Урок №20 Хандешнашца дакъалгаш ца, ма нийсаяздар

Урокан 1алашо: Хандешнашца дакъалг ца, ма муха яздо хаар.
Дацаран дакъалгаш ца,ма хандашна хьалха даима а къаьстина яздо: ца вог1у,ца аьллера,ма дийца.
Дацаран дакъалг хандешан чаккхенгахь а лела. Ишттачохь иза цхьана мукъазчу элпах а лаьтта, хандашца  хоьттина  (цхьаьна) а яздо:  хаац, лаац, тешац, вог1ур вац,  доьшур дац.
Билгалдаккхар!
Дакъалг ма дацаран маь1нехь т1едожоран, лааран саттамашкахь бен ца лела. Кхидолчу хандешнашкахь иза ч1аг1даран маь1нехь лела.
Масала:
Ахь ма элира, хьуо тхоьга вог1ур ву.
И сурт Селимас ма диллина. (ч1аг1даран маь1на).
Вайна кхин цкъа а т1ом ма гойла.  
Зуламхойн Дала аьтто ма бойла(дацаран маь1на)
Дакъалгех 1амийнарг т1еч1аг1деш,цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Аьрру аг1орхьара кицанаш аьтту аг1орхьарчу хандешнашца т1е а дузуш, д1аязде. Тидаме эца дацаран дакъалгаш  хандешнашца  нийсаяздар.
1. Хи гуттар а цхьана хорша                                         ца боьлху
2. Дехье ца къевсича,сехье                                          ца шерша
3. Х1отта ца везачохь когабуьхьара                          ца х1утту
4. Ца вуьсу волчу дархочо буьйса                              ца лаьцна
5. Ойла йоцуш динарг г1айг1а йоцуш                      ма йоккхийла
6. Етт бигначул т1аьхьа зайл                                       ца дирзина
7. Дукха 1ехначу цициго дахка                                   ца йоккху
8. Дог ца деача,ког                                                         ца туху
9. Дог ца дилхинчун б1аьрг                                         ца лела
Нийса жоп:
1. Хи гуттар а цхьана хорша  ца лела
2. Дехье ца къевсича,сехье  ца йоккху
3. Х1отта ца везачохь когабуьхьара  ца х1утту
4. Ца вуьсу волчу дархочо буьйса    ма йоккхийла
5. Ойла йоцуш динарг г1айг1а йоцуш  ца дирзина
6. Етт бигначул т1аьхьа зайл     ца туху
7. Дукха 1ехначу цициго дахка     ца лаьцна
8. Дог ца деача,ког   ца шерша
9. Дог ца дилхинчун б1аьрг ца боьлху
-Шун хаарш т1еч1аг1деш, кхин цхьа а т1едиллар кхочуш дийр ду вай.
-Къовларшна юкъара хандешнаш шайца долчу дакъалгашца яздан ма-догг1ура нийса а яздеш, д1аязйийр ю вай предложенеш,къовларш а ца йохкуш. Тидам бе дацаран дакъалг хандешан чаккхенгахь муха яздина.
(Цабина )суна (цатам) цхьаммо а.Мостаг1чуьнга  даиман а хилла сан (цабезам).Совг1атана беллачу динна бага (цахьоьжу).Нанас  хастийна йо1 мехала (цаяьлла).3.Бен сту белча,батта пах( цабелла).Нехан хьаьвди т1ехь дин а (мабарстабе),бехачу новкъахь куралла а (малелае).
Дог1а (цадилхича)-хатт балац, йиш (цалекхча)-хелха валалац.
Т1едиллар нийса иштта кхочушдина  хила деза:
Ца бина суна цатам цхьаммо а.
Мостаг1чуьнга  даима а хилла сан цабезам.
Совг1атана беллачу динна бага ца хьоьжу.
Нанас  хастийна йо1 мехала ца яьлла.
 Бен сту белча,батта пах ца белла.
Нехан хьаьвди т1ехь дин а  ма барстабе,бехачу новкъахь куралла а ма лелае.
Дог1а ца дилхича-хатт балац,йиш ца лекхча-хелха валалац.
Цатам ,цабезам –ц1ердешнаш ду (дацаран дакъалг — ца -ц1ердешнашца цхьана яздо)
-Схьаяздер вай ца девза дешнаш: дин,сту,пах,хьаьвда.
Пах-(пехаш)легкое.
Хьаьвда-(хьаьвданаш) стойло,ясли.
Тахана вай шуна довзийтира дацаран дакъалгаш –ца,ма_хандешнашца нийсаяздар.
Хандешнашца -ца -ма -яздаран бакъонаш евзи вайна, дацаран дакъалг- ца -хандешан чаккхенгахь лелий а хии,иза хандашца хоьттина яздар а девзи.
 
Пайдаэцна литератур:
1.В.А.Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ФГУП  «ИПК  «Грозненский рабочий» 2013 шо.
2. В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаева «Нохчий мотт хьехар-7 класс» Грозный ГУ «Книжни издательство» 2003 шо.
3.С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.Соьлжа г1ала 2012 шо.
4.А.Т.Исмаилов «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
5.А.Г.Мациев « Чеченско-русский словарь» Государственное издательство иностранных и национальных словарей Москва 1962 год.

Close
Яндекс.Метрика