Урок №1 Ненан маттах лаьцна дош

Вай карладоккхур ду 5-6-чу классашкахь 1амийнарг, дуьйцур ду ц1ердашах, цуьнан грамматически билгалонех лаьцна. Цу 1алашонца д1ахьур ю вай 7-чу классан хьалхара урок. Вайна ма-хаара адамийн дахарехь йоккха меттиг  д1алоцу матто. Шен дагахь дерг, шен ойла маттаца йовзуьйту х1ора стага. Ткъа вовшах дика кхетархьама вайна ц1ена литературни маттахь къамел  дан, яздан хаа деза.  Даггара вайн мотт беза а  безаш, лара лоруш схьабеана вайн дайша, халкъан турпалхоша, иштта вайн къоман яздархоша а. Масаллин яло лаьа суна Арсанукаев Шайхин  «Весет» ц1е йолу  байташ. Оцу нохчийн  сийлахьчу яздархочо боху вайга:
«Нохчийн мотт — и халкъан
Синхазнийн хьоста-
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.»
Иштта дас а, нанас а берашка д1а а кховдош, схьакхачийна вайга нохчийн мотт. Цундела вайн декхар а ду и 1алашбар а, кхиор а.
Х1инца нохчийн маттах долу хаарш карлдохур ду вай шуьца.
5-чу классехь вай  1амийра предложенин меженаш, уьш коьрта а, коьртаза а хуьлу. Дагадоуьйтур ду вай — коьрта муьлхарш ю, коьртаза муьлхарш ю:
Коьрта меженаш: подлежащи, сказуеми.
Коьртаза меженаш:  кхачам, къастам, латтам.
Предложенин меженаш къасто муха хаьа хьажархьама, вай синтаксически къастам бийр бу х1окху предложенешна:
Ялта а, докъар а кечдинера бахархоша 1аьнна.
Х1окху предложенехь кечдинера-сказуеми ду, бахархоша-подлежащи, ялта, докъар — нийса кхачамаш хуьлу, 1аьнна — лач кхачам бу.
Баймарзас меллаша божалан не1 схьайиллира.  схьайиллира-сказуеми, Баймарзас— подлежащи, не1-нийса кхачам, божалан – къастам, меллаша — латтам.
Б1аьстенан юьххьехь тхайн ирзу долчу вахара со.
вахара-сказуеми,со –подлежащи,ирзу долчу-латтам,б1аьстенан юьххьехь-латтам
5-6-чу классашкахь вай дийцира къамелан дакъойх лаьцна. Х1инца юха а карладоккхур вай. Шуна дагадог1ий уьш?
Къамелан дакъош: Ц1ердош, билгалдош, терахьдош, ц1ерметдош, хандош, куцдош къамелан дакъош ду.
Х1инца вай кхочушдийр ду рог1ера т1едиллар. Муьлха къамелан дакъош ду къасто хьовса деза шу х1ара дешнаш:
Соцу, маха, охьахьажа, х1ара, онда, букара, со, езткъа, гуьйре, итт, къайлавелира, къинхетам, эзар,  воьлур ву, шу, лам, кхоалг1а, вай, мерза, к1айн.
Ц1ердош       билгалдош        терахьдош       ц1ерметдош    хандош
маха                 онда                    езткъа                х1ара             соцу  
гуьйре              букара                  итт                       со               охьахьажа                 
къинхетам         мерза                  эзар                     шу               къайлавелира                 
лам                    к1айн                  кхоалг1а              вай              воьлур ву
Х1инца Ц1ердош а, цуьнан  грамматически билгалонаш а карлайохур вай.
Х1ума билгал а еш, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш долу къамелан дакъа ц1ердош ду.
Ц1ердешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь лела.
Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалйо. Масала: коч, топ, кор, некъ.
Дукхаллин терахьо шиъ я цул сов х1ума билгалйо. Масала: кучамаш, тоьпаш, кораш, некъаш.
Х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, болх бийр бу вай, дукхаллин терахье дохур ду лахахь далийна ц1ердешнаш:
Етт, дошло, лай, хьун, дин, т1ай, куп, кор, жий, сту.
етт –хьелий
дошло-дошлой
лай -леш
хьун-хьаннаш
дин-дой
т1ай-т1еш
куп-каппаш
кор-кораш
жий-жерчий
сту-стерчий
Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу.
Маса легар ду ц1ердешнийн дагадохий шуна?
Церан диъ легар ду, цхьаллин терахьан коьчалниг дожар ду легар къастош дерг.
1-ра легар    –ца, -аца 
2-г1а легар   –нца, -рца
3-г1а легар   –ица 
4-г1а  легар –чуьнца
Масала:
Ц1.  Зезаг           гергарло                баба         дешархо
Дл.  Зезаган       гергарлонан           бабин       дешархочун
Л.    Зезагна         гергарлонна         бабина     дешархочунна
Др.   зезаго          гергарлоно           бабас       дешархочо
К.    зезагца          гергарлонца        бабица     дешархочуьнца
Х. зезагах          гергарлонах           бабех       дешархочух
М. зезаге           гергарлоне             бабе        дешархочуьнга
Дс. зезагал       гергарлонал           бабел       дешархочул
Х1окху урокехь вай карладаьккхи 5-6-чу классашкахь 1амийнарг, дийци предложенин меженех лаьцна, къастий, уьш коьрта а, коьртаза а хилар, къамелан дакъош карладехи. Дийци  ц1ердашах лаьцна, цуьнан терахьашца, дожаршца , легаршца хийцадаларх.
Ц1ахь бан болх  ишта хир бу. Далийна ц1ердешнаш дукхаллин терахье даха, царех шиъ легаде:
сурт, пондар, доттаг1, гата, лам, ваша.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт 6-г1а класс» Грозный ГУ «Книжное издательство»
2. С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
3. С.Э. Эдилов «Нохчийн меттан практикум»  Соьлжа –г1ала. Издательство «Арфа-пресс» 2011 шо.
 
Тест 1
Ц1ердашо:
А) х1уманан билгало гойту;                                                                                             Б) х1ума билгалйо;
В) х1уманан масалла гойту;
Г) х1уманан дар я хилар гойту.
Тест 2
Нохчийн маттахь ц1ердешнийн:
А) ялх грамматически класс ю;
Б) йиъ грамматически класс ю;
В) божарийн класс, зударийн класс, юкъара класс ю;
Г) божарийн класс, зударийн класс бен яц.
Тест 3
Нохчийн маттахь ц1ердешнийн:
А) 10 дожар ду;
Б) 8 дожар ду;
В) 6 дожар ду;
Г) Ц1ердешнийн дожарш дан а дац.
Тест 4
 Асетана, 1аламна, нанна, Дуьненна – бохучу ц1ердешнаша хаттаршна жоп ло:
А) ц1ерниг дожаран;
Б) хотталург дожаран;
В) лург дожаран;
Г) доланиг дожаран.
Тест 5
Лург, хотталург дожарийн хаттарш х1орш ду:
А) хьенан? стенан?, хьан? стен?
Б) мила? х1ун?, хьаьнца? стенца?
В) хьанна? стенна?, хьанах? стенах?
Г) хьаьнга? стенга?, хьанал? стенал?

Close
Яндекс.Метрика