Урок №37 Ц1ерметдешан синтаксичеси г1уллакх

Х1окху вешан рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду ц1ерметдешан синтаксически г1уллакхех лаьцна.
Ц1ерметдош, вайна ма хаъара, ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан метта лела къамелан дакъа ду. Ц1ерметдешнаш шаьш дагардича дукха дац. Амма цара йоккха меттиг д1алоцу вайн мотт кхиарехь. Цара мелла а чулацаме а, маь1не а дой тодо вайн къамел.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш.
Дешархой схьабаьхкира школе.                
Уьш схьабаьхкира школе.    
Берийн бошмашкахь бераш ловзу.
Иштта бошмаш ю тхан юьртахь а.
Виъ стаг вара хил дехьа лаьтташ.
Церан хил сехьа бовла  дийзира.
— Муьлха къамелан дакъош ду билгалдаьхна дешнаш?
Дешархой – ц1ердош
Берийн – билгалдош
Виъ – терахьдош
Оцу дешнийн меттана вай яздина ц1ерметдешнаш: уьш, иштта, церан.  
Ц1ерметдешнаша вайн таро хуьлуьйту къамел деш а, йозанца болх беш а цхьа дош юх-юха яздан а ца дезаш, цуьнан меттана кхин дош яздан. Цара вайн меттан таронаш алсамйоху.
Ц1ерметдешнех  маь1не хьаьжжина предложенехь подлежащи а, кхачам а, къастам а, иштта сказуемин дакъа а хила тарло.
Иштта предложенеш д1а а язйина, ц1ерметдешнех муьлха меженаш хуьлу хьовсур ду вай.
 1. Ас-айса нисдира сайн г1алат.
 2. Селхана шелахошка хьошалг1а ваханера со.
 3. Цара суна дийцира хилларг, лелларг.
 4. Д1орачуьнга д1аелира ас хьан книга.
 5. Ас дуьйцур ду хьуна иза-м.
6. Дуккха а халонех чекхъяла деза сан.
 7. Х1ара ц1енош тхан ду.
Х1окху предложенешкахь:
1-чу предложенехь чолхе дерзоран ц1ерметдош ас-айса подлежащи ду; лаамаза доладерзоран
ц1ерметдош сайн къастам бу.
2-чу предложенехь яххьийн ц1ерметдош со подлежащи ду.
3-чу предложенехь яххьийн ц1ерметдош цара подлежащи ду, суна лач кхачам бу.
4-чу предложенехь  лааме гайтаран ц1ерметдош д1орачуьнга лач кхачам бу, яххьийн ц1ерметдош ас  подлежащи ду, доладерзоран ц1ерметдош хьан къастам бу.
5-чу предложенехь  яххьийн ц1ерметдош ас подлежащи ду, хьуна  лач кхачам бу, иза-м— нийса кхачам.
6-чу предложенехь доладерзоран ц1ерметдош сан подлежащи ду.
7-чу предложенехь лаамаза гайтаран ц1ерметдош х1ара къастам бу, доладерзоран ц1ерметдош тхан сказуемин дакъа ду. 
Оцу предложенешкахь ц1ерметдешнийн синтаксически г1уллакхашка хьаьвсича вайна билгалдолу-
Яххьийн, дерзоран ц1ерметдешнаш предложенехь, маь1нига      хьаьжжина, подлежащи я кхачам хуьлий лела.
Лааме ц1ерметдош, муьлххачу тайпана делахь а, подлежащи я кхачам хуьлу.
Лаамаза гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнаш дукхахьолахь къастам хуьлий лела.
Доладерзоран ц1ерметдош подлежащи хила а тарло.
Ц1ерметдош сказуемин дакъа хуьлий а лела.
Т1едиллар №1.
Вай 1амийначух пайда а оьцуш, кхочушдан хьовса цхьа т1едиллар.
Д1аязъе иштта предложенеш:
Т1екхечира хаза б1аьсте. Цо аренашка баржийра баьццара куз.
Цуьнан куц даьккхира цо бес-бесарчу зезагашца. Уьш эсала техкадора мелачу мохо.
И предложенеш синтаксически къастае. Хьовса, предложенин муьлха меженаш хилла лела ц1ерметдешнаш.
Т1едиллар №2.
Кхочушдан хьовса кхин цхьа т1едиллар а иштта предложенеш д1а а язъяй.
Оцу хьешийн г1иллакхаш шатайпана дара.
Вайн комаьршаллех цецбевллера уьш.
Синтаксически къастам бе х1окху предложенешна а.
Х1окху урокехь вай шуна довзийтира ц1ерметдешнийн синтаксически г1уллакхаш.
Кху т1ехь вешан урок ерзор ю вай. 1одика йойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика