Урок №19 Деа кепара хандешнаш

Деакепара хандешнаш.
Урокан 1алашо : Деакепара хандешнаш довзийтар.
Деакепара хандешнаш оьрсийн маттахь четырехтипные глаголы бохург ду.
Нохчий маттахь подлежащина т1ехь урхалла до хандашо-сказуемино . Оцу урхалле хьаьжжина хандешнаш деакепара хуьлу: подлежащи ц1ерниг, дийриг, лург, меттигниг дожаршка х1иттош дерш.
Далор вай масалш:
Хьава г1алара юьрта балха еана.(еана. мила? )Хьава-ц1ерниг дожар, подлежащи.
Хьавас говзалла дика караерзийна.(караерзийна хьан?) Хьавас— подлежащи,дийриг дожар.
Хьавана бедарш тега хаьа.( тега хаьа хьанна?) Хьавана-лург дожарехь,подлежащи.
Хьавага болх каде а, хаза а бало.(бало хьаьнга?)Хьавага-меттигниг дожар,подлежащи.
Шуна ма- гарра, вай билгалдехи хандешнийн диъ дожар а лохуш, хандешнийн йиъ кеп.
1амийнарг т1еч1аг1деш  кхочушдийр ду  иштта т1едиллар . Предложенешкара  подлежащин  дожарш билгалдаха:
1) Юнус генарчу махкара ц1авеара.
2) Салтичо кест-кеста кехат яздора.
3 )Нохчочунна  ч1ог1а шен мохк дукхабезара.
4) Мохьмаде болх дика балора.
Нагахь санна т1едиллар нийса кхочушдинехь, кеп иштта хир ю:
1) Юнус генарчу махкара ц1а веара. веара мила?-Юнус-ц1ерниг дожар.
2) салтичо кест-кеста кехат яздора.яздора хьан?-салтичо -дийриг дожар.
3 )нохчочунна ч1ог1а шен мохк дукхабезара.дукхабезара хьанна?-нохчочунна -лург дожар.
4) Мохьмаде  болх дика балора. балора хьаьнга?-Мохьмаде -меттигниг дожар.
Тидаме эца деза:  х1окху предложенешкахь хандашо-сказуемино подлежащина т1ехь урхалла до деа дожарехь-ц1ерниг, дийриг, лург, меттигниг
Оцу урхалле хьаьжжина хандешнаш деакепара хуьлу.
Кхин а цхьа т1едиллар  кхочушдан хьовсур ду вай. Предложенешкара къовларшна юкъара дешнаш оьшучу дожаре а х1иттош, д1аязъе,билгалдаха подлежащеш:
Мела (мох) хьоькхура ломара схьа.
(Мох) эсала техкадора диттийн марг1алш.
(Илес) шарал дахделлера  синтеме доцу де.
(Эсет) болх дика бало.
Т1едилларца нийса ларийнехь иштта хир ду:
Мела мох хьоькхура ломара схьа.(мох -ц1ерниг дожарехь подлежащи )
Махо эсала техкадора диттийн марг1алш. (махо— дийриг дожар, подлежащи)
Илесана шарал дахделлера  синтеме доцу де.(Илесана –лург дожар,подлежащи)
Эсете  болх дика бало.(Эсете- меттигниг дожар,подлежащи)
Тахана вайна урокехь девзи нохчийн маттахь хандашо – сказуемино подлежащина т1ехь урхалла дар а,цуьнга хьаьжжина хандешнаш деакепара  хилар а.
Пайдаэцна литература:
1.В.А.Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ФГУП  «ИПК  «Грозненский рабочий» 2013 шо.
2. В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаева «Нохчий мотт хьехар-7 класс» Грозный ГУ «Книжни издательство» 2003 шо.
3.С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.Соьлжа г1ала 2012 шо.
4.А.Т.Исмаилов «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.

Close
Яндекс.Метрика