Урок №26 Цхьантайпанара меженаш

Де дика хуьлда шун,хьоме дешархой!
Вай тахана юха а вовшахкхийти рог1ерачу нохчийн меттан урокехь.
Дала мукъалахь,  ницкъ кхочучу барамехь,вешан мотт  1аморехь а, къоман г1иллакх,оьздангалла йовзарехь а болх бийр бу вай.
Х1окху урокехь вай  дуьйцур ду, предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна.
Царех лаьцна вай пхоьалг1ачу классехь дийцина,делахь а х1инца оцу предложенин цхьанатайпанарчу меженех болу кхетам, Делан пурбанца, кхин  т1е а к1аргбан хьовсур ду вай.
Д1аяханчу урокашкахь вай 1амийра предложенин меженаш. Дагадаийта вай, уьш муьлха меженаш яра. Подлежащи, сказуеми, кхачам, къастам, латтам. Вай дечу къамелехь а,яздечу йозанехь а шиъ я кхин сов предложенин цхьанатайпанара меженаш хила тарло, масала:
Малика, 1айшат, Марет туькана яхара. (Малика,1айшат,Марет -подлежащеш ду,)
Х1окху школехь дешна а,1амийна а вара и. (дешна а, 1амийна а -сказуемеш ду,)
Асета туьканара тетрадаш,къоламаш ийцира. (тетрадаш, къоламаш -кхачамаш бу,)
Бацалахь хаза къегара ц1ен а,сийна а,можа а зезагаш. (ц1ен а,сийна а, можа а билгалдешнаш, къастамаш бу,)
Юьртахь,к1оштахь,махкахь вевзаш дика к1ант вара 1иса. (юьртахь, к1оштахь, махкахь -латтамаш бу).
Вовшашна юкъахь цхьанакхетаран уьйр йолчу дешнех предложенин цхьанатайпанара меженаш олу.
Оьрсийн маттахь царах «однородные члены предложения» олу.
Цхьанатайпанарчу предложенин меженаша, цхьана хаттарна жоп ло, цхьана дашах  йозуш а хуьлу.
Нохчийн маттахь предложенин цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш а, йоцуш а, хуттурган суффиксашца а хила тарло, масала:
Зарган а, Зараъ а, Зураъ а школе яхара.
Зарган, Зараъ, Зураъ школе яхара.
Зарганний,Зараъий,Зураъий школе яхара.
Къамелехь уьш шатайпанарчу эшарца олу.
Кхин сов предложенин цхьанатайпанара меженаш яьржина а, яржаза а хуьлу.
Шайца дозуш кхеторан дешнаш долчу цхьанатайпанарчу  меженех, яьржина цхьанатайпанара  меженаш олу.
Шен мерза са а, дерриге дахар а, шен болатан дог а Даймахкана д1аделира турпалхочо.
Х1окху предложенехь- са а, дахар а, дог а- боху ц1ердешнаш —кхетадо мерза, дерриге, болатан— бохучу дешнаша.
Х1инца вай тахана 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу.
Х1окху текстан юкъара предложенин цхьанатайпанара меженаш схьакъасто хьовсий  вай.
Хьал долуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнхахь хуьлу акха стоьмаш: элхьамчаш, наркаш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш. 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар чам тало церан.
Кхушара къаьсттина хьийкъинера муьргаш. Х1инца яа пайдехьа ю уьш. Дуккха а барамехь хьуьнан олхазарш го уьш юуш. 1аламан хазнашна юкъадог1у вайн хьаннашкахь долу акхарой а, хиш чохь долу тайп-тайпана ч1ерий а. Январь баттахь а дарбане бецашший, орамашший карадо. Ткъа 1а чекхдолуш — март, апрель беттанашкахь — ч1ег1ардиган к1а, тобалкх,муьжг,иштта кхийолу а ораматаш хуьлу.
Шолг1ачу предложенехь — гурахь а,1ай а хенан латтамаш бу;элхьамчаш, наркаш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш подлежащеш ду
Текстан ворх1алг1чу предложенера  акхарой а, ч1ерий а, борх1алг1ачу предложенера бецашший, орамашший, уьссалг1ачу предложенера ч1ег1ардиган к1а, тобалкх, муьжг, кхийолу ораматаш бохурш, вайна ма-гарра предложенин цхьанатайпанара меженаш ю.
Х1окху урокехь вай 1амий предложенин цхьанатайпанара меженаш. Цул сов т1еч1аг1дарехь ялийна текст йоьшуш вайна керла денаш девзи. Х1инца уьш дагадохкуьйтур ду вай:
   Элхьамчаш – боярышник;                                      Ч1ег1ардиган к1а – ландыш;
   Наркаш — облепиха                                                 Тобалкх – ночная красавица;
   Хьаьрмакаш – шиповник;                                       Муьжг – подорожник.
   Хьаьмцаш – мушмула;
   Коканаш – терн (терновник)
Таханлерачу урокехь вайн таро хили предложенин цхьнатайпанара меженаш йовза.
Ткъа х1инца вай шуна ц1ахь бан болх билгал бийр бу: 8-чу классан учебник т1ера 27-г1а бакъо  1амае, предложенин цхьанатайпанара меженаш юкъахь йолуш 5 предложени х1оттае.
Цу т1ехь вай вешан урок ерзор ю. Дала нохчийн мотт 1аморехь, хаарехь сов дохийла шу!
1о дика йойла! Марша 1ойла!
 
Пайдаэцна литература:
1.Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М.,Эсхаджиев А.У «Нохчийн мотт» 8 класс Грозный ГУП «Книжное издательство»,2007 шо.
2.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографии а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан  практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо
6. .Карасаев А.Т.,Мациев А.Г.”Русско-чеченский словарь” Москва.Издательство ”Русский язык” 2000.

Close
Яндекс.Метрика