Урок №2 Билгалдош

Дала вайн мотт 1амо а, кхио а маьрша леладойла вай. Цуьнан лаамца д1ахьур ю вай рог1ера урок. Вайн маттара дешнаш къамелан дакъошка декъалуш ду. Уьш, вайна ма-хаъарра,  хуьлу коьрта а, г1уллакхан а.  Таханлерчу урокан 1алашо ю 6-чу классехь аш 1амийначу коьртачу къамелан декъах долу хаарш карладахар, т1еч1аг1дар. Ткъа муьлхачух лаьцна дуьйцур ду шуна хуур ду, нагахь санна сан х1етал-метална аш жоп лахь.
Х1уманан билгало гойту
Къамелан дакъа ду со.
Муха ю? Я хьенан ? Стенан?
Хаттаршна ас жоьпаш ло.
Нийса ду.  Вай дуьйцур ду билгалдашах лаьцна.  
Х1уманан билгало гойтучу къамелан  декъах  билгалдош олу.
Цо жоп ло муха? муьлха? хьенан? стенан ? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна.
Масала: 1аьржа буьйса, вешин коч, школан керт, селханлера де, ломара  хьаша.
Уьш,  шайн маь1нашка хьаьжжина, кхаа тайпане декъало: мухаллин, доладерзоран, юкъаметтигаллин. Толлур вай, х1ора тайпано х1ун билгало гойту.
Мухаллин билгалдешнаша гойту х1уманан
билгалонаш:
мухалла  ( дика, вон, эсала)
чам  ( мерза, къаьхьа, теза)
бос  (ц1ен, к1айн, 1аьржа)
барам  (йоккха, жима, шуьйра)
Доладерзоран билгалдешнаша гойту
х1ума   хьенан я стенан долахь ю:  (ден шаьлта, юьртан майда)
Юкъаметтигаллин билгалдешнаша гойту х1ума:
мацалера ю   (стохкалера, стомарлера )
мичара ю    (г1алара, лулара)
стенах  йина ю   (аьчкан, дечиган)
Ткъа х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу, х1окху кепех пайда а оьцуш, билгалдешнаш тайпанашка доькъур ду вай:
мацахлера, йоь1ан, къаьхьа, стохкалера, ненан, ламалера, деха, уьйт1ара, муьста, юьртара, сийна, хьархочун, девешин, к1айн, махкара, хаза, Ахьмадан, ден, горга, юькъа, школан,беламе, дечиган, маьждиган, нилха.
Мухаллин                  доладерзоран                      юкъаметтигаллин
Къаьхьа                       йоь1ан                                   мацахлера
деха                            ненан                                     стохкалера
муьста                        хьархочун                               ламалера
сийна                         девешин                                  уьйт1ара
к1айн                          Ахьмадан                               юьртара
хаза                           ден                                          махкара
горга                         школан                                     дечиган
Билгалдешан  синтаксически г1уллакхах лаьцна дийцале,  билгалдош лаамаза а, лааме а хиларх лаьцна  дуьйцур ду вай.
Ц1ердашца лелачу билгалдашах лаамаза билгалдош олу.
Масала: ц1ен коч, ден доьхка, г1алара хьаша.
Лаамазчу билгалдашна т1е –иг, -ниг суффиксаш кхетарца кхоллало лааме билгалдешнаш.
Масала: ц1ениг, дениг, г1аларниг.
Лаамаза  билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела.
Масала:  Бацалахь лепара ц1ен (муха?) зезагаш.
Лааме билгалдош, шен маь1не хьаьжжина, предложенехь  т1едерзар, подлежащи, кхачам хуьлий лела.
Масала:  Диканиг, дуьйцучуьнга ладуг1уш хилалахь.(диканиг-т1едерзар)
Воккхачо къамел дира х1оьттинчу хьолах лаьцна.(воккхачо-подлежащи)
Жимачуьнга леррина хьаьжира Супьян.(жимачуьнга-кхачам)
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш кхин а цхьа болх бийр бу вай.
Х1ара лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзор ду:
Сиха говр, боккха некъ, лекха лам, готта урам, тиша раг1у,серийн керт, стохкалера шо,  къинхетаме куьг, дато пхьег1а, собаре стаг.
сиха говр-сиханиг                     серийн керт-серийниг
боккха некъ-боккханиг             тохкалера шо- стохкалерниг
лекха лам-лекханиг                  къинхетаме куьг-къинхетамениг
готта урам –готтаниг         дато пхьег1а-датониг
тиша раг1у- тишаниг            тиша раг1у –тишаниг
Билгалдешнаш  дожаршца хийцало, маса легар ду церан хаьий шуна?
Билгалдешнийн ши легар ду:
1-чу легарна чудог1у лач дожаршкахь –чу чаккхе йолу лаамаза билгалдешнаш.
Масала: лекха керт, лекхачу кертан, лекхачу кертана, лекхачу керто.
2-чу легарна чудог1у  массо а лааме билгалдешнаш, церан дожаршца хийцадалар 4-чу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна хуьлу.
Масала: хазаниг, хазачун, хазачунна, хазачо.
Кхочушдийр ду вай рог1ера т1едиллар.
Легор ду сийна коч, воккханиг боху билгалдешнаш.
Ц1.    сийна коч                      воккханиг
Дл.   сийначу кучан                воккхачун
Л.     сийначу кучана              воккхачунна
Др.   сийначу кучо                  воккхачо
К.     сийначу кучаца               воккхачуьнца
Х.     сийначу кучах                 воккхачух
М.    сийначу куче                   воккхачуьнга
Дс.   сийначу  кучал                воккхачул
Тахана урокехь вай карладаьккхира билгалдашах 1амийнарг,  иза х1уманан билгало гойту коьрта къамелан дакъа хилар, тайпанашка декъалуш  хилар,  къастийра цуьнан синтаксически г1уллакх, масса легар ду а.
Ц1ахь бан болх: аш кхочушдан деза 6-чу классан 1амат т1ера 74-г1а шардар. Цигахь билгалдешнаш билгалдаха, церан дожарш, легарш къастаде аьлла ду..
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт 6-г1а класс» Грозный ГУ «Книжное издательство»
С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
С.Э. Эдилов «Нохчийн меттан практикум»  Соьлжа –г1ала. Издательство «Арфа-пресс» 2011 шо.
 
Тест 1
Муьлхачу предложенехь ду  билгалдош
А)  К1анта говр чехка лаьллира.
Б)  Хи чехка дог1ура.
В)  Чехка стаг вара иза.
Тест 2
Юкъаметтигаллин билгалдешнаш муьлхачу мог1анехь ду
А)  сингаттаме, бежанан,  маьттаза
В)  хаза, вешин, генара
Тест 3
Билгалдешнаш … хуьлу.
 А) лааме, лаамаза;
Б) масаллин, рог1аллин;
В) коьрта а, коьртаза а.
 
Тест 4
Лаамаза билгалдешнаш:
А) лекха йо1, хазаниг;
Б) хаза г1иллакх, дика к1ант;
В) дика доьшу, оьзда амал;
Г) д1аоьху денош, малх чубуьзи.
 
Тест 5
Лааме билгалдош къастаде
А)  генара хьаша
Б)  к1айн коч
В)  жиманиг
Г)  ден весет

Close
Яндекс.Метрика