Урок №46 Хуттургаш а, церан тайпанаш а

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.
Тахана вай дуьйцур ду предложенехь дешнаш вовшех  хуттуш,дузуш,з1е тосуш лелачу декъах –хуттургах лаьцна.
Урокан тема ю «Хуттургаш а,церан тайпанаш а».
Хуттург — оьрсийн  маттахь  союз ю.
Предложенин  меженаш я чолхечу предложенин дакъош вовшахтосучу  г1уллакхан  къамелан декъах  хуттург олу.
Хуттургаш чолхе а,цхьалхе а хуьлу.
Цхьалхенаш цхьана дашах лаьтташ хуьлу: а ,я, амма, ткъа.
Чолхенаш шина-кхаа декъах  лаьтташ  хуьлу:  х1унда аьлча,  иштта делахь а, нагахь санна.
Хуттургаш  екъало кхин а шина декъе:
1) Цхьаьнакхетаран  хуттургаш : а, я, амма,  делахь а, бакъду,  т1аккха, цул т1аьхьа, х1етте а. 2)Карара хуттургаш : х1унда аьлча, цундела, иштта, делахь, хьама, дуьхьа, нагахь санна.
Масала:
Бабин бешахь кхуьуш яра наьрсаш а, хорсамаш а, хохаш а.
Я со вахийта цига, я хьуо г1ой вала.
Б1аьсте т1екхечира,амма денош шийла лаьттара.
Х1окху предложенешкара- 
Нагахь санна ахь дика 1амадахь ,хьоьга  экзаменаш  д1аялалур ю.
Мансур тахана школе ца веанера, х1уда аьлча иза селхана юрта ваханера.
Цигахь ч1ог1а шийла хуьлура, цундела цига ваха к1антана ца лаьара.
Вай ялийначу предложенешкара хуттургаш — нагахь санна, х1унда аьлча -чолхе а,  карара а ю;
-а, я, амма,   цхьаьнакхетаран хуттургаш ю .
Х1инца цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса деза вай.  Ялийначу предложенийн тидам бе, хуттургийн тайпа   билгал а доккхуш.
Со а, нана а, ваша а, децаг1аьрга хьошалг1а дахара.
Тахана дог1а деара, цундела тхо мангал хьакха ца дахара.
Нагахь санна хьуна лаахь ,со а йог1ур ю хьоьца.
Нанас суна дов дира, делахь а дега д1а а дийцина, гена ца даьккхира.
Вай ялийнчу предложенешкахь —  а, делахь а- цхьанакхетаран хуттургаш ю, нагахь санна,цундела -карара хуттургаш ю.
Х1инца  х1етал- метал хаьий хьожур ю со шуна, иштта цу юкъара хуттургаш билгйохур ю  вай.
Х1етал-метал хаийла шуна :буйнал бен яц, амма ц1а серла доккху?
Х1етал –метал хаийла шуна: туьканахь юхкуш а йоцуш,цхьана а заманчохь,ехча лур а йоцуш,нахана юккъехь эша а оьшуш йолу х1ума?
 (стогар), (г1иллакх,оьздангалла)
Ц1ахь кхочушдан  цхьа т1едиллар  лур ду шуна,  лахахь ялийна хуттургаш юкъа а лоцуш, предложенеш  х1итто  хьовса :
А, амма, х1унда аьлча, т1аккха, х1етте а.
Тахана вайна девзира г1уллакхан къамелан цхьа дакъа –хуттург.Цо   г1уллакхан цхьа меттиг  д1алоцу предложенийн дакъош  вовшахтосуш.Церан чолхе а, цхьалхе а хилар девзи, иштта церан тайпанах юкъара кхетам а хили вайн х1окху урокехь,кхин д1а а шун аьтту хир бу хуттургех лаьцна хаамаш бовза.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика