Урок №15 Предложенин коьртаза меженаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Тахана вай дуьйцур ду коьртазчу меженех лаьцна.
Вайн урокан 1алашо ю: коьртаза меженаш йовзийтар, цунах кхетам балар.
Коьртаза меженаш кхоъ ю: кхачам, къастам, латтам.

                              Коьртаза меженаш

                   Кхачам         Къастам              Латтам


Кхачам шина тайпана бу: нийса кхачам, лач кхачам.

                                    Кхачам


       Нийса кхачам                               Лач кхачам

Оьрсийн маттахь  — дополнение олу цунах.      
Ц1ерниг дожар — нийса дожар лоруш ду, ткъа диснарш – лач дожарш ду.
Ц1ерниг дожаран ( мила? х1ун? муьлш?) бохучу хаттаршна жоп лучу кхачамах — нийса кхачам олу.
Нийсачу кхачамо предложенера дар я хилар шена т1еозар гойту
Аса дира малхбузу ламаз.  (х1ун?) -ламаз- нийса кхачам бу.
Нанас шеца Селима а йигира.   (мила?)-Селима- нийса кхачам бу.
Лач дожарийн
хьанна?стенна?
хьаьнца?стенца?
хьанах?стенах?
хьаьнга?стенга?
хьанал?стенал?  бохучу хаттаршна жоп лучу кхачамах – лач кхачам олу.
Лач кхачамо предложенийн меженашна юккъера тайп-тайпана уьйраш гойту. Масала:
Седа автобусе хьоьжуш 1ара. (стенга?)-автобусе- лач кхачам бу.
Йо1  ненах  дагаелира.   (хьанах?)-ненах- лач кхачам бу.
Со  Хьасанал  туьйлира.   (хьанал?)-Хьасанал- лач кхачам бу.
Ткъа х1инца дуьйцур ду вай къастамах лаьцна. 
Оьрсийн маттахь «Определение»  олу цунах.
Къастам х1уманан билгало а гойтуш, (муха? муьлха? хьенан? стенан?  мацалера? мичара? ) бохучу хаттаршна жоп луш йолу предложенин коьртаза меже ю.
Предложенехь цуьнан уьйр подлежащиций , кхачамций хуьлу.
Т1екхечи хаза б1аьсте.  (муха?)-хаза-къастам бу.
Юьртара хьеший баьхкира тхоьга. (мичара?)-юьртара-къастам бу.
Нехан   динара хотталахь вуссу.  (хьенан?)-нехан-къастам бу.
Кхоалг1а коьртаза меже ю латтам.
Оьрсийн маттахь «Обстоятельство» олу цунах.
Дар я хилар муха? маца? мичахь? х1унда? мича 1алашонца? мича бахьаница?  кхочушхуьлу гойтучу коьртазчу меженах латтам олу.
Ламанан хи сиха дог1ура. (муха?)-сиха-латтам
Селхана  Ахьмад г1ала деша вахара. (маца?)-селхана-латтам бу.
Рег1ахь  дог1а деанера. (мичахь?)-рег1ахь-латтам бу.

1амийнарг т1е а ч1аг1деш, коьртаза меженаш билгал а йохуш, д1аязйийр ю вай иштта предложенеш :
Маликас хи деара. (х1ун?)- хи- нийса кхачам бу.
Йо1 шен ненах тера ю. (хьанах?)-ненах-лач кхачам бу, (хьенан?) – шен-къастам бу.
Меттан чов ерза тигац. (стенан?)-меттан-къастам бу.
Шелонна са ца тохалора цуьнга. (стенна?) — шелонна-латтам бу.
Тахана вайна евзи коьртаза меженаш.
Уьш ю: кхачам, къастам, латтам.
Хьоме дешархой, кху т1ехь вай урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла!

Тренажер:
1.Маса коьртаза меже ю нохчийн маттахь?
а) 2
б) 3

2.Кхачам маса тайпана бу?
а) 4
б) 2

3.Муьлхачу дожаран хаттаршна жоп ло нийсачу кхачамо?
а) х1ун?  мила? муьлш?
б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?

4.Муьлхачу хаттаршна жоп ло лач кхачамо?
а) х1ун?  мила? муьлш?
б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?

5.Х1ун  гойту къастамо?
а) х1уманан билгало.
б) х1уманан дар я хилар.

6.Х1ун гойту латтамо?
а) х1уманан билгало.
б) х1уманан дар я хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу.

7. Муьлхачу хаттаршна жоп ло латтамо?
а)  маца? мичахь? муха? мел? мича 1алашонца? х1унда?
б) хьанна?стенна? хьаьнца?стенца? хьанах?стенах? хьаьнга?стенга? хьанал?стенал?
Урок кечйинарг: Арсанукаева Мубарик Хамзатовна

Close
Яндекс.Метрика