Х1окху урокехь вай дуьйцур ду дукхаллин терахьехь хьалхара юьхь билгалъеш долу ц1ерметдешнаш.
Цкъа хьалха вай карладоккхур ду цхьаллин терахьехь яххьийн ц1ерметдешнийн дожаршца хийцадалар:
цхь.терахь
Ц1ерниг со; и
Доланиг сан; цуьнан
Лург суна; цунна
Дийриг ас; цо
Коьчалниг соьца; цуьнца
Хотталург сох; цунах
Меттигниг соьга; цуьнга
Дустург сол; цул
Яханчу урокехь вай ма-аллара, дийриг дожарехь цхьаллин терахьехь 1-чу юьхьан ц1ерметдашо кеп хуьйцу: ц1ерниг дожарехь -со, дийриг дожарехь –ас, хуьлу.
Иштта 3-чу юьхьан- И- ц1ерметдашо лач дожаршкахь орамера аз хийцина ца 1аш шен кеп хуьйцу.
Нохчийн маттахь дукхаллин терахьан хьалхара юьхь билгалъеш диъ ц1ерметдош ду:
тхо, вай
тхойша (тхойшиъ), вайша (вайшиъ)
дукх. терахь.
Ц1. Тхо; вай
Дл. Тхан; вайн
Л. Тхуна; вайна
Др. оха; вайша
К. тхоьца; вайца
Х. тхох; вайх
М. тхоьга; вайга
Дс. тхол; вайл
Вайна ма-гарра, тхо – бохучу ц1ерметдашо дийриг дожарехь шен кеп хуьйцу.
Тхо бохучу ц1ерметдашо къамел деш волчун аг1о билгалйо. Маь1нига хьаьжжина, цо чулаца тарло шиннал сов долчу адамийн тоба я доьзал, куп, юкъ, тайпа, юрт, к1ошт, иштта дийнна къам а, мохк а.
Масала:
Тхо экзаменна кечамаш беш ц1а даха хьеделлера.
Тхан махкара маьждиг уггар доккха а ,хаза а ду.
Тхоьга дадин накъостий баьхкира.
Оха цкъа а цхьаьнцце дов ца дина.
Вай бохучу ц1ерметдашо къамел деш волчуьнца цхьаьна цуьнга ладуг1уш верг я ладуг1уш берш а чулоцу. Цул сов, и дош г1иллакхан маь1нехь лела а тарло.
Масала:
— Деца, хьо вайга йог1ур юй?
Вай ду таханлера маьрша дахар лардан дезарш.
Вайн дайша дитина оьзда г1иллакхаш лардан деза вай.
Вайга, вай, вайн, -х1орш хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдешнаш ду.
Тхойша я тхойшиъ бохучу ц1ерметдашо ши адам билгалдо — къамел деш верггий, цуьнан накъосттий (иза гуш велахь а, вацахь а).
Масала:
Тхойша (тхойшиъ) даима а ву бертахь ловзуш
-Деца, вайшиъ (вайша) сарахь баба йолчу яхийтахьа.
Х1инца легор ду вай х1ара ц1ерметдешнаш:
Ц1. Тхойшиъ; вайшиъ
Дл. Тхойшиннан; вайшиннан
Л. Тхойшинна; вайшинна
Др. охашимма; вайшимма
К. тхойшинца; вайшинца
Х. тхойшиннах; вайшиннах
М. тхойшинга; вайшинга
Дс. тхойшиннал; вайшиннал
Т1едиллар №1.
Х1окху текста юкъарчу предложенешкахь дукхаллин терахьан хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш схьалаха, церан дожарш билгалдаха:
Вайга кхойкхуш ю анайисташ. Цаьрца го вайна кханенан аматаш.
Тхо хьалаг1евттира воккханиг чоьхьаваьлча. Цо дийцира тхуна шен дахарх лаьцна.
Т1аккха шен накъостий чубаьхкича, цаьрга аьлла цо:
-Цхьа г1ан дайна суна.
-Дийцахьа тхуна и г1ан,- аьлла цара .
-Вай цхьаьна доьшуш а ду. Вайн вовшех лачкъийна х1ума хила йиш а ма яц.
Т1едиллар №2.
Т1адамийн метта маь1ница дог1у ц1ерметдешнаш а дахка:
… ломахь дехаш ду.
Хаза меттигаш ю … гонаха.
… школа юьртана лахахьа ю.
… 1алашйо тхайн школа.
Г1оьнна дешнаш: тхо, тхуна, тхан, оха.
Тахана вайна девзи хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдешнаш.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.