Урок №34 Цхьалхечу предложенин кепаш: цхьанах1оттаман,шина х1оттаман

Де дика хуьлда шун ,маршалла ду шуьга.
Рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду  цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенех лаьцна.
Х1ора предложени шен маь1ница а, башхаллашца а тайп-тайпана хуьлу.  Дийцаран, айдаран. хаттаран.Предложенин коьрта ойла гойту коьртачу  меженаша сказуемино,подлежащино .
Шена чохь подлежащий,сказуемий-шиъ коьрта меже йолчу предложених шинах1оттаман предложени олу.
Масала:
Мохьмада школехь дика доьшу.
Х1ун до?  доьшу-сказуеми
доьшу хьан?Мохьмада-подлежащи.
Предложени шинах1оттаман ю(двусоставное).
Шена чохь подлежащих,сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених цхьанах1оттаман предложени олу.
Масала:
1уьйре. 1уьйре –подлежащи ду
Сарахь шелъелира.
шелъелира  сказуеми (предложени цхьанах1оттаман ю, х1унда аьлча, цхьаъ бен коьрта меже яц)(односоставное).
1амийнарг  т1еч1аг1деш,  текста т1ехь иштта  болх бийр бу вай цхьанах1оттаман а,шинах1оттаман а предложенеш билгалйохуш.
Бенос ладуьйг1ира.Цунна цхьанхьара    схьахезира  1адхьокхучу пондаран дукха хаза, дукха исбаьхьа аз.Дагаяьхкинчу ойланаша  хилларг дицдира Бенона. Бено книжка еша волавелира. Суьйре тийна яра  . Лекхачу стиглахь шийла схьакхетта къегина  бутт  юккъе баханера. Майрбек сихха аравелира.Арахь шелъеллера. Ц1а чохь йовха яра.
Нийса жоп иштта хир ду:
Бенос ладуьйг1ира. (шинах1оттаман) Цунна цхьанхьара схьахезира  1адхьокхучу пондаран дукха хаза, дукха исбаьхьа аз. (шинах1оттаман) Дагаяьхкинчу ойланаша  хилларг дицдина Бенона. (шинах1оттаман) Бено книжка еша волавелира. (шинах1оттаман) Суьйре тийна яра. (шинах1оттаман) Лекхачу стиглахь  схьакхетта къегина  бутт  юккъе баханера. (шинах1оттаман) Майрбек сихха аравелира.(шинах1оттаман) Арахь шелъеллера. (цхьанах1оттаман) Ц1а чохь йовха яра.(цхьанах1оттаман)
Кицанашкахь билгалъяха хьовсий вай ЦХЬАНАХ1ОТТАМАН, ШИНАХ1ОТТАМАН предлжешнеш:
Барзана бага п1елг ца буьллу.
Нехан динара хотталахь вуссу.
Охуш аьлларг оруш карийна.
Х1ара кицанаш  шайна чохь подлежащи доцуш ду, цундела вай царех цхьанах1оттаман предложенеш эр ду.
Х1инца далор ду  вай шинах1оттаман предложенех лаьтташ долу  кицанаш.
Туьран чов йирзина, матто йинарг йирзина яц
Тахана харцдерг дийцинчух  кхана цхьа  а тешар вац.
Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина.
Тахана  вайн таро хили цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш йовза.
Ц1ахь цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш юкъа а ялош, 1аламах лаьцна  сочинени язъян хьовса.
Цу т1ехь  вай урок ерзор ю, т1ейог1учу урокашкахь шу кхиамаш  совбохуш болх бийр бу вай.    
1одика йойла шун, марша 1ойла.
ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА:
Джамалханов З.Д. Вагапова Т.М. Эсхаджиев Я.У. Нохчийн мотт8-9 класс –Грозный: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс Грозненский рабочий» 2013
ЭдиловС.Э.»Самукъане грамматика» 5-11 классашна .Соьлжа г1ала 2012 шо
Исмаилов А «ДОш Соьлжа –г1ала 2005 шо.
Мациев А.Г «Чеченско-русский словарь» Соьлжа –г1алаФГУПК «ИПК» Грозненский рабочий   201о шо

Close
Яндекс.Метрика