Урок №39 Хандош – къамелан дакъа, цуьнан маь1на

Вайн рог1ерчу урокан тема ю хандош а, цуьнан маь1на а.
Х1ара урок д1айолош Iарби Мамакаевн цхьана байта т1ера мог1анаш доьшур ду вай:
Деша дахча,
Доьший дог1уш,
Бай т1е девлча,
Бацалахь ловзуш,
Юткъачу г1ожца
Горга гал лоьллуш,
Вай б1аьсте хьоьсту,
Цо вай а хьоьстуш.
Хандошо  мехала а, маь1не а меттиг д1алоцу къамелехь. Вайна гонах мел долу х1ума долало хандош юххе х1оьттича — адамаша г1ишлош йо, аренашца ялта кхуьу, б1аьсте схьакхочу, берийн аьзнаш дека и д1.кх.
Тахана вай шуна довзуьйтур ду хандош, цуьнан хаттарш, иштта предложенехь хандош х1ун меже хуьлий лела а.
Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло: х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу?  бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу а хаттаршна.
Масала:
х1ун дан? деша, хьеха, лакха
х1ун до? доьшу, хьоьху, локху
х1ун хила? хазъяла, денъяла, ларъяла
х1ун хуьлу? хазло, денло, ларло
Х1инца иштта предложенеш д1аязйийр ю вай хандешнаш билгал а дохуш:
Т1ееара хаза б1аьсте. Арахь  самукъане ловзу бераш. Селхана со  волчу  хьошалг1а веанера сан доттаг1.Стеган дагара матто схьадуьйцу.
Оцу предложенешкахь — т1ееара – хандош ду, цо жоп ло х1ун дира? бохучу хаттарна, иштта хандешнаш ду: (х1ун до?) ловзу,  (х1ун динера?) веанера, (х1ун до?) схьадуьйцу.
Т1едиллар №1.
Далийначу хаттаршна жоп лучу кепара нисдеш,  д1аязде  иштта хандешнаш:
лакха, вела, эца, хатта
Хаттарш иштта хир ду:
Х1ун дан? х1ун дин? Х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора?  х1ун дийр ду?
Тидам бе:  х1ун хийцамаш хилла оцу дешнашкахь?
Цара  хенашца  хийцадаларца  долчу хаттаршна жоп делла, х1ораммо а, г1уллакх маца кхочушхилар а  гайтина.
Предложенехь х1ун меже хуьлий лела хандош, хьовсур деза вай шуьца:
Масала:
Олхазарийн хазачу мукъамаша самаваьккхира со. Школе массарал а хьалха схьакхочура иза. Хазачу дашо адаман дог деладо.
Оцу предложенешкахь – (х1ун дира?)  самаваьккхира – хандош ду,  самаваьккхира (мила?) – со – подлежащи ду – кхузахь хандащо подлежащих лаьцна дуьйцуш ду.
Ткъа вайна ма-хаара предложенехь подлежащех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженех – сказуеми олу. Х1окху предложенехь хандош сказуеми ду.
(х1ун дора?) схьакхочура – сказуеми ду,  схьакхочура  (мила?) – иза – подлежащи ду.
(х1ун до?) деладо — сказуеми ду, деладо (стен?) – дашо – подлежащи ду.
Т1едиллар №2.
Кицанашна юкъара хандешнаш билгал а дохуш, хаттарш а х1иттаде.
Шен ненан сий лардечо — Даймехкан сий а лардийр ду.
Ворх1 во1 волчу ден пхоьханахь дош лела.
Т1ехь стом боцчу дитта т1е г1орзолгаш ца кхуьйсу.
Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.
Тахана вай шуьца 1амийра хандош, цуьнан хаттарш,  предложенехь хандош х1ун меже хуьлий лела а. Т1ейог1учу урокашкахь вай кхин д1а оцу къамелан декъах долу хаарш алсам дохуш, цуьнан тайп-тайпана билгалонаш йовзуьйтуш болх бийр бу шуьца.
Цу т1ехь вай урок чекхйолу. Шун 1одика йойла. Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика