Урок №27 ЦIерметдешнийн тайпанаш

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду ц1ерметдешнийн тайпанех лаьцна.
Довзуьйтур ду ц1ерметдешнаш шайн маь1не хьаьжжина муьлхачу  тайпанашка декъало а, 1амор ду уьш вовшех къасто а.
Дагадаийтий вай, стенах олу ц1ерметдош?
Ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан, меттана лелачу къамелан декъах ц1ерметдош олу.
Масала: со, хьо, тхо, уьш, оццул, цара и.д1.кх.
Цара дуьйцура шайн 1ер-дахарх лаьцна.
Х1окху предложенехь  цара, шайн  ц1ерметдешнаш ду.
Нанас берахь дуьйна  
Суна хьо марзбина,
Хьоьга дагардуьйцуш,
Хийла ойла йина.
Х1окху байта  юккъехь ц1ерметдешнаш ду: суна, хьо, хьоьга.
Шайн маь1нашка хьаьжжина, ц1ерметдешнаш тайпанашка декъало:
Яххьийн ц1ерметдешнаш: со, тхо, хьо, шу, уьш, и, иза.
Дерзоран ц1ерметдешнаш: суо, со-суо, шу-шаьш.
Доладерзоран  ц1ерметдешнаш: сан, церан, хьан, шун.
Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш: сан-сайн, тхан-тхайн, церан-шайн.
Гайтаран ц1ерметдешнаш: х1ара, д1ора, цигара, кхузара.
Къастаман ц1ерметдешнаш: х1арра, изза, муьлхха а.
Къастамза ц1ерметдешнаш: хьенех, минех, масех, цхьаверг.
Дацаран ц1ерметдешнаш:  х1умма а, цхьа а, аддам а.
Хаттаран ц1ерметдешнаш: мел ? маса ? х1ун?
Юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш: х1ун, мила, хьенан .
Вайна ц1ерметдешнийн  итт  тайпа дуй хии. Ц1ерметдашо вайн мотт бийцарехь  доккха  г1о до.
Масала, вайга хьошалг1а стаг вог1уш, не1 туху. Чохь 1аш долчу вайна иза мила ву ца хаьа.
Вай олу «мила ву?» И «мила» боху ц1ерметдош дацахьара вай вайна  мел вевзаш волчу стеган ц1ераш яха езар яра: Ахьмад ву? Асет ю? и.д1.кх.
Т1едиллар №1.
Х1окху предложенешкара ц1ерметдешнаш  къастаде:
Ас шуна баркалла  боху, аш  тхайн сий дарна.
Тахана шун баркаллица, аш лерарца, суо ирсе хета суна.
Хьалхарчу предложенехь ц1ерметдешнаш ду: ас, шуна, аш, тхайн,
Шолг1ачу предложенехь: шун, аш, суо, суна.
Т1едиллар №2.
Х1окху предложенешкахь, билгалдаха   ц1ерметдешнийн  тайпанаш:
Со а ма веара, Хьаьжа-1ела, хьо волчу.
Т1едиллар №3.
Х1окху дешнийн цхьаьнакхетаршкарчу ц1ерметдешнийн тайпанаш билгалдаха:
Цхьа а стаг, хьан доттаг1, х1ара к1ант, цигара ц1а, сан лаам, кхузара нах, сан-сайн дахар.
Х1окху урокехь вайна ц1ерметдешнийн маса тайпа ду хии, уьш  муьлханаш ду а девзи. Т1ейог1учу урокашкахь вай аьтто  хир бу х1ора тайпанах хаарш шордан.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика