Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
1алашо ю: Лач кхачамах кхетам балар.
Шуна ма-хаъара , кхачам шина тайпана бу: нийса кхачам, лач кхачам.
Тахана вай дуьйцур ду лач кхачамах лаьцна.
Нохчийн маттахь барх1 дожар ду. Ц1ерниг дожар — нийса дожар ду, диснарш – лач дожарш ду.
Масала:
Исраила Исламана туьйра дийцира.
Со сайн ненаца г1ала яхара.
Суна хьехархочух эхь хийтира.
Мархас шен веше кехат яздира.
Машен автобусал чехка йоьду.
1-чу предложенехь-дийцира (хьанна?) — Исламана (лург дожар -лач кхачам)
2-чу предложенехь-яхара (хьаьнца?) – ненаца (коьчалниг дожар — лач кхачам)
3-чу предложенехь-хийтира (хьанах?) — хьехархочух (хотталург дожар -лач кхачам)
4-чу предложенехь-яздира (хьаьнга?) — веше (меттигниг дожар -лач кхачам)
5-чу предложенехь-йоьду (стенал?) — автобусал (дийриг дожар -лач кхачам)
Лач кхачамаш хуьлу кху къамелан дакъойх: ц1ердашах, лааме билгалдашах, терахьдашах, ц1ерметдашах, масдарх, лаамечу причастих.
Масала:
Исс декъало деанна ( лач кхачам -терахьдош).
Жимачо воккхачун сийдан деза. ( лач кхачам — лааме билгалдош)
Ахь соьга бакъдерг дийца деза. (лач кхачам –ц1ерметдош)
Дас, нанас бохучуьнга ладог1а деза. (лач кхачам- лааме причасти)
1амийнарг т1еч1аг1деш, предложенешкара лач кхачамаш билгалбаха хьовса:
Дууш долчу баьпкан кхоам бан беза.
Ша а кхийтира иза рицкъанах, воккхах волчу к1анте а хьоьжуш.
Гинарг хезначул ч1ог1а ду.
Г1ийлачунна т1ехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа.
Дешархой дика кхета Саь1ид Бадуевс язйинчу произведенех.
Дешархошна хаза хета цо язйина произведенеш.
Дешархошка атта дешало цо яздина дийцарш.
Нийса жоп иштта хир ду:
Дууш долчу баьпкан кхоам бан беза.
Ша а кхийтира иза рицкъанах, воккхах волчу к1анте а хьоьжуш.
Гинарг хезначул ч1ог1а ду.
Г1ийлачунна т1ехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа.
Дешархой дика кхета Саь1ид Бадуевс язйинчу произведенех.
Тахана вай дийци лач кхачам муьлхачу къамелан дакъойх хила тарло а, иштта цуьнан дожарш а девзи вайна.
Кху т1ехь урок ерзор ю вай
Шун 1одика йойла, марша 1ойла.
1амийнарг карладоккхур ду вай:
1.Маса кепара бу кхачам?
а) 3
б) 2
2.Х1ун гойту нийса кхачамо?
а) Предложенийн меженашна юккъера тайп – тайпана уьйраш гойту.
б) Предложенера дар я хилар шена т1еозар гойту
3.Муьлхачу хаттаршна жоп ло лач кхачамо?
а) мила? х1ун?
б) хьаьнга? стенга?хьанна ? стенна? хьанах? стенах? хьанал? стенал?
4.Кхин муьлхачу дожарехь лела лач кхачам?
а) Ц1ерниг дожарехь.
б) Дийриг дожарехь.
Урок кечйинарг: Арсанукаева Мубарик Хамзатовна