Х1окху урокехь вай кхин д1а а дуьйцур ду ц1ерметдешнех лаьцна.
Вайна девзар ду доладерзоран ц1ерметдешнаш. Оьрсийн маттахь «притяжательные» олу царах.
Доланиг дожарехь долу массо а тайпа ц1ерметдешнаш доладерзоран маь1нехь лела. Уьш лаамаза а, лааме а хуьлу.
Масала:
сан болх — сайниг,
хьан йовлакх – хьайниг,
тхан юрт – тхайниг,
церан бахам– цераниг,
шун г1иллакх – шуьниг
Лааме доладерзоран ц1ерметдешнаш кхоллало Доланиг дожарехь долчу ц1ерметдешнашна т1е цхьаллин терахьехь – иг(ниг), дукхаллин терахьехь – аш – суффиксаш кхетарца.
Масала:
сайниг – сайнаш
хьайниг – хьайнаш
цуьнниг – цуьннаш
кхуьнниг – кхуьннаш
кхераниг – кхеранаш
Доладерзоран ц1ерметдешнаш нохчийн маттахь яххьийн ц1ерметдешнех кхоллало, масала:
Со – сан къолам – сайниг
Хьо – хьан г1уллакх – хьайниг
Иза – цуьнан йиша – цуьнниг
Лаамаза доладерзоран ц1ерметдешнаш дожаршца ца хийцало, ткъа лааме ц1ерметдешнаш дожаршца хийцало лааме билгалдешнаш санна масала:
Ц1. сан дахар, тхайниг, тхайнаш;
Дл. сан дахаран, тхайчун, тхайчеран;
Л. сан дахарна, тхайчунна, тхайчарна;
Др. сан дахаро, тхайчо, тхайчара;
К. сан дахарца, тхайчуьнца, тхайчаьрца;
Х. сан дахарх, тхайчух, тхайчарах;
М. сан дахаре, тхайчуьнга, тхайчаьрга;
Дс. сан дахарал, тхайчул, тхайчарал;
Т1едиллар №1.
Х1окху предложенешкахь доладерзоран ц1ерметдешнаш къастаде:
Сайниг санна ойла кхоллаелира церан а.
Шениг кхочушдан г1ертара Ахьмад.
Тхайниг а вара балха ваха везаш.
Нахаца йолу юкъаметтиг ч1ог1а дика ю цуьнан..
Т1едиллар №2.
Х1окху кицанашна юкъара ц1ерметдешнаш, церан тайпанаш билгалдаха.
Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьла.
Хьан дош – дош дацахь, дуй – дуй бац.
Т1едиллар №3.
Х1инца х1окху лаамазчу доладерзоран ц1ерметдешнех, 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, лааменаш кхуллур ду вай
Вайн –
шун –
тхан –
хьан —
церан –
Х1ара ц1ерметдешнаш дукхаллин терахье а даха.
Тахана вайна девзи кхин цхьа ц1ерметдешнийн тайпа – доладерзоран.
Цхьа хаза дешнаш ду Бексултанов Мусан.
«Матто кхуллу Даймохк» боху цо.
Цундела 1амо беза вай вешан нохчийн мотт, иза 1алашбан а, кхион а беза вай. Т1аккха вайн Даймохк хир бу даиман сийлахь а, маьрша а.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.