Урок №2 Шалха элпаш, церан нийсаяздар

Урокан ц1е ю: Шалха элпаш, церан нийсаяздар.
Х1окху урокехь вай карладоккхур ду муьлхачарех олу шалха элпаш а, церан нийсаяздар а.
Фонетика 1амош, вай дийцира нохчийн маттахь 49 элп ду аьлла.
Царех нохчийн алфавитехь шалха элп 15 ду. Уьш  ду:
АЬ, Г1, КХ, КЪ, К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.
Царех  мукъанаш 5 ду:
АЬ, ОЬ, УЬ, ЮЬ, ЯЬ.
Дисина 10 мукъаза ду:
Г1, КХ, КЪ, К1, П1,Т1, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1.
Х1инца, вай дуьйцур ду,  церан кхолладаларан  некъах лаьцна.
Шалха элпаш кхоллалуш царна т1екхеташ  диъ хьаьрк ду:
1, Ъ (ч1ог1а хьаьрк), Ь (к1еда хьаьрк) Х.
Хьовсур ду вай, уьш элпашкахь муха нисло. Масала:
Хьаьрк – 1 кху элпашкахь нисло: Г1, К1, П1, Т1, Ч1, Х1.
Ч1ог1а хьаьрк – Ъ цхьана элпехь нисло: КЪ.
К1еда хьаьрк – Ь кху элпашкахь нисло: АЬ, ОЬ, УЬ, ХЬ, ЮЬ, ЯЬ.
Хьаьрк – Х цхьана элпехь нисло: КХ.
Шалха элпаш довза атта хилийтархьама, уьш юкъахь долуш дешнаш д1аяздийр ду вай,
масала:
АЬ: аьлла, аьхна, аьлха
ОЬ: оьг1азе, оьпа, оьшу.
УЬ: уьшал, уьш, уьйр.
ЮЬ: юьхк, юьлу, юьгу.
ЯЬ: яьхна, яьшка, яьлла.
Г1: г1ант, г1алат, г1абакх.
Ц1: ц1а, ц1азам, ц1ено.
Ч1: ч1ара, ч1ог1а, ч1ешалг.
КХ: кхокха, кхана, кхаъ.
КЪ: къолам, къамел, къам.
К1: к1ант, к1ай, к1ира.
П1: п1елг, п1енда, п1ераска.
Т1: т1адам, т1орказ, т1ай.
ХЬ: хьоза, хьормат, хьокхам.
Х1: х1орд, х1оз, х1ара.
Цхьадолчуу дешнашкахь мукъаза шалха ши эл ул-уллохь нисдала а тарло.
Масала: 
БАККЪАШ, БАХХЬАШ, Ц1ОЦКЪАМ.​
Дешнашкахь цхьанаметта мукъаза шалха ши элп нисделча, хьалхарчу шалха элпан т1етуху хьаьрк ца яздо, ткъа шолг1а шалха элп дуьззина д1аяздо.
Масала: ЮКЪ-КЪЕ – ЮККЪЕ, Ц1ОЦ1- КЪАМ – Ц1ОЦКЪАМ, МАКХ-КХАЛ – МАККХАЛ.
Юкъарадериг цхьа дош ду: ЧЕКХХЬАЖАР.
Нохчийн маттахь цхьадолу дешнаш нисло мукъий, мукъазий шалха ши элп цхьаьнакхеташ. Ишттачу дешнашкахь, шалха ши элп дуьззина д1аяздо.
1. Кхоьссина, кхоьллина, кхаьллина, хьаькхна, къуьйлу.
2. Аьхьна, буьхьиг, юьхь, дуьхьал.
И бакъонаш дагахь латто еза аш.
Х1инца, вай дийцинарг т1еч1аг1дийр ду вай.
Т1едиллар.
Д1аяздина долчу дешнашкахь г1алаташ лаха деза аш. 
Сац1къар, яьт1т1а, яькхкхина, макхкхал, бахьхьаш, бакъкъаш.
Т1едиллар.
Ткъа х1инца хьовса кхин цхьа т1едиллар кхочушдан. Шалха элпаш долчу дешнашна буха сиз хьакха деза.
1. Ненан оьг1азло, ло санна, ешаш ю.
2. К1еззиг дечо дуккха а дуьйцу.
3. Дукха лер хьекъал цатоар ду.
4. Яьсса х1ума ч1ог1а ека.
5. Боца муш а тоьлу десачу къамелал.
Ц1ахь вай х1инца далор долу  дешнаш юкъахь а долуш, х1иттае предложенеш.  Шалха элпашна  буха сиз а хьакха.
Маккхал, вокхха, юккъе, ц1оцкъамаш, ц1еххьана, яккъаш.
Кхут1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика