Урок №28 Яххьийн цIерметдешнаш а, церан легар а

Вай урокан тема ю: Яххьийн  ц1ерметдешнаш а, церан легар  а. 
Яханчу  урокехь вай дийцира ц1ерметдешнийн  тайпанех лаьцна. Уьш итт ду:
Яххьийн:
Дерзоран
Доладерзоран
Дерзоран-доладерзоран
Гайтаран
Къастаман
Къастамза
Дацаран  
Хаттаран
Юкъаметтигаллин
Тахана вай  дуьйцур  ду яххьийн ц1ерметдешнех  лаьцна.
Яххьийн ц1ерметдешнаш кхаа юьхье декъало.
Хьалхарчу юьхьо къамел деш верг я иза юкъавог1у аг1о билгалйо.
Хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.
Со, тхо, вай, вайша (вайшиъ), тхойша (тхойшиъ)
Шолг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду:
Хьо, шу — Оцу ц1ерметдешнаша къамел хьаьнца до гойту.
Кхоалг1ачу юьхьо кхечунах (я кхечарех) лаьцна дуьйцу.
И, иза, уьш
Яххьийн ц1ерметдешнийн легаран кеп цхьаллин терахьехь иштта ю:
Дожарш
Хаттарш
Хьалхара
юьхь
Шолг1а
юьхь
Кхоалг1а юьхь
Ц1ерниг
мила?
со
хьо
и, иза
Доланиг
хьенан?
сан
хьан
цуьнан, оцуьнан
Лург
хьанна?
суна
хьуна
цунна, оцунна
Дийриг
хьан?
ас
ахь
цо, оцо
Коьчалниг
хьаьнца?
соьца
хьоьца
цуьнца, оцуьнца
Хотталург
хьанах?
сох
хьох
цунах, оцунах
Меттигниг
хьаьнга?
соьга
хьоьга
цуьнга, оцуьнга
Дустург
хьанал?
сол
хьол
цул, оцул
Хьовсур вай яххьийн ц1ерметдешнаш дукхаллин терахьехь дожаршца муха хийцало.
Дожарш
Хаттарш
Хьалхара
юьхь
Шолг1а
юьхь
Кхоалг1а юьхь
Ц1ерниг
мила?
тхо, вай
шу
уьш, уьзаш
Доланиг
хьенан?
тхан, вайн
шун
церан, оцеран
Лург
хьанна?
тхуна, вайна
шуна
царна, оцарна
Дийриг
хьан?
оха, вай
аш
цара, оцара
Коьчалниг
хьаьнца?
тхоьца, вайца
шуьца
цаьрца, оцаьрца
Хотталург
хьанах?
тхох, вайх
шух
царех, оцарех
Меттигниг
хьаьнга?
тхоьга, вайга
шуьга
цаьрга, оцаьрга
Дустург
хьанал?
тхол, вайл
шул
царел, оцарел
Аш тидам бинехь  кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаша цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь лач дожаршкахь орамера аз хийцина ца 1аш, шайн кеп а хуьйцу: и, иза, уьш.
Яххьийн ц1ермедешнаш со, тхо, хьо, шу — хотталург, дустург дожаршкахь орамера аьзнаш лардеш яздо: сох, сол, хьох, хьол, тхох, тхол, шух, шул; дийриг дожарехь цара шайн кеп хуьйцу: со-ас,хьо-ахь,  тхо-оха,шу-аш.
Вай  бохучу хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдашо  дожаршца легош шен кеп а, орамера аз а ца хуьйцу.
Т1едиллар №1
Х1окху мог1анашна  юкъара ц1ерметдешнийн дожарш  билгалдаха:
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк,нанас сан хестор.
                                               (А.Айдамиров)
Ду шуьга сан маршалла, — олий
Вайна йоьлуш йог1у б1аьсте.
                                                (1.Мамакаев)
Х1окху урокехь вайн таро хили, яххьийн ц1ерметдешнийн дожаршца хийцадаларан башхаллаш йовза.
Урок цу т1ехь ерзор ю вай. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика