Урок №25 1алашонан латтам

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай тахана юха а вовшхкхийти нохчийн меттан рог1ерачу урокехь.Дала беркате дойла вайн цхьанакхетар.
Таханлерачу урокехь вай дуьйцур ду 1алашонан латтамех лаьцна.Цкъа хьалха дагадоуьйтур ду вай латтам стенах олу.
Дар я хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу гойтучу коьртазчу меженах латтам олу.Цо жоп ло: маца? мичахь? х1ун 1алашо йолуш? х1унда? муха? бохучу хаттаршна.
Д1аяханчу урокашкахь вай 1амийна тайп-тайпана латтамаш. —— Дагадаийта вай уьш муьлха латтамаш бара: даран суьртан латтам,бараман латтам,меттиган латтам,хенан латтам,бахьанин латтам.
Тахана вай 1амор бу 1алашонан латтам.
Оьрсийн маттахь цунах обстоятельство цели олу.
1алашонан латтамо дар я хилар х1ун 1алашо йолуш  кхочушхуьлу гойту: х1ун 1алашо йолуш? хьенан дуьхьа? стенан дуьхьа? бохучу хаттаршна жоп а луш, хандашах-сказуемих бозабелла хуьлу иза.
Предложенехь иза кхин болу латтамаш санна сиз-т1адам хьокхуш билгалбо.
1алашонан латтам хуьлу: лург дожаран формехь  долчу ц1ердашах, куцдашах, хандешан билгазчу кепах,  масдарх, хандешан латтамийн форманех.
Масала:
Тайп-тайпана бецаш дарбанна лелош хилла вайн дайша.
(дарбанна-лург дожар, ц1ердашах хилла 1алашонан латтам).
Сада1архьама, цхьана 1ина йисте вахара со.(сада1архьама— хандешан латтаман форма -1алашонан латтам).
Доттаг1чунна  дала сахьт ийцира Илеса.(дала— хандешан билгалза кеп- 1алашонан латтам).
Накъосташна х1уьттаренна цигара ц1а веара Муса. (х1уьттаренна-куцдош-1алашонан латтам).
Иза дукхавезарна цунах ца валалуш лаьттара со (дукхавезарна— масдар-1алашонан латтам).
Ткъа х1инца, тахана 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.
Т1адамийн метта 1алашонан латтамаш а х1иттош, чекхъяха хьовсур ду вай предложенеш:
1. Варша юкъа дахара тхо….
2. Казбек волчу вахара со… .
3. Ненах дисина жовх1ар лардора цо… .
4. Ден хилла шаьлта пенах д1аоьллира  цо… .
Нийса жоп иштта хила тарло:
1.Варша юкъа дахара тхо таллархьама (таллархьама-хандешан латтаман кеп-1алашонан латтам).
2.Казбек волчу вахара со цуьнца ж1окких ловза. (ловза — хандешан билгалза кеп-1алашонан латтам).
3.Ненах дисина жовх1ар лардора цо безамана. (безамана-лург дожарехь ц1ердош-1алашонан латтам).
4.Ден хилла шаьлта пенах д1аоьллира  цо куьцана. (куьцана-куцдош-1алашонан латтам).
Х1ара т1едиллар кхочушдеш вайна керла дешнаш девзи.
Хьовсур вай х1инца церан маь1на даста.
1. Варш – хьуьнан к1орге (оьрсийн  маттахь – чаща, дебри)
2. Ж1оккиш – ловзоран г1ирс (оьрсийн маттахь — шашки).
3. Дархо – лазийнарг, чов хилларг (оьрсийн маттахь – раненый)
4. Жовх1ар – механа беза т1улг (оьрсийн маттахь — жемчуг).
 
Тахана вай 1алашонан латтамах долу хаарш довзийтира шуна.
1алашонан латтам муьлхачу къамелан дакъойх кхоллоло а хиира вайна.
Х1окху уроках аш пайда эцна хир бу аьлла  хета суна.
Дала нохчийн мотт 1аморехь, хаарехь совдохийла вай.
Ц1ахь бан болх лур бу вай шуна, 1алашонан латтамаш юкъахь болуш 5- 6 предложени х1оттае.
Цу т1ехь вайн урок чекхъели.
1одика йойла, марша 1ойла шу.
 
Пайдаэцна литература:
1.Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М.,Эсхаджиев А.У «Нохчийн мотт» 8 класс Грозный ГУП «Книжное издательство»,2007 шо.
2.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографии а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный.
Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
6.Карасаев А.Т.,Мациев А.Г.”Русско-чеченский словарь” Москва.Издательство ”Русский язык” 2000

Close
Яндекс.Метрика