Урок №3 Ц1ерметдош

Ц1ерметдош,цуьнан билгалонаш.Ц1ерметдешнийн легар,цара предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх.
Тахана вай дуьйцур ду ц1ерметдашах,цуьнан билгалонех , ц1ерметдешан легарх,ц1ерметдашо предложенехь дечу синтаксически г1уллакхах лаьцна.
Ц1ерметдош – бераш,муха кхета шу кху дешан маь1нах?-ц1еран меттана дало дош.
Ткъа муьлха къамелан дакъош ду ц1ераш йохурш?
Х1ума билгалъеш, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш ц1ердош ду;
Х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш билгалдош ду; 
Х1уманан масалла я рог1алла  а гойтуш,маса?масалг1а?бохучу хаттарна жоп луш терахьдош ду.
Масала: 
К1антана даима безара шен Даймохк.                                                                               
Тахана къаьсттина хьоме хетара цунна генара схьагун лаьмнаш.
К1антана-(хьанна?)к1ант-ц1ердош
К1антана –хьанна?цунна-ц1ерметдош
Дауда леккха айина йохьура ц1ен байракх.
Иштта байракх яра Увайсехь а.
Байракх муха? ц1ен-билгалдош
(Увайсера)байракх муха? иштта-ц1ерметдош.
Воккхачу дадин кхузткъе итт шо ду.
Оццул хан ю Махьмудан а.
Маса? кхузткъе итт— терахьдош —мел?(хан)—оццул—ц1ерметдош
Ц1ерметдешнаша вайн мотт хазбо,табо,д1адоху къамела юкъара цхьатерра дешнаш.Вай даим цхьатерра ц1ердешнаш я билгалдешнаш,я терахьдешнаш къамелехь лелийча,вайн  мотт кхуьур бацара.Ц1ерметдешнаш дукха дац,амма цара ден г1уллакх мехала ду.
Бераш,ц1ерметдешнаш,шайн маь1нашка хьаьжжина,тайпанашка декъалуш ду. Хьовсур вай кепе: 
Яххьийн
со,тхо,хьо,шу,и,уьш
Дерзоран
суо,со-суо,шу-шаьш
Доладерзоран
сан,церан,хьан,шун
Дерзоран-доладерзоран
сан-сайн,тхан-тхайн, церан -шайн
Гайтаран
х1ара,д1ора,цигара,кхузара
Къастаман
х1арра,изза,муьлхха а
Къастамза
хьенех,минех, масех,цхьаверг
Дацаран
х1умма а,цхьа а, аддам а
Хаттаран
маса?мел?х1ун?
Юкъаметтигаллин
х1ун,мила,хьенан
 
Тахана вай вешан тидам т1ебохуьйтур бу яххьийн ц1ерметдешнашна а,церан легарна а.Яххьийн ц1ерметдешнаш декъало кхаа юьхье.Х1ун  эр дара вай  1-чу ,2-чу,3-чу  юьхьан ц1ерметдешнех лаьцна?
Хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешна къамел деш верг я иза юкъавог1у аг1о билгалйо.
Уьш ду: со,тхо,вай,вайшиъ,тхойшиъ.
Масала: Сой, Салманний г1ала ваханера.Тхойшиъ цигахь хьевелира.
2-чу юьхьан ц1еметдешнаша къамел хьаьнга до гойту. Уьш ду: хьо,шу.
Масала: Хьо вада,со водур вац. Шу дахарий сада1а?
3-чу юьхьан ц1ерметдешнаша кхечарех лаьцна дуьйцу . Уьш ду:и,иза,уьш (уьзаш).
Масала:   Уьш-м бац вай дуьйцург хезаш а.
Яххьийн ц1ерметдешнаш хийцало дожаршца цхьаллин а,дукхаллин а терахьехь.
яххьийн ц1ерметдешнийн легаран кеп:
Дожарш,хаттарш
Цхьаллин терахь
Дукхаллин терахь
Ц1ерниг   мила?муьлшШ
со,    хьо,     и,                иза
тхо,      вай,    шу,    уьш,        уьзаш
Доланиг                 хьенан?
сан,  хьан,  цуьнан,    оцуьнан
тхан, вайн,   шун , церан,    оцеран
Лург                        хьанна?
суна, хьуна, цунна,   оцунна
тхуна, вайна, шуна, царна,  оцарна
Дийриг                       хьан?
ас,   ахь,       цо,             оцо
оха,    вай,      аш,      цара,      оцара
Коьчалниг               хьаьнца?
соьца, хьоьца, цуьнца, оцуьнца
тхоьца,  вайца,  шуьца,  цаьрца,     оцаьрца
Хотталург                  хьанах?
сох,    хьох,    цунах     ,оцунах
тхох,     вайх,      шух ,     царах,        оцарах
Меттигниг              хьаьнга?
соьга, хьоьга, цуьнга, оцуьнга
тхоьга, вайга,     шуьга,  цаьрга,     оцаьрга
Дустург                    хьанал?
сол,   хьол,      цул,        оцул
тхол,    вайл,      шул,      царал,      оцарал
 
Т1едиллар: Аш тидам бан беза:
а) лач дожаршкахь орамера аз муьлхачу ц1ерметдешнаша хуьйцу? (нийса жоп: со, хьо, тхо, шу).
б) дийнна кеп хуьйцурш муьлха ц1ерметдешнаш ду? (нийса жоп: и,иза,уьш,уьзаш).
в) Шен кеп а,орамера аз а цахуьйцург муьлха ц1ерметдош ду? (нийса жоп: вай).
Бераш,х1инца ц1ерметдешнаш юкъахь долуш масех предложени ялор ю вай,бийр бу церан синтаксически къастам.
1.Сол тоьлла хьо-м,сан к1ант!
Х1ун дина? тоьлла-хандашах хилла сказуеми;тоьлла мила? хьо-м 2-чу юьхьан ц1ерметдашах хилла подлежащи; хьо тоьлла хьанал? сол-1-чу юьхьан ц1ерметдашах хилла лач кхачам; сан к1ант-предложенин меже яц,т1едерзар ду.
2.Меллаша не1аре воьду и шиъ.
(Х1ун до?) воьду— сказуеми; ( мила?) и шиъ— подлежащи , (стенга ?)не1аре-латтам,(муха?)меллаша-латтам.
3.Х1ара жайна сан ду.
Хьенан ду?сан ду-ц1еран х1оттаман сказуеми
(сан ду х1ун?жайна- подлежащи;муьлха жайна?х1ара-гайтаран ц1ерметдашах хилла къастам.
Жам1 муха дийр ду  вай?
Муха ду ц1ерметдешнаша предложенехь ден г1уллакх?
Ц1ерметдешнаш предложенехь хила  тарло: подлежащи, кхачам, къастам, сказуемин дакъа
Тахана вай 1амийнарг т1еч1аг1деш,масех т1едиллар ду шуна.
Муьлхачу дешнех олу ц1ерметдешнаш?
ц1ердешнийн,билгалдешнийн,терахьдешнийн меттана лелачу дешнех олу ц1ерметдешнаш.
Вай тахана карладаьккхи ц1ерметдашах  лаьцна 1амийнарг( ц1ерметдешан тайпанаш,церан дожаршца хийцадалар,иштта цуьнан синтаксически г1уллакх а).
Ц1ахь  карладаккха ц1ерметдашах 1амийнарг.

Close
Яндекс.Метрика