-  йозанехь цхьана а хьаьркаца а йозанехь т1едерзарх  ца къастадо. Масала:
Х1ай сан дин, хьуна  бу хастам сох хьукма  ца дарна херехь.                                 
Ва сан нана, к1ад-х  ца йин хьо дарцо бечу  узамо,иллеш дохуш,тхьовса-х ца йин  хьо хьайн карарчу  урчакхо?
Т1едерзар ц1ердашах, лаамечу билгалдашах, причастих,причастин карчамах,ц1ерметдашах, терахьдашах кхолладелла хуьлу. Масала:
Кхета со ,диканиг,харцо ю иза.(диканиг-лааме билгадош)
Новкъабохурш, вагонаш  чуьра  арадовла, поезд д1айолалуш ю.(новкъабохурш-причасти)
Шолг1аниг,ахь д1аязъе берийн ц1ераш.(шолг1аниг-терахьдош)
Сан Даймохк! Сан нана!Шул  хьоме х1ума дац.(т1едерзарца цхьаьна дукха нисло —сан-боху  ц1ерметдош).
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай.
Оьшуш долу хьаьркаш а х1иттош, т1едерзар билгал а доккхуш, д1аязъе ялийна предложенеш:
Ой сацахьа ва Пису
Бераш  марша г1ойла шу
Диканиг  хьажал корах ара.
Ва нана  хьо ю-кх даима а саготта.
Х1ун бахьана ду Зарган хьо ца йог1уш йисаран
Х1ун бакъахьа лору ахь  ворх1 вешин йиша
Т1едиллар нийса иштта хир ду:
Ой,сацахьа, ва Пису!
Бераш, марша г1ойла шу!
Диканиг, хьажал корах ара.
Ва нана, хьо ю-кх даима а саготта.
Х1ун бахьана ду, Зарган,хьо ца йог1уш йисаран?
Х1ун бакъахьа лору ахь, ворх1 вешин йиша?
Ва Пису,бераш, диканиг,ва нана, Зарган,ворх1 вешин йиша-т1едерзарш ду.
Тахана вайна девзи т1едерзар стенах олу а,даьржина а, даржаза а хилар, т1едерзар муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало а,т1едерзарехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш а евзи.
Кху т1ехь вайн урок ерзор ю.
1одика йойла шун, марша 1ойла шу.
Пайдаэцна литература:
1.З.Д.Джамалханов,Я.У.Эсхаджиев. Нохчийнмотт 7-8 классашна. Грозный. Нохч-Г1алг1айн издательство 1985 шо.
2.Эдилов С.Э. Нохчийнметтансинтаксисан практикум. Соьлжа-Г1ала.Издательство «Арфа-Пресс»2011 шо.
3.З.Д.Джамалханов,М.Ю.Мачигов.Нохчийн мотт. 2-г1а дакъа. Синтаксис педучилищанстуденташна .Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1973                
4.Мациев А.Г.Чеченско-русский словарь. Государственное издательство иностранных и национальных словарей. Москва-1961
5.Р.Ахматовн,Б.Саидовн,Ш.Арсанукаевн,М.Мамакаев, А.Мамакаевн,М.Ясаевн, кхечунохчийняздархойнпроизведенеш.   

Close
Яндекс.Метрика