Урок №39 Ц1еран предложенеш

Де дика хуьлда шун,хьоме дешархой!
Тахана вай дуьйцур ду цхьалхечу предложенин кепах йолчу   ц1еран предложених.
Цкъа хьалха карлайохур ю вай яханчу урокашкахь 1амийна кепаш,
толлур ду шун хаарш:
Собардехьа,сихмалохьа. Бакъдерг дийцахьа  тхуна.
(х1орш билгала-юьхьан  предложенеш ю).
Цу предложенешкахь сказуемино билгалдо подлежащи, и подлежащеш  сказуемех д1аийна– ахь, хьо).
Сарахь урамновкъахь б1ог1амаш т1ера стогарш латийра. (х1ара билгалза-юьхьан предложени ю).
(оцу предложенехь коьртаниг  х1уманан дар ду, кхочушдийриг билгалза вуьсу).
Ма лаха бахам, лаха 1илма.
(х1ара юкъара-юьхьан предложени ю,кхузахь дуьйцу дар кхочушдийриг юкъарчу маь1нехь милла а хила тарлуш хилар ду).
Садовш дара.
Юьртахь тийна а,1аьржа а ду.(х1ара предложени юьхьза ю,кхузахь подлежащи дац я хила оьшуш а дац).
Х1инца хьовсур ду вай стенах олу ц1еран предложени:
Миска мархаш! Доггах йоьлху-
Б1аьрхиш лаьтта 1енадо.
Машар,машар,машар!
Гутаренна машар!
Подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу.
Масала:
Аьхкенан тов.Йоца буьйсанаш.Исбаьхьа 1алам.
Ц1еран предложенехь, х1уманан ц1е яккхар бен  , кхид1а цунах лаьцна х1умма а ца дуьйцу,ц1еран предложенеш хила тарло яржаза а , яьржина а. Масала:
Буьйса.1алам. Аьхке.(яржаза  ц1еран предложенеш).
Къегина малх. Бецан баьццара куз.(яьржина ц1еран предложенеш).
Ц1еран предложениш  къаьстинчу эшарехь олу,х1унда аьлча, кхид1а х1умма а ца дуьйцуш, сацош, чекхйолуьйту уьш.
Подлежащи лаьтта ц1ерниг дожарехь.Ц1еран предложенех пайдаоьцу дукхахьолахь исбаьхьаллин литературехь,газетийн,журналийн очеркашкахь,статьяшкахь.
1амийнарг т1еч1аг1деш иштта т1едиллар кхочушде вай.
Лахахьялийнчубайташкара ц1еран предложенешсхьалаха. Дийца, х1ун маь1на долуш ялийна уьш поэташа шайн байташкахь.
Буьйса.
И арешца,тийна…
Тутмакхойх висна исс,
Чевнаша г1елвина.
                               (М. Мамакаев)
Делкъе.Сийна
Хьунтапъаьлла
Тийна.
Зарзар.Гаьн т1ехь
Набозийна,
Тийна.
Тийналла.Сийна,
Ала-стенан
Ойлаеш хьо
Тийна?
                               (Ш. Арсанукаев)
Сирладе.Сийна де.
Маьлханцхьа де,
1аламо б1аьрг боьллу
1уьйре.
Б1аьстено жил-1алам
Хьадина де-
Кхойкхуцо 1аламца
1уьйре.
(Ш.Арсанукаев)
Нийсажоп.
Слайд:
Буьйса. (ц1еран предложени ю).
Мамакаев Мохьмада гойту цу предложеница чевнаша  г1елвина  исс тутмакх буьйсанца висар-цхьалха, г1о доцуш бисар, церан декъаза, бехкбоцу дахаран  дакъа.
Тутмакх-набахти чу воьллина стаг,(арестант).
Делкъе.Зарзар.Тийналла. (ц1еран предложенеш ю,шайна чохь ц1ерниг дожарехь подлежащи а долуш).
Арсанукаев Шайхис ц1еран предложенешца гойту аьхкенан делкъахь йовхо, тов совъяларна,де деха хиларна ,хьун,олхазарш, дийнаташ, адамаш д1атоь,садо1у.Оцу хенахь тийналла х1утту ярташкахь а,1аламехь а.
Зарзар — хаза эшарш лоькху олхазар,(соловей).
Сирла де. Сийна де.Маьлхан цхьа де,… (яьржина ц1еран предложенеш ю).
Х1окху ц1еран предложенеша ц1енна сурт х1оттадо-б1аьстенан. Поэта  ялийнчу эпитето «сийна» гойту юьйцуш ерг сатийсина б1аьсте хилар. «Сирла,сийна,маьлханцхьа де» ц1еран предложенеша гойту х1ун хийцамаш бо б1аьстено 1аламца а,цхьашатайпа б1аьстенан йовхо а,ю дахаран хазалла хьодуьйту йоьшучуьнга а.
Жил-1алам-(живая природа). 
Лахахь ялийнчу предложенешка хьовсур ду вай,
муьлхачу тексто гойту билггала долу сурт ма-дарра
1.Делкъе яра.Къеггина кхетта малх бара.Тхуна хьалха яра ирзонан майда.Когаш к1елахь баьццарчу бецан куз бара.Гонаха гуш дара тайп-тайпана диттийн пенаш.
2.Делкъе. Къегина малх. Хьуьнхара ирзо. Бецан баьццара куз. Диттийн пенаш.
Нийсажоп.
Шолг1а текст ц1еран предложенех лаьтта.Цо билггала къегина сурт кхуллу.
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш,кхин цхьа болх бийр бу вай, лахахь ялийнчу цхьалхечу предложенийн кепаш билгал а йохуш.
Дукхадезаро к1езиг долчух ваьккхина.
Шийла буьйса.
Дийцахьа суна бакъдерг.
Дешархоша дика доьшу.
Арахь йохъелла.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду:
Дукха дезаро к1езиг долчух ваьккхина.(юкъара-юьхьан предложени).
Шийла буьйса.(ц1еран предложени)
Алахьа соь, шовда, х1ун дайна дека хьо?(билгала-юьхьан предложени)
Дешархоша дика доьшу. (юьхьан предложени)
Арахь йохъелла.(юьхьза предложени)
Вай шуьца 1амийра,теллира ц1еран предложенеш;
девзира керла дешнаш,дешнийн цхьанакхетарш.
Хьоме дешархой ,шайн ненан мотт 1амо, бийца, талла аьтту хуьлда  шун.
Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай, 1одика йойла,марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика