Урок №21 Хандешнийн латтаман кепаш

Хандешнийн латтамийн кепаш. Церан  билгалонаш хаар.
Вай тахана хандашах лаьцна кхин а керланиг 1амор ду.
 Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешнийн латтамийн  кепех а, церан  билгалонех а лаьцна.
Шуна 1емар ду: уьш предложенехь  схьакъасто, царна  хаттарш х1итто, уьш муха кхоллало, предложенин муьлха меже хуьлий лела а.
Дар я хилар мича хьолехь,
Маца, муха, муьлха меттехь,
Х1унда, мича 1алашонца
Кхочушхуьлу гойту ас.
Шаьш цатешахь, де аш хаттар –
Гучубер бу т1аккха….(Латтам)
Хандешан а, латтаман а билгалонашца  йоьзна ю вайн  таханлера  урокан тема.
Хандешан  латтамийн  йиъ кеп ю: хенан, меттиган, 1алашонан, бехкаман.
Хандешан хенан, латтаман кепо жоп  ло маца? мацале? маццалц? маца дуьйна? – бохучу хаттаршна.
Хьо  тхоьга  веача  вайша  лийча г1ур ву. (г1ур ву маца? – веача).
Дог1а т1екховсале докъар д1адилла деза. (д1адилла деза мацале? – т1екховсале)
Малх схьакхетталц  туьйранаш  дийцира оха. (дийцира  маццалц? –схьакхетталц).
Нус  ялийчахьана г1уллакхаш тоделира  марненан. (тоделира маца дуьйна? – ялийчахьана).
Хандешан  хенан латтаман кеп хандешан  орамера  мукъаза аз шалха а долуш, цунна хьалха дакъалг -ма я т1ехьа суффикс – ехь кхетарца  кхоллало.
Масала:
Автобус ма – сеццинехь  чуьра нах аралилхира.(ма-сеццинехь- хенан латтам)
Меттиган  латтаман  кепан хандешнаша жоп ло мича? мичахь? мичара? бохучу хаттаршна.
Иза кхоллало карарчуй, яхана яьллачуй хенийн  хандешнашна т1е — чу, — чохь, — чуьра, суффиксаш кхетарца.
Масала: Хьаша ца вог1учу беркат  ца дог1у. (ца дог1у-мича? – хьаша ца вог1учу).
Вовше ларам бечохь сий  хуьлу. (мичахь?)–бечохь.
Селхана  сецначуьра д1адолийра хьехархочо  дийцар. (мичара?) – сецначуьра.
-1алашонан латтаман кеп кхоллало  билгалзачу кепан хандашна т1е –хьама суффикс кхетарца.
Масала:
Бераш  ишколе  даьхкина  дешархьама.
Кхаъ  баккхархьама  хьалххе  кхечира Тимур.
Хандешан  орам т1е –ахь, -ехь  суффиксаш  кхетарца  хандешан  бехкаман  кеп кхоллало.
Масала: Ахь кхайкхахь  сихха схьавог1ур ву со.
Стаг шен маттаца  вехаш велахь мохк цуьнан бу.
Ахь  аьллехь хуур дара суна.
-Х1инца тахана дийцинарг  т1еч1аг1дийр ду вай, х1ара т1едахкарш кхочушдеш.
-Х1ара т1едиллар цхьаьна кхочушдан  хьовсур ду вай.
Хандешнийн латтамийн кепашбилгалъяха.
Куьпчичо шен пхьег1ийн т1ам шена луъучу буьллу. (луъучу-меттиган латтаман кеп)
Со воьду къеначу инарлас кхайкхинчу. (кхайкхинчу – меттиган латтаман кеп)
Йо1 д1а ма-яхханехь к1ентан чоэх болу маха схьабаьккхина накъоста.
(ма-яхханехь –хенан латтаман кеп)
Тхо а даьхкинера шу гархьама. (гархьама -1алашонан латтаман кеп)
Ма харц  хир ву хьо, хьуна и моттахь.(моттахь – бехкаман латтаман кеп)
Ша лаьттачохь сецира иза. (лаьттачохь – меттиган  латтам)
— Х1окху хандешнех  кхолла хуур  дарий  шуна– чу, — чохь, — чуьра  суффиксийн  г1оьнца меттиг гойту  латтаман  кепаш?
Гулбала, дийца, д1ахьажа.
Кеп: совца — совцучу, совцучохь, сецначохь, сецначуьра.
Т1едиллар нийсаишттахир ду:
гулбала – гулбеллачу —  гулбеллачохь – гулбеллачуьра
дийца – дуьйцучу – дуьйцучохь – дуьйцучуьра
д1ахьажа –д1ахьаьжначу – д1ахьаьжначохь – д1ахьаьжначуьра
1амийнарг т1еч1аг1деш лахахь ялийначу  предложенешкара латтамаш шайн тайпанашка хьаьжжина къасто хьовсур ду вай.
Тохара ша  сехьа  ваьллачохь, д1анехьо гира  цунна  цхьа  яьсса г1ота.
Шина балдах  арадаллалц, хьан лай ду дош, арадаьлча – хьо  цуьнан лай ву.
Къахетта, дог лезна ахь витахь, 1аьржа латта  санна, тешаме к1ант ву со.
Хьоьга  са ца гатдайтархьама  доцца  аьр ас.
Хенан  латтам -ардаллалц
Меттиган латтам-сехьаваьллачохь    
1алашонан латтам — цагайтархьама
Бехкаман латтам-витахь
Х1окху урокехь вай 1амийра хандешнийн латтамийн кепаш. 1амийнарг т1еч1аг1деш кхочушдира масех т1едиллар. Цул совнаха керла  дешнаш а девзира вайна, уьш дага доуьйтур ду вай:
Куьпчи – эчигах пхьег1а йийриг (оьрсийн маттахь — гончар)
Инарла – (оьрсийн маттахь – генерал )
Чоа – г1овтал (оьрсийн маттахь – шинель, черкеска)
Г1ота – жа кхобу меттиг (оьрсийн маттахь – место для овец)
Ц1ахь хандешнийн  латтаман  тайп-тайпана  кепаш  юкъа  а ялош, предложенеш х1иттае.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла  шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийнмотт – 7 класс» Грозный ГУ «Книжноеиздательсвто – 2011 шо».
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Я.1. Эсхаджиев, Э.Хь. Солтаханов «6-7 классашнанохчийнметтан дидактически материал». Хьехархочунна г1оьнна. Грозный «Нохч-Г1алг1айн книжнииздательсвто» 1984 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» — Москва. Издательство «Русский язык» 2000г.

Close
Яндекс.Метрика