Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Массо а Дала кхоьллинчу са долчу х1уманан шен-шен мотт бу.Вайн мотт массо а маттал хаза бу Арсанукаев Шайхис ма – аллара:
***
Г1иллакхе оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и шех хуьлий хьан деган мерз!
Вайна нийса мотт бийца лаахь,массо а къамелан дакъа дика хаа деза.
Нохчийн маттахь итт къамелан дакъа ду
Коьрта къамелан дакъа ялх ду:
Ц1ердош
Билгалдош
Хандош
Терахьдош
Ц1ерметдош
Куцдош
Г1уллакхан къамелан дакъа диъ ду:
Дешт1аьхье
Хуттургаш
Дакъалгаш
Айдардош.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду г1уллакхийн къамелан декъах-дакъалгийн нийсаяздарх лаьцна.
Дешнашна я дийнначу предложенешна тайп – тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалг олу
Вайна девза дацаран дакъалгаш ца, ма
Хандешнашца а, лаамазчу причастешца а, деепричастешца а къаьстина яздо уьш, ц1ердашций, масдарций, лаамечу причастиций цхьаьна яздо.
Масала:
Керла доттаг1ий ма – луъу леца, ширанаш д1а матаса.(кица)
Х1окху предложенехь дакъалг ма- ду.
Ч1агдаран дакъалг дефисца яздо.
Дацаран дакъалг хандешнашца къаьстина яздо.
Ма – луъу дефисца яздина, ца хандашца къаьстина яздо.
Хаттаран -те, техьа, теша, ткъа, х1ан- хандешнашца къаьстина яздо
Масала: Марема Заргане кехат яздиний те?
Бакъдаран –те, х1аъ, дера даима къаьстина яздо.
Масала: Х1аъ аьлла д1адерзийра цо и г1уллакх.
Ч1аг1даран дакъалгаш – м, -кх, — х, — кха, — ма дефисца яздо.
Масала: Хадишт-м куьйгана говза ю.
Ма— боху ч1аг1даран дакъалг даран я хиларан мухалла гойтучу хандешан латтаман кепана хьалха дефисца яздо
Масала: ма-аллара,ма-моьтту.
Ч1аг1даран маь1нехь долчу кху дешнашца ч1аг1даран дакъалг ма цхьана яздо, цунна т1аьхьа дог1у мукъаза элп шалха далар бахьана долуш:
маггу, мавву, мадду, ла маллу.
Дозатохаран дакъалг —бен— массо меттехь къаьстина яздо: Хьо бен вац кхузахь?
Дуьхьалд1а— боху ч1аг1даран дакъалг цхьаьна яздо:
Дуьххьалд1а нийсаниг олу-кх цо.
Ур-атталла боху чолхе дакъалг дефисца яздо.
Предложенехь цхьадолу дакъалгаш дешнашна хьалха лела, цхьадерш т1ехьа.
Ас хьуна дийцина ма – дарра хилларг.
Юьхь-1аьржонах кхоьру-кх.
Дозатохаран дакъалгаш- бен— массо меттехь къаьстина яздо:
Салман бен ца веанера делкъал т1аьхьа школе.
Х1инца вай предложенеш язйийр ю, дакъалгаш билгал а дохуш.
Шу цигахь х1ун хьоьгуш дохкуш ду теша? (хаттаран дакъалг ду)
Шовданаш хир ма дац дог 1аббалц мийла.(бакъдаран дакъалг ду)
Олхазаран декар хаза ду аьллий-ца.(хьастаран)
Мел хаза ю б1аьсте! (айдаран)
Х1окху урокехь вай карладехира коьрта къамелан дакъош, г1уллакхан къамелан дакъош т1е а ч1аг1деш, болх бира.Цул совнаха вайна девзира дакъалгийн нийсаяздар.
Тахана бинчу белхан жам1 дийр ду вай:
Муха яздо дакъалгаш?
Дакъалгаш язйо къаьстина, цхьаьна, дефисца.
къаьстина
дешнашца цхьаьна
дефисца
теша,техьа,ткъа,х1ан,
ца вог1у, ма,х1аъ, ца, бен, те
цатешам, цабезам, маггу, мавву, цагинарг, дуьхьалд1а.
ма–аллара, иза – х, ма- хеттара, х1ан-х1а, аьллий-ца.
Х1окху урокехь вай дийцира дакъалгийн нийсаяздарх лаьцна, евзи къаьстина а, дешнашца цхьаьна а, къаьстина а церан яздаран бакъонаш
Ц1ахь: Дакъалгаш юкъахь йолуш 6 предложени язъе.
Цу т1ехь вешан урок ерзор ю вай.
Шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература
В. Я. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев. «Нохчийн мотт 7 класс» Грозный ГУП «Книжное издательство»
Джамалханов З.Д. Чинхоева Т.Н. «Нохчийн мотт 10 – 11 класс»Грозный ГУ «Книжное издательство» 2002
Эдилов С.Э., Аболханов Х.А. «Нохчийн литература 7 клаас» ГУ «Книжное издательство» 2003
Янгульбаев В.А. Янгульбаева С. В. «7 классехь нохчийн мотт хьехар» Грозный ГУ «Книжное издательство»
АхьмадБерсанов «Нохчийн къоман кицанаш, говза аьлла дешнаш, хьехамаш»
«Синтаксис» Эдилов С.М.
«Самукъане грамматика» Эдилов С.Э.
Нохчийн литература С.Э. Эдилов, Х.А. Аболханов