Урок №34 Дацаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а

Вай кхид1а а дуьйцур ду ц1ерметдешнийн тайпанех  лаьцна.
Тахана вайна девзар ду дацаран ц1ерметдешнаш.
Оьрсийн маттахь «отрицательные местоимения»ду уьш.
Вайн маттахь дацаран хуьлу уьш. Муха кхета вай дацаран бохучу дашах?
Дац бохург дуй иза? Бакъоно  х1ун боху хьовсий вай?
Дацаран  ц1ерметдешнаша х1ума я адам цахилар гойту. Уьш дукха дац:цхьа а(цхьаъа а),аддам а,х1умма а. Дацаран ц1ерметдешнаш  дукхаллин терахьехь  ца  лела.
Цхьа а вац, аддам а дац, х1умма а яц.
Дацаран ц1ерметдешнех пайда а оьцуш, предложенеш х1иттор ю вай.
Кхин  цхьа а ледарло йолуьйтур  яц ас сайгара.
Хьо волчу чохь  аддам а вуй?
Оха  х1умма  а вониг ца дина.
Х1окху  предложенешкахь цхьа а, аддам а, х1умма а дацаран ц1ерметдешнаш ду.
Дацаран ц1ерметдешнаш дожаршца хийцало. Масала:
Лаамаза кеп:                                                             Лааме  кеп:
Ц1. цхьа а к1ант                                                        цхьа  а       
Дл. цхьана а к1ентан                                                цхьаьннан  а
Л. цхьана а к1антана                                                цхьанна а    
Др. цхьана а к1анта                                                  цхьаммо а  
К. цхьана а к1антаца                                                цхьаьнцца а
Х. цхьана а к1антах                                                  цхьаннах а
М. цхьана а к1анте                                                   цхьаьнгга а
Дс. цхьана а к1антал                                                цхьаннал а
Дицдан ца деза, уьш ц1ердешнаш санна легалуш хилар а, церан лардашкара шала мукъазнаш лач дожаршкахь  дуьсуш  хилар.
Ткъа х1инца, х1окху предложенешкахь дацаран ц1ерметдешнаш схьа а лохуш,церан дожарш билгалдохур ду  вай.
Лаьттан  меха  х1умма а яц.
Цхьаммо  а халахетар ца  дора  цунна.
Сох  аддам  а тешар дац,ас  и ма-дарра дийцича.
Хьалхарчу  предложенехь — лаьттан меха яц (х1ун?) — х1умма а — дацаран ц1ерметдош ц1ерниг дожарехь ду
Халахетар ца дора цунна (хьан?) — цхьаммо а — дацаран ц1ерметдош дийриг дожарехь ду
Сох тешар вац (мила?) — аддам а — дацаран ц1ерметдош ц1ерниг дожарехь ду.
Т1едилар №1.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.Т1адамийн меттана  маь1ница дог1у ц1ерметдешнаш  а дохкуш,д1аязйийр ю х1ара предложенеш:
Суна … ца оьшу шуьгара.
 Амма иза … тергал ца вора.
И говр … сацалуш  ца хилла.
…  ца вевзира хьуна цигахь?
Г1оьнна дешнаш: цхьа а, х1умма а,цхьаьнгге а, цхьаммо а.
Тахана вайна  ц1ерметдешнийн кхин цхьа  тайпа а девзи-дацаран. Къамелехь царех  пайда эца  а, маь1ница уьш нийса билгалдаха а,церан дожаршца хийцадалар а,уьш дукхаллин  терахьехь   лелаш цахилар а хии.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика