Урок №7 Хандешан бехкаман саттам

«… Хазнашлахь хазна ю,
Ненан мотт къоман,
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, дlадолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха…»
Х1ара дешнаш аьлла нохчийн къоман сийлахьчу поэта Шайхи Арсанукаевс. К1орггера маь1на долуш а . мехала а дешнаш ду уьш.
Нохчийн мотт – ненан  мотт аьлла  цIе  тоьхна бу-кха  вайн  къомо, ткъа ненал хьоме хIун ду кху дуьненчохь.
Н а н а с, бераллехь вай хьостуш, муьлхачунна а, хийлазза а олуш хезна: «Дижалахь  жиманиг  мерзачу набарца, гIатталахь жиманиг кIорггечу хьекъалца, мерза наб кхетийла  жимачу кIорнина. Дижалахь  бабиниг, дижалахь дадиниг, мерзачу набарца дижалах диканиг» – олий, вай мерзачу набарна товжош, нанас олура аганан илли, ткъа и декара дог хьостуш, 1ехош, вайн нохчийн маттара илли.    И вайн сийлахь нохчийн мотт 1амо а, беза а, бийца а х1ора дийнахь , х1ора минотехь лаам ч1аг1лойла вайн.
Вайн урокан тема ю : Хандешан бехкаман саттам
Вай дуьйцур ду хандешан бехкаман саттам стенах олу, цуьнан х1ун билгалонаш ю, иза муха кхоллало.
Шуна дагадог1ий муьлхчу къамелан декъах олу хандош? Карладаккхий вай?
Х1уманан дар , я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу.Цо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? Х1у до? х1ун  хуьлу? бохучу а,  хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу а хаттаршна.
Масала:
х1ун дан? яздан, деша, хьажа.
х1ун до? яздо,доьшу,хьожу.
х1ун хила? шелъяла, йохъяла.
х1ун хуьлу? шелло, йохло.
Кхочушдеш долу г1уллакх гайтаран кепе хьаьжжина , хандешан коьрта биъ саттам бу:
 билгала, бехкаман, лааран,т1едожаран.
Дар я хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойтучу хандешан саттамах бехкаман саттам олу.
Цуьнан коьрта кхо хан ю: карарара хан, яхана хан. йог1у хан.
Бехкаман саттам кхоллало хандашна т1е хь (-ахь,-ехь)-хьара суффиксаш кхетарца.
Масала:
Ахь кехат яздахь , иза кхетар ву.
Хьо тхоьга ваг1ахь,  вайша сакъера г1ур ву.
Нагахь дог1а даг1ахь, юьртах ма довлалаш.
 Х1окху предложенешкахь хандешнаш  яздахь, ваг1ахь, даг1ахь бехкаман саттамехь ду, — ахь суффиксан г1оьнца  кхолладелла уьш. Вай ма аллара бехкаман саттамехь долу хандешнаш хенашца хийцало. Уьш кхоъ ю:  карара хан, яхана хан, йог1у хан.
Ахь хьалххе г1аттийнехьара со школе т1аьхьавуьсур вацара. Дийцина ваьллехь, хьо мукъа ву.
«Еха буьйсанаш» книга айхьа  ешнехь, суна бийцахьа цуьнан чулацам.
Хьо ц1ахь вуй хиънехь, хьо волчу вог1ур вара со.
Хьуна лаахь , со вог1у хьоьца.
Ахь йоьшур елахь, ас книга лур ю хьоьга.
Цо яахь, хорбаз оьцур ю вайшимма.
Х1окху предложенешкахь долу ваг1ахьара, г1аттийнехьара   ваьллехь, ешнехь, хиънехь  лаахь, елахь, яахь боху  хандешнаш –хьара –ахь-ехь -хь – суффиксийн  г1оьнца кхолладелла ду.
Х1ара билгала саттаман хандешнаш бехкаман саттаме  а дохуш, иштта болх бан хьовсий вай:  
 Ала, эца, хаза, ваха, , кхача , таса,
 ала –алахь, аьллехь, аьллехьара
 эца – эцахь, эцнехь, эцнехьара.
 хаза- хазахь, хезнехь, хезнехьара.
 ваха – водахь, вахнехь, вахнехьара.
 кхача – кхачахь, кхаьчнехь, кхаьчнехьара
 таса – тасахь,  теснехь, теснехьара
Кхочушдинчу т1едилларехь далийначу бехкаман саттаман хандешнех  пайда а оьцуш, предложенеш х1итто хьовса.
Герггарчу хьесапехь  т1едиллар иштта хила тарло:
Ахь соьга аьллехь , вайша цхьаьна г1ур вара хьошалг1а.
Ахьмада машен ц1енаниг эцнехьара, иштта сиха юхур яцара.
Хьайна хезнехь а,  стагах лаций вониг ма дийца.
Хьо доттаг1чунна т1аьхьа вахнехьара, нийса хир дара.
Хьайн хеннахь хьо кхаьчнехьара, вай урокашна т1аьхьа дуьсур дацара. Ахь д1атасахь, ас кехат яздийр ду Рашиде.
Х1окху урокехь вай шуьца карладехира  хандашах долу хаарш  а, 1амийра хандешан бехкаман саттам муха кхоллало  а, цуьнан суффиксаш а.
Хьоме дешархой, урок ерзош суна ала лаьа нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангалла, майралла, доьналла ,  сийлалла  хестош буьйцуш болу мотт х1ора денна, кхуьуш, шорлуш хуьлийла а, даггара и безаш, лоруш, вай 1алашбойла а .
Пайдаэцна литература:
1.В.Я.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт 7 класс»   ГУП «Книжное издательство» 2001 г.
2.Эсхаджиев Я.У. « Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а. пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательчтво «Арфа-Пресс» 2012 г.
3.Эдилов С.Э.Практикум чеченского языка.Учебное пособие. Грозный .Издательство «Арфа-пресс», 2011 г.
4.Исмаилов А. «Дош»  Соьлжа-Г1ала 2012 ш.
5.Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-Г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010 г.

Close
Яндекс.Метрика