Урок №38 Ц1ерметдош морфологически къастор

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду ц1ерметдош морфологически къасторах лаьцна.
Ц1ерметдашах 1амийнарг цкъа хьалха жимма карладоккхур ду вай.
Вайна ма-хаъара, ц1ерметдош ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан метта лела къамелан дакъа ду.
Дагадаийта вай, ц1ерметдешан х1ун билгалонаш 1амийна вай.
Ц1ерметдешнаш шайн маь1не хьаьжжина тайпанашка декъало.
  1. Яххьийн: со, тхо, хьо, шу, уьш.
  2. Дерзоран: суо, со-суо,  шу-шаьш.
  3. Доладерзоран: сан, церан, хьан, шун.
  4. Дерзоран-доладерзоран: сан-сайн, тхан-тхайн, церан-шайн.
  5. Гайтаран: х1ара, д1ора, цигара, кхузара.
  6. Къастаман: х1арра, изза, муьлхха а.
  7. Къастамза: хьенех, минех, масех, цхьаверг.
  8. Дацаран: х1умма а, цхьа а, аддам а.
  9. Хаттаран: мел, маса, х1ун.
  10. Юкъаметтигаллин: х1ун, мила, хьенан.
Кхин х1ун хаьа вайна ц1ерметдашах?
Ц1ерметдешнаш терахьашца хийцало. Дацаран ц1ерметдешнаш дукхаллин терахьехь ца лела. Ц1ерметдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу. Дожаршца хийцало дерриге бохург санна ц1ерметдешнаш.  Лааме дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнийн шолг1а дакъа бен ца хийцало.
Сан-сайниг, сан-сайчун, сан-сайчунна, сан-сайчо… 
Дерзоран ц1ерметдешнаш цхьалхе а, чолхе а хуьлу. Чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш шина декъах лаьтта, уьш юккъе дефис юьллуш яздо. Дожаршца церан ший а дакъа хийцало.
Со-суо, сан-сайн, суна-сайна … (цхь. тер.)
Вай-ваьш, вайн-вешан, вайна-ваьшна … (дукх. тер.).
Ц1ерметдош предложенехь подлежащи, кхачам, къастам иштта сказуемин дакъа а  хила тарло.
Жимачу дукъ т1е хьалавелира со. (со подлежащи ду).
Д1ахьаьжча гуш яра тхан юрт. (тхан къастам бу).
Нанас марздина цунна дайн оьзда г1иллакхаш. (цунна кхачам бу ).
Юьрта йистера керт цуьнан ю. (цуьнан сказуемин дакъа ду)
Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаьккхи вай. Х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш, ц1ерметдош морфологически къасторан некъ бовзуьйтур бу вай шуна. Иза иштта билгалбоккху.
1.Къамелан дакъа;
2. Юьхьанцара кеп (цхьаллин терахь, ц1ерниг дожар),
3. тайпа,
4. терахь,
5. юьхь(елахь),
6. дожар,
7. лааме я лаамаза;
8. Синтаксически г1уллакх (предложенин меже)
Т1едиллар №1.
Х1инца иштта предложени д1а а язъей, морфологически къастаде ц1ерметдешнаш.
Шайна хетарг дуьйцура цара.
Т1едиллар №2.
Д1аязъе иштта предложени.
Со дешархошца экскурсе яхара.
Ц1ерметдош морфологически къастаде.
Т1едиллар №3.
Д1аязъе иштта предложени.
Къегинчу малхо серлаяьккхинера тхан жима к1отар.
Х1ара предложени синтаксически къаста а яй, морфологически къастаде кху юкъара ц1ерметдош.
Х1окху урокехь вай дийцира ц1ерметдош морфологически къасторах лаьцна. Ц1ерметдашах 1амийнарг карла а даьккхи вай.
Ц1ахь бан болх:
Ц1ерметдешнаш юкъахь долуш 3 предложени язъе. Ц1ерметдешнаш морфологически къастаде.
Кху т1ехь урок ерзор ю вай.  1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика