Урок №6 Билгала саттам

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешан билгала саттамах лаьцна.
Саттам, оьрсийн маттахь аьлча, наклонени бохург ду.
Яханчу урокехь вай шуна х1ора саттамах лаьцна юкъара кхетам белира, ткъа х1окху урокехь билгала саттам кхачо йоллуш шуна бовзийта хьовсур ду вай.
Керла коьчал йовзийтале хьалха 1амийнарг карладоккхур ду вай.
Хьалхара т1едиллар иштта хир ду:
т1адамийн метта дог1у элпаш дахка а, къовларш схьаелла а хьовсур ду вай, цул т1аьхьа вайн жоьпаш бакъонашца т1е а ч1аг1деш.
Га…, ва…, ле…, зе…; (ма)вола, ца(веара), ца(вог1у); (чу)вола, (схьа) веара, (д1а)вахара; чу(ма)вола, схьа(ца)веара, д1а(а)вахара.
Нийса жоьпаш иштта хир ду:
Ган, ван, лен, зен; (цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан билгалзачу кепан чаккхенга меран аз –н яздо.)
ма вола, ца веара, ца вог1у; (дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца даима къаьстина язйо.)
чувола, схьавеара, д1авахара;( дешхьалхенаш хандешнашца цхьаьна язйо.)
чу ма вола, схьа ца веара,(дешхьалхе хандашах къаьстина язйо, нагахь санна дешхьалхенний, орамний юккъе ца, ма, нислахь.Х1инца вай хандешан билгала саттам стенах олу дуьйцур ду, цуьнан кеп иштта хир ю.
 
                                               Хандешан билгала саттам
Цо гойту г1уллакх массо а хенашкахь хилар, иза билггала кхочушхилар
Цуьнан кхо кеп ю.
Масала: веа, веара, веана, веанера, вог1ура, вог1у, вог1ур ву.
1.Дацаран: ца 1еми, ца левзи, ца лийхи.
2.Ч1аг1даран: ма кхечи, ма эли, ма ваха.
3.хаттаран: кхечирий? еарий? дийцирий?  дийцин?
 
Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай.
Мамакаев 1аьрбин байташ д1а а ешна, цу юкъара ч1аг1даран маь1нехь долу билгала саттаман хандешнаш схьалаха хьовсий вай.
Со бертал, бай т1ехь сайн
Когаш а ловзабеш,
Ма 1иллар-кх х1етахь, дайн
Иллеш а декадеш.
Ткъа тулг1еш, берашха
Качлой, со 1ехавеш,
Ма хуьлур-кх вайн боцчу
Маттахь соь къамел деш.
Ч1аг1даран маь1нехь долу билгала саттаман хандешнаш х1орш ду: ма 1иллар-кх, ма хуьлур-кх. Билгала саттаман хандашна т1е ч1аг1даран дакъалг – кх кхеташ а нисло наггахь.
Шолг1а т1едиллар иштта хир ду .
Лахахь ялийнчу предложенешкахь схьалаха билгала саттаман дацаран, хаттаран кепехь долу хандешнаш.
Къоман г1иллакхаш хиларх ца тоьа ,уьш довза а деза.
Барт болччохь соций беркат?
Дешан да хила хьайн де дацахь,дош ма ала.
ца тоьа – хандешан билгалчу саттаман дацаран кеп:
соций  -хандешан билгалчу саттаман хаттаран кеп:
ма ала – дацаран кеп:
Ц1ахь бан болх:
Кицанаш д1а а яздина, цу юкъара дацаран маь1нехь долу билгала саттаман хандешнаш билгалдаха хьовсур ду шу.
Сиха дахана хи х1урдах ца кхетта.
Берзан бага п1елг ца буьллу.
Хьаша цалеринарг хьошалг1ахь а ца лерина.
Падаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ФГУП «Книжное издательство» 2013 шо.
2. В.А.Янгульбаев, С.В. Янгульбаева «7 классехь нохчийн мотт хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный ГУ «Книжное издательство» 2003 шо.
3. Р. Кадиев, Д.Ахмадова, А. Давлетгириев «Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал» 2015 шо.
4. Я.У. Эсхаджиев «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 5-11 классашна 1амор». Грозный. Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
5. С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. 2012 шо.
6. А. Исмаилов «Дош» Соьлжа-Г1ала. 2005 шо.
Х1оттийнарг: Грозненски к1оштан Беркат-Юьртарчу юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархо Вакаева Тумиша Салмановна.

Close
Яндекс.Метрика