Урок №32 Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш, церан легар

Тахана вай  дуьйцур ду дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнех лаьцна. Оьрсийн матте даьккхича «возвратно-притяжательные» нисло уьш – иштта ши ц1е цхьаьна йолуш оьрсийн маттахь ц1ерметдешнаш дан а дац, делахь а оьрсийн матте гочдича, иштта нисло церан ц1е.
Дерзоран а, доладерзоран а ц1ерметдешнийн билгалонаш шайца йолчарех дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш олу. Уьш шина декъах лаьтта, лаамаза а, лааме а хуьлу.
Масала:    
сан-сайн, — лаамаза,
сан-сайниг — лааме,
Хьан-хьайн   —   хьан-хьайниг
тхан-тхайн — тхан-тхайниг
Лааме дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш кхоллало церан шолг1ачу декъана т1е  цхьаллин терахьехь –ниг, дукхаллин терахьехь -аш суффиксаш кхетарца; дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш, юккъе дефис юьллуш яздо, масала:
Сан – сайниг,      сан – сайнаш
Хьан – хьайниг,    хьан – хьайнаш
Цуьнан – шениг,   цуьнан – шенаш
Х1инца тидам бийр бу вай лааме а лаамаза дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнийн дожаршца  хийцадаларна:
Ц1.   сан-сайн лаам              сан-сайниг          хьан-хьайнаш
Дл.   Сан-сайн лааман         сан-сайчун          хьан-хьайчеран
Л.     Сан-сайн лаамна        сан-сайчунна      хьан-хьайчарна 
Др.  сан-сайн лаамо             сан-сайчо             хьан-хьайчара
К.    сан-сайн лаамца           сан-сайчуьнца    хьан-хьайчаьрца
Х.    сан-сайн лаамах           сан-сайчух            хьан-хьайчарах
М.   сан-сайн лааме             сан-сайчуьнга     хьан-хьайчаьрга
Дс.  сан-сайн лаамал            сан-сайчул           хьан-хьайчарал
Кхузахь вайна билгалдолу лаамаза дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш дожаршца  хийцалуш цахилар (хийцалуш дерг цуьнца уьйр йолу ц1ердош ду), ткъа лаамечеран шолг1а дакъа (шолг1а дош) хийцало.
Т1едиллар №1.
Х1окху предложенешкахь дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш билгалдаха.
Вай-вешан гергарло  д1атосур дац.
Шайн лаам болуш  ду цуьнан бераш.
Сан-сайн болх  бара чекхбаккха безаш.
Хьан-хьайниг атта ву цига вига.
Цуьнан-шен г1иллакх ду цо гайтинарг.
Т1едиллар №2.
Легаде  лааме дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь:
тхан – тхайниг, тхан – тхайнаш.
Ц1ахь бан болх:
Х1окху стихотворенехь шайна девза ц1ерметдешнан билгалдаха.
Суна гина хийла аре,
Суна гина хийла мохк,
Дай баьхначу махка варе
Ас сатуьйсуш баьккхи ког.
«Мерза хуьлу муьста берам,
Нанас хьалха биллинехь,
Илли ала хьо ма кхера
Дог ахь цунна д1аделлахь», —
Боху соьга юьртахоша
Органа йистехь пхьоьханехь,
Гаьннаш лийчош, лаьтта кхораш
Стигла хи чу йижина.
Орга дека чуьра дуьйлуш,
Хийла к1ант цо хьахаво,
Наггахь дог1у тийна, г1ийла
Цкъацкъа тухий ловзар до.
Дикаев М.
Тахана вайна девзи кхин цхьа ц1ерметдешнийн тайпа – дерзоран-доладерзоран.
Уьш шина декъах лаьтташ хилар а, дефис юьллуш яздар а хии вайна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика