Урок №49 Ц1ердешнийн легарш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Тахана шуна йовза йиш хир ю пхоьалг1ачу классан тема: ц1ердешнийн легарш.  
Х1окху урокехь вай карладохур ду д1аяханчу урокехь 1амийна долу ц1ердешнийн дожарш, церан чаккхенаш. Кхетам лур бу ц1ердешнийн легарш муьлхачу дожарехь билгалдовлу. 
Дожарш а, церан хаттарш а карладохур ду вай:
1.  Ц1ерниг  мила? муьлш? х1ун?
2. Доланиг   хьенан? стенан?
3. Лург         хьанна? стенна?
4. Дийриг    хьан? стен?
5. Коьчалниг хьаьнца? стенца?
6. Хотталург хьанах? стенах?
7. Меттигниг хьаьнга? стенга?
8. Дустург   хьанал? стенал?
Дош дожаршца хийцадаларх легар олу. Нохчийн маттахь диъ легар ду. 
Ц1ердешнийн легарш цхьаллин терахьан коьчалниг дожаран чаккхенашца къаьста. 
Дожарш
1-ра легар
2-ра легар
3-ра легар
4-ра легар
Ц1ерниг 
Доланиг                    
Лург                           
Дийриг
Коьчалниг
Хотталург 
Меттигниг
Дустург  
къолам  къоламан къоламна къоламо къоламца къоламах къоламе     къоламал
б1аьсте б1аьстенан б1аьстенна б1аьстено б1аьстенца б1аьстенах б1аьстене б1аьстенал
ваша 
вешин
вешина  
вашас  
вешица 
вешех      
веше            
вешил  

таллархо 
таллархочун 
таллархочунна 
таллархочо 
таллархочуьнца 
таллархочух
таллархочуьнга 
таллархочул

Х1окху таблицехь  вайна го легийна дешнаш: къолам, б1аьсте, ваша, таллархо.
Тидам бе ц1ердешнийн коьчалниг дожарехь йолчу чаккхенийн. 
Къоламца, б1аьстенца, вешица, таллархочуьнца.
Хьалхарчу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь – ца, -аца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш. 
Ткъа цхьадолчу дешнашкахь шеко кхоллуш хуьлу, чаккхе -ца язъян еза, я  –аца язъян еза, и тайпа шеко ца хилийта вайн маттахь иштта бакъонаш ю: 
Хьалхарчу легарна чудог1у ц1ерниг дожарехь чаккхенгахь мукъаза
элпаш Л, Р, М, Н долу ц1ердешнаш масала: мангал, кетар, тешам.
Лург, коьчалниг дожаршкахь иштта дешнийн чаккхенашна хьалха мукъа элп ца яздо. 
Масала: мангал-мангална-мангалца, кетар-кетарна-кетарца, тешам — тешамна – тешамца 
Къевлинчу цхьана дешдекъах лаьтташ долчу ц1ердешнашкахь лурггий, коьчалниггий дожаршкахь чаккхенна хьалха мукъа элп яздо.
Масала: бел-белана-белаца; стаг-стагана-стагаца
Шолг1ачу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -нца,- рца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш. 
Масала: 
Коьчалниг дожар: наб-наб(а)рца, гата-гат(а)нца   
Кхоалг1ачу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь –ица чаккхе йолу ц1ердешнаш.
Масала: 
Коьчалниг дожар: баба-бабица, деца-децица, 
Доьалг1ачу  легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь –чуьнца  чаккхе йолу ц1ердешнаш.
Масала: 
дешархо-дешархочуьнца, хьехархо-хьехархочуьнца
1. Чаккхенаш билгалйохуш легаде  ц1ердешнаш: болх, б1аьсте, ваша, таллархо. 
Тидам бе коьчалниг дожарехь лаьтташ долчу ц1ердешнийн чаккхенашна, нийса хаттар а х1оттош. 
Болх – (Стенца?) балхаца – цуьнан чаккхе – аца ю, иза вай ма-аллара хьалхарчу легаран чаккхе ю. 
Б1аьсте – (стенца?) – б1аьстенца – чакхенгахь –нца го вайна, иза шолг1ачу легаран чаккхе ю.
Ваша (хьаьнца?) – вешица – кхузахь чакхенгахь –ица го вайна, иза кхоалг1ачу легаран чаккхе ю.
Таллархо (хьаьнца?) – таллархочуьнца – чакхенгахь –чуьнца ду, иза доьалг1ачу легаран чаккхе ю.
Х1ара таблица дагахь латтаяхь шуна атта хир ду ц1ердешнийн легарш довза а, церан чаккхенаш билгалъяха а.
 
Урок кечйинарш:
Гебаева Малика Руслановна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close
Яндекс.Метрика