Урок №48 Ц1ердешнийн дожарш

Даггара ненан мотт безаш, лоруш, цуьнан сий деш волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь кхин хуьлийла дац. Иза хаа  лууш, 1амош верг даима сийлахь хир ву.
Яздархочо  Цуруев Шерипа говза аьлла  вайн  маттах лаьцна:  
Вайн эхь-бехк, вайн сийлахь г1иллакхаш,
Вайн  яхь а, вайн оьзда мотт а
Ларбеллехь, ларлур ма хилла-кха 
Вайн синош, вайн нохчийн  мохк а.
Цундела  ца  хьехош  хилларг а, 
Юкъ  ехкий,  массо  д1ах1отта 
1алашдан  вайн  нохчийн  г1иллакхаш, 
1алашбан  вайн  нохчийн  мотт.
 (Цуруев Ш.М.)
Шен къоман мотт 1амор коьрта декхар ду, цундела цуьнан х1ора аг1о дика талла а, 1амо а еза. Цунна лерина ду вайн  шуьца д1ахьош долу  х1ора а цхьаьнакхетар.
Х1ара урок,  Ц1ердешнийн дожарех лаьцна дуьйцуш, д1ахьур ю вай.
Дожарш шуна хьалхарчу классашкахь дуьйна девзаш ду. Цкъа юьхьанца уьш карла а даьхна, кхид1а царах болу  кхетам шорбийр бу вай. 
Вайна ма-хаьара, нохчийн маттахь барх1 дожар ду, х1ораннан шен  хаттарш а долуш. 
1. Ц1ерниг  дожар       мила? муьлш? х1ун?
2. Доланиг  дожар       хьенан? стенан?
3. Лург   дожар           хьанна? стенна?
4. Дийриг дожар          хьан? стен?
5. Коьчалниг дожар     хьаьнца? стенца?
6. Хотталург дожар   хьанах? стенах?
7. Меттигниг дожар   хьаьнга? стенга?
8. Дустург  дожар      хьанал? стенал?
Дош дожаршца хийцадаларх легар олу.
Дожаршца хийца хьовсур  ду вай ц1ердешнаш: лор, тускар.  Я кхечу кепар аьлча, легор ду вай х1инца ц1ердешнаш.
Ц1.Мила?        лор
Дл.Хьенан?     лоьран
Л. Хьанна?      лоьрана
Др.Хьан?         лоьро
К. Хьаьнца?     лоьраца
Х. Хьанах?      лоьрах
М. Хьаьнга?     лоьре
Дс.Хьанал?      лоьрал
Ц1.Х1ун?        тускар
Дл.Стенан?    тускаран
Л. Стенна?     тускарна
Др.Стен?        тускаро
К. Стенца?     тускарца
Х. Стенах?     тускарх
М. Стенга?     тускаре
Дс.Стенал?     тускарал.
Дожарш шина тайпана хуьлу: нийса а, лач а. 
Ц1ерниг дожарх нийса дожар олу, х1унда аьлча иза шен юьхьанцарчу кепехь хуьлу, цуьнан хаттарш ду:  мила? муьлш? х1ун?.
Ц1ерниг доцчу, вукху дожарех  лач дожарш олу, уьш ворх1 ду:
Доланиг  
Лург                
Дийриг          
Коьчалниг 
Хотталург  
Меттигниг 
Дустург    
Х1инца Даймохк боху дош дожаршца хуьйцур ду вай, цуьнан чаккхенаш билгал а йохуш.
Ц1. Даймохк
Дл. Даймехкан                      
Л.  Даймахкана                 
Др. Даймахко                  
К.  Даймахкаца                    
Х.  Даймахках               
М.  Даймахке                
Дс. Даймахкал 
Ткъа х1инца, Даймохк бохучу дешан х1ора дожаран кеп юккъахь а йолуш, предложенеш х1итто хьовсур ду вай. Масала:
1. Даймохк сан дагна хьоме бу.             (Х1ун?)  Даймохк               
2. Исбаьхьа аматаш ду сан Даймехкан. (Стенан?) Даймехкан
3. Къонах Даймахкана хьанал верг ву.  (Стенна?) Даймахкана
4. Даймахко ницкъ белла къийса, 
   Ваьккхина шуьйрачу новкъа.               (Стен?) Даймахко;
(Шайхиев 1.). 
5. Стеган дахар, ирс, сий  шен Даймахкаца ду.             (Стенца?) Даймахкаца
6. Даймахках къаьстина, хийла хан яьккхина нохчаша. (Стенах?) Даймахках
7. Даймахке болу безам т1улгал а ч1ог1а бу.                (Стенга?) Даймахке
8. Даймахкал  хьоме х1умма а дац.                               (Стенал?) Даймахкал
Вайна ма-гарра, дожарша предложенехь дешнийн вовшашца йолу грамматически уьйр гойту.
Х1ара урок ц1ердешнийн дожарех шун долу хаарш сов даха 1алашо йолуш яра. 
Х1окху урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, ц1ахь 1ердешнаш: дахар, некъ, шо, к1ира, легаде.
Вайн урок кху т1ехь чекхйолу. 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Гебаева Малика Руслановна
Алиханова Малика Лечаевна

Close
Яндекс.Метрика