Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой. Дала могуш а, маьрша а леладойла вай, шегара пурбанца вайн къоман мотт бийца а, хьеха а аьтто бойла. Дала схьамелкхоьллина долчу х1уманан шен мотт бу. Ткъа вайн нохчийн мотт бу. Х1ора меттан дешнаш шайн маь1ница а, билгалонашца а, башхаллашца а тайп-тайпана хуьлу. Цунах уьш декъало неологизмашкий, историзмашкий, омонимашкий, синонимашкий, антонимашкий и. д1. кх.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду: омонимех, синонимех, антонимех лаьцна. И дешнаш, вайн маттахь санна т1еэцна дешнаш ду, оьрсийн маттахь а. Пхоьалг1ачу классехь вай дийцира царех лаьцна. Амма х1инца юха а карладоккхур ду вай муьлха дешнаш ду уьш.
Шуна дагадог1ий х1ун олу?
1. Алар а, яздар а цхьатерра а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу дешнех.
Масала:
Ча: ча лаца, ча гулдан;
Ц1е: адаман ц1е, кхерчара ц1е;
Б1аьрг: коран б1аьрг – адаман б1аьрг;
2. Алар, яздар тайп-тайпана долуш маь1на гергара долчу дешнех х1ун олу?
Масала:
Сирла, къегина, екхна.
Хаза, исбаьхьа, товш, куьцехь.
Чиркх, къуьда, стогар, лампа.
Доттаг1, накъост
3. Алар, яздар тайп-тайпана долуш, маь1ница дуьхь-дуьхьал (б1останехьа) долчу дешнех х1ун олу вай?
Къегина – бодане;
Дукха – к1еззиг;
Лекха – лоха;
Мерза – муьста;
Къона – къена;
Омонимаша — вайн меттан дешнийн масех кепара кхетам кхуллу. Масала:
МОТТ:
буьйцу мотт;
бежанан мотт;
вуьжу мотт;
доьхкаран мотт;
Схьаоьцур вай ОВ боху дош:
ОВ:
Ч1ерий лоьцу г1ирс;
Жижиг дотту ч1у;
Лазаран ов;
Ов бохучу дешан кхоъ маь1на ду.
МОХЬ:
Бежанан мохь;
Тухуш болу мохь;
Гихь хьуш болу мохь;
Мотт, ов, мохь – масех маь1на долу дешнаш ду.
Синонимаша — вайн мотт хьалдолуш бо, дешнийн хазалла гойту.
Масала, говр бохучу дешан синонимаш ялор ю вай:
ГОВР – дин, алаша, 1аспар, айг1ар, эмалк.
Х1етал-метал хоийла шуна – вайн дуьхьа шен коьртах ц1е теснарг? (Чиркх)
Кхин х1ун эр дара вай чиркхах?
Стогар, къуьда, лампа, ч1урам.
Х1етал-метал хаийла шуна — говрал-лекха, ж1аьлел -лоха ерг х1ун ю?
Иза нуьйр ю.
Х1ун эр дара вай лекха, лоха дешнех лаьцна? Х1ара дешнаш антонимаш ю.
Антонимаша вайн меттан исбаьхьалла лакхайоккху, дуьхьлара (б1останехьара) маь1на гойту.
Масалш:
Сирла — кхоьлина, белар – белхар, к1айн – 1аьржа, шуьйра – готта, дийнахь – буса, кхиам – эшам, комаьрша – сутара, каде – текхна.
Т1едиллар №1.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу, далош долу дешнаш гайтинчу кепах пайда а оьцуш, дог1уш долчу маь1не дерзо хьовсур ду вай.
Кеп:
Омонимаш — г1ап – тоьпан, кевнан
Синонимаш — сиха-чехка
Антонимаш — хаза-ирча
Х1ара дешнаш, кепе а хьовсуш д1анисде:
Сиха, лекха, г1ап, готта, хьал, шу, таро, ботт, б1аьрг, юткъа, пхьид, шуьйра, лоха, стомма, чехка, г1айг1а, бала, теза, дуьра.
Т1едиллар №2
Вай 1аминарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа а т1едиллар кхочушде. Омонимаш яло еза х1окху дешнашна:
Куьйра, хьех, не1.
Х1окху дешнашна синонимаш ялаян хьовса:
— Онда дег1 долу стаг — …
— Оза, къена говр — …
— Ма1аш йолу газа — …
— Ма1аш йоцу етт — …
— Шо кхаьчна бож — …
Х1окху дешнашна антонимаш ялае?
Тахана — … 1а — … Де — … К1айн — … Сирла сийна — … Теза — …
Мерза -… Чомехь — … Дика — … Комаьрша — … Жима — … Еха -…
Стомма — …
Х1окху урокехь вай шуьца карладехира омонимех, синонимех, антонимех долу хаарш, уьш т1е а ч1аг1деш болх бир вай шуьца. Цул совнаха керла дешнаш а девзира вайна, уьш дагадоуьйтур ду вай:
Ов — ч1ерий лоьцу г1ирс бу (оьрсийн маттахь — невод);
Ов — жижиг дотту г1ирс (оьрсийн маттахь — вертел);
Эмалк – куь1ге ца йог1у говр оьрсийн маттахь дикое, неприрученное животное;
1аспар – къена х1ума (оьрсийн маттахь — кляча);
Алаша – йужуж йолу говр (упряжная лошадь);
Кирша — ма1аш йолу газа;
Дирша — ма1аш йоцу етт;
Бошто — шо кхаьчна бож;
Нохчийн къам мел деха бехийла, вай къоман оьзда г1иллакхаш, 1адаташ шена чохь долуш, дуьйцуш, хестош болу, вай къоман хьомсара, зевне нохчийн мотт. Хьоме дешархой, ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума, дахаран новкъа т1ехь, мел лехарх, карор дац шуна, цундела школехь, ц1ахь, аренца шаьш лелаш, бийца а буьйцуш, ларам а беш, шайн мотт кхиош, къахьега деза аша х1ора а дийнахь.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю, т1ейог1учу урокашкахь шу кхиамаш совбохуш болх бийр бу вай. 1одика йойла шу, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.