Урок №33 Хенан а меттиган а латтамийн дурсаш

Лаар-кх самукъане тача шун яххьаш т1ехь а долуш,урок д1аяхьа.Дала вайна белла нохчийн мотт 1амо,  бийца,  хьекъал , кхетам а лойла вайна.
Х1ора предложенин меженаш шайн маь1ница а,билгалонашца а, башхаллашца  а тайп-тайпана хуьлу. Уьш хуьлу предложенех шакъаьстина маь1на долуш.Дагадоуьйтур ду вай 1амийначу шакъаьстинчу меженех лаьцна.Шакъаьстина юххедиллар, шакъаьстина латтамаш. Шакъаьстинчу латтамех  лоруш ду  вай тахана 1амор долу латтаман дурс  а.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хенан а, меттиган а латтамийн дурсех лаьцна.
Вайн урокан 1алашо ю, дурс боху дош шуна юххера довзийта а,цо предложенехь деш долу г1уллакх довзийта а. Слайд:
Дурс 1арбийн дош ду, вайн маттахь иза билгалдалар, оьрсийн маттахь аьлча — уточнение.
Шел хьалхарчу латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу латтамах латтаман дурс олу. Предложенехь латтаман дурс запятойшца къастадо.
Предложенехь хенан латтаман маь1на дуьззина нийса билгалдечу дешнех хенан латтаман дурс олу
Масала:
Селхана, пхоьалг1ачу апрелехь, тхо экскурсе дахара.
Кхузахь вайна билгалдолу селхана аьлла дитинехь, билггала муьлхачу дийнахь  уьш бахана хуург цахилар.Цундела иза терахьца билгалдаьккина.
Шел хьалхарчу меттиган латтаман  маь1на  дуьззина нийса билгалдечу латтамах меттиган латтаман дурс олу.
Масала:
Шайн х1усамехь, дечиган маьнги т1е биллинчу меттахь,1уьллуш яра Марижа.
Бераш, х1инца  и шайн х1усамехь боху дешнийн  цхьаьнакхетар юкъара д1а даккхий еший вай и предложени.Дечиган маьнги т1е биллинчу меттахь1уьллуш яра Марижа. Х1инца х1ун хили цунах?
Х1инца цунах меттиган латтам хили.
1амийнарг  т1еч1аг1деш, оьшучу метте сацаран хьаьркаш х1иттош,  дурсаш билгал а дохуш,  текст т1ехь болх бийр бу вай.
Лакхахьа т1еваьлчахь аьтту аг1ор чохь яьлла хьун йолуш боьра бара. Беша  лакха маь11ехь ураман некъа йистехь
тхов  т1е гериг юьллуш дина дитташна юккъехь к1айн къегаш кегий хаза ц1енош гора. Тховса мох балале маьрк1ажан   хенахь жимачу к1отарарчу  Мусин Баудди волчу сакъера дукха кегий   нах гулбелира.
Шу т1едилларца ларийнехь иштта хир ду:
Лакхахьа т1еваьлчахь, аьтту аг1ор чохь, яьлла хьун йолуш боьра бара. Беша  лакха маь11ехь, ураман некъа йистехь, тхов  т1е гериг юьллуш дина, дитташна юккъехь к1айн къегаш, кегий хаза ц1енош гора. Тховса мох балале, маьрк1ажан хенахь, жимачу к1отарарчу  Мусин Баудди волчу сакъера дукха кегий   нах гулбелира.
Х1инца шун хаарш толлуш,иштта кхин цхьа т1едиллар а кхочушдан хьовсур ду вай. Меттиган а,  хенан а латтаман  дурсаш   юкъа  а далош, предложенеш ялае.
Гергарчу хьесапехь т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло:
Мескитахь,тхан школехь ,  цхьанакхетар хилира поэтаца Саиев 1умарца.
Селхана, п1ераскан дийнахь, со рузбане вахара.
Х1инца итт де даьлча, берх1итталг1ачу июнехь, мархийн бутт болало.
Ялийначу предложенешкахь:
тхан школехь -меттиган латтаман дурс;
п1ераскан дийнахь-хенан латтаман дурс;
берх1итталг1ачу июнехь-хенан латтаман дурс.
Х1окху укрокех вайна девзира меттиган а, хенан а латтаман дурсаш. Цул совнаха керла дешнаш  а девзира вайна ,уьш дагадоуьйтур  ду    вай.
Дурс -1арбийн дош.
Нохчийн маттахь-билгалдалар
Оьрсийн маттахь –уточнение, совершенство, соответствие.
Шайн ц1ахь хиллачу хиламех лаций  предложенеш х1иттае, меттиган а,хенан а латтаман  дурсаш юкъа а далош.  
Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай.
1одика йойла шун,марша 1ойла.  

Close
Яндекс.Метрика