Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнех лаьцна а, уьш предложенешкахь вовшех къасто а 1амор ду, церан башхаллаш а йовзуьйтур ю.
Нохчийн маттахь хаттаран, юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш аларехь а, яздарехь а башхалла йолуш дац.
Хаттаран маь1нехь долчу ц1ерметдешнех хаттаран ц1ерметдешнаш олу. Уьш ду мила, муьлш, х1ун, мел, маса, муха, муьлха. Уьш дожаршца ц1ердешнаш санна хийцало.
Х1ун, мила бохучу хаттаран ц1ерметдешнаша лач дожаршкахь юьззина шайн кеп хуьйцу.
Муьлш бохучу хаттаран ц1ерметдешан дукхаллин терахьан кеп ц1ерниг дожарехь бен ца лела.
Ц1. мила? (муьлш?) х1ун? маса? муха?
Дл. хьенан? — стенан? масаннан? мухачун?
Л. хьанна? —— стенна? масанна? мухачунна?
Др. хьан? —— стен? масаммо? мухачо?
К. хьаьнца? —— стенца? масанца? мухачуьнца?
Х. хьанах? —— стенах? масаннах? мухачух?
М. хьаьнга? —— стенга? масанга? мухачуьнга?
Дс. хьанал? ——- стенал? масаннал? мухачул?
Хаттаран ц1ерметдешнаш маь1нига а, предложенин х1оттаме а хьаьжжина, юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш хуьлий лела. Иштта нисло дукхахьолахь чолхечу предложенешкахь.
Масала:
1. Дада, вайга веана хьаша мила ву? Мила (ву)? – хаттаран ц1ерметдош ду, х1унда аьлча, и хьаша ца вевзаш, и вовза лаар гойту цо.
2. Суна ца хаьа, вайга веана хьаша мила ву. Кхузахь х1умма а хоттуш дац, дуьххьал д1а и хьаша шена вевзаш ца хиларан хьокъехь беш хаам бу.
Т1едиллар №1.
Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, д1аязъе предложенеш, тидам бе, х1ун, мила боху ц1ерметдешнаш хаттаран я юкъаметтилагин ц1ерметдешнаш хилар. Иза билгалдаккха а хьовса.
а) Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш?
б) Х1ун до цо иштта дика дешархьама?
в) Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш верг.
г) Тхуна хии, цо х1ун до иштта дика дешархьама.
Т1едиллар №2.
Хаттаран ц1ерметдешнех юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш деш, д1аязъе предложенеш.
Хьо стенга воьдуш ву? – хаьттира Хьасана.
Т1ом чекх муха баьлла?
Муьлш бу кху чохь берш?
Х1инца мичахь хила лаьа хьуна, Юсуп?
Селхана шуьга веанарг мила вара?
Хаттаран, юкъаметтигаллин ц1ерметдешнех лаьцна вай дийцинарг т1еч1аг1деш ала мегар ду, хаттаран, юкъаметтигаллин ц1ерметдешнийн легадалар а шина лардаца хуьлуш ду: ц1ерниг дожаран лард (мила? х1ун?), лач дожарийн лард (хьан? стен?). Маса, мосалг1а, мел боху хаттаран ц1ерметдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу.
Кху т1ехь вай урок чекхйолу.1одика йойла шун ! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.