5 класс Урок№29 Бексултанов М. « Ца кхетта хестор»

Урокан цIе: Бексултанов М. « Ца кхетта хестор»  5 класс

в кадре:

-Де дика хуьлда шун!

Тахана вай дуьйцур ду нохчийн исбаьхьаллин литературехь «дийцаран говзанча» аьлла  цIе йаханчу нохчийн йаздархочун Бексултанов Мусан дахарх а, кхоллараллех  лаьцна. Иштта дийцаре дийр ду цуьнан  «Ца кхетта хестор» дийцар.

Слайд (Фото Бексултанов  М.)

 -Бексултанов Муса вина I954 шарахь асаран беттан  I-чу дийнахь. Олхазар-КIотарахь ишкол  чекхйаьккхинчул тIаьхьа цо дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Цигахь доьшуш а волуш, волавелла иза литературехь шен ницкъаш зен.  Дуьххьара Грозненски кIоштан газетан агIонаш тIехь араделира цуьнан «ГIалин урамаш» цIе йолу дийцар.

Бексултанов Муса масех книгийн автор ву. Царна йукъахь йу

«Мархийн кIайн гIаргIулеш» (I985ш.), «Йуха кхана а, селхана санна» (I988ш.), «Наггахь, сайн сагатделча» (2004ш.), «Сан вешин тIехьийза йоI» (20IIш.).

Бексултанов Мусас  шен дийцаршкахь гойту дахаран сурт, адамийн синлаттам шен лазамашца, сатийсамашца. Цуьнан произведенийн турпалхой могIарера адамаш ду, оьзда, къинхетаме.

  в кадре:    Цуьнан дийцарш тахана а зорбане дуьйлу «Орга» альманахан агIонаш тIехь а, «Вайнах» журналехь а. Дуккха а шерашкахь берийн «СтелаIад» журналан коьрта редактор лаьттина Муса.

  «Ца кхетта хестор»

    » Ца кхетта хестор »  дийцар тIехь йаздархочо  Iаламца а, цуьнан  берашца а къинхетаме хилар диллина коьрте.

     Таханлерчу дахаран цхьа боцца хилам гайтина Бексултанов Мусас шен дийцарехь. Коьртачу турпалхочун берриг лаам, сатийсам, цкъа хьуьнха а вахна, экханна топ кхоссар бу. Иза, дукхахьолахь, шен вешица йолу йахь йу цуьнан, хIунда аьлча цо тIехдетташ, дозаллаш деш ша ца вуьту дела.

            Шена тIе тидам бохуьйтуш ду, дагна беш болу там тIеттIа совбоккхуш, дийцарехь йаздархочо кхоьллина Iаламан суьрташ. Iалам самадолу сурт ду и.

Слайд

Цу хенахь лаьмнийн кортош  серладовла девллера, цхьа  ши-кхоъ бен седа бацара стиглахь гуш, « чкъард-чкъирд» деш, аьчка тIе хIума хьоькхуш санн, къора декаш цхьа олхазар а дара

    Лаьмнийн экханан кIомсарех тера баххьаш, басеш,  даккъаш, массо меттиг серлайоккхуш, тIаьхь-тIаьхьа чууьду и маьлхан серло стаг цецваккхал хаза гайтина дийцарехь. Амма цул тIаьхьа далийна сурт кхин а исбаьхьа ду шен инзараллица, аьхналлица: самадаьлла де, Iуьйренан къоналла, цIена, шийла хIаваъ, баца тIехула охьадоьду сирла хи, дежаш долу экха. Оцу исбаьхьчу Iаламан суьрто Iадийначу шина таллархочунна цхьана йукъана дицло, шаьшшиъ кхуза хIунда веана. Берриг тидам хIинца сихйелла, сема ладоьгIуш, йежаш йолчу шуна тIе буогIало, ур-атталла мерах са даьIна а, гIовгIа ца йоккхуш, бага а гIаттийна, садеIарца. И жима экха къуьнах тардина йаздархочо, адамо шена дихкинчу дийнахь дежа дела, шена паргIатчу  буса а ца дежаш.

      в кадре:  Амма лергаш къорадоллал Iаламца йоллу и тийналла, цIаьххьана мерз хаьддачу пондаро оьккхуьйту зов санна, дIаиккхинчу хьозано  йохайо. Цу йукъана, тIаьхьа бIаьрг кхиъна балале, шозза-кхузза кхоссаделла экха а дукха сихонца къайладолу.

Слайд

«…Хи мелла а даьлла, лакхарчу басех раз наггахь охьа а кхевдаш дукхахдолчунна ла а дугIуш, сихо и экха хьаладоладелча , «фр-р-р»деш, цуьнан коьрта тIехула  дIаиккхира цхьа хьоза. Топ кхетча санна, цкъа хьалхарчу когаш тIе охьа а кхетта, йуха сан бIаьрг кхиъна балале, шозза-кхузза кхоссаделла, дIа къайлаиккхира экха, суна хIаваэхула доьду сурт а хаалуш…»

в кадре: Цо цецваьккхинчу кIентан, кийрара мохь баларан метта, ша динчух кхетаран, цецваларан хаам белира. Воккхачу стеган бIаьргаш чохь хазахетар, къинхетам, воккхавер а дустарца гойту йаздархочо.

Слайд:

«Дада…Дерки…экха ! -мохь  а боцуш, кхайкхар а доцуш, цхьа меттаваран а,  айса диначух кхетаран а, цецваларан а хаам белира сан кийрара.  

Со санна,  экханна тIаьхьахьоьжуш хилла Дерказ, меллаша   хьаьъначу, къинхетамечу, паргIатчу веларца схьаьхьаьжира соьга…

-Дерки!-балдаш велхарца озаделлера сан, мера чу цхьа муьсталла хьаьдира, бIаьргаш а лаьттара хих дузуш.»

в кадре: Экха, топ ца кхуссуш дIадахийтина, ша оццул сатийсинарг цу кепара эхье дIадерзарна бехкалвахна хьийза Джабраил. Шегара даьллачунна йуьхьIаьржа хIоьттина, вешина хьалха дозаллаш дан бахьана цахиларна а, дегабаамо садукъдина, бIаьргаш хиш туьйсуш, воьхна велхаийзош лаьтта кIант.  

Жимачу кIантехь   Iаламе а, Iалам хаздан кхоьллинчу чохь садолчу хIуманашка, хуьлийла и экха йа тIома лела олхазар, къинхетам кхио гIерта Дерки

Слайд.

-Дика …дика адам хир ду хьох, Джабраил … Хьо дика къонах хир ву, воккха хилча , — охьа а хиъна , со шен мара а воьллина , сан букъ тIе шозза -кхузза дайн куьг туьйхира дендас, со хьостуш, тевеш, сан дог ойъуш.

 И дешнаш йуха-йуха а даладо Деркис, амма кIант кхеташ вац хIинца а церан маьIнех, ша жима волу дела. Топ ца кхуссуш экха ша дIадахийтиншехь,  Деркис ша хеста хIунда во, цуьнан кхетамо схьа ца лоцу. Цундела тиллина авторо хIокху дийцарна иштта цIе.

 в кадре: ХIинца дийцар йукъара шуна ца девзаш хила тарлучу дешнаш тIехь болх бийр бу вай.

Слайд

Лу- косуля.

Шу- лун тайпа.

 БIаьрла –къаьсташ хаза.

5. Литературни теори.

слайд: Дийцар эпически кепехь йазйина, барамца йоккха йоцу прозаически произведени йу. Дийцаран бух  биллина хила тарло турпалхочун дахарера шена тIе тидам боьдуш болу цхьа хилам. Нохчийн исбаьхьаллин литературехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву Сальмурзаев Мохьмад, ткъа дуьххьарлера дийцар, «Кхетаме Хьамид».

слайд: Литературин произведенехь исбаьхьчу дешнашца хIоттийначу Iаламан суьртах пейзаж олу.

в кадре: Тахана вайна девзи Бексултанов Мусан дахар  а, кхолларалла  а. Дийцаре ди цуьнан «Ца кхетта хестор» цIе йолу дийцар. И дийцар дешча, вай тийши, Джабраилах, воккха хилча, къинхетаме, гIийлачун, мискачун гIо лоцуш, бецан хелиг бен иза дацахь а, цуьнан тIалам беш, дика адам хирг хиларх.

Со а тешна йу,      вовшашца а, гонахарчу Iаламца а шу а  къинхетаме хир ду аьлла. Дала цу тIехь шун аьтто бойла.

Iодика йойла шун, марша Iойла!

2-гIа  дакъа.

Хаарш–зер (тренажер)

Нийсаниг харжа

I.   Маца вина Бексултанов Муса?

а)    I954 ш.

б)    I936 ш.

в) I946 ш.

г) I9I5 ш.

2. Мичахь дешна цо?

а) Нохч-ГIалгIайн хьехархойн интситутехь.                  

б)  Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь.

в) Хьехархойн училищехь

г)   Финансови техникумехь.

3. «Ца кхетта хестор» произведенин жанр билгалйаккха.

а)  Дийцар.

б)  Повесть.

в)  Стихотворени.

г)  Роман.

4. Мила ву дийцаран жанр йолорхо?

а) Бексултанов Муса

б) Сальмурзаев Мохьмад

в) Ахмадов Муса

г) Бадуев СаьIид

5. Муьлш бу произведенин коьрта турпалхой?

а)  Мохьмад, Джабраил.

    б) Муса, Дерказ.

    в) Муса, Джабраил.

г) Дерказ, Джабраил.

6.  Муьлха экха гира цу шина хьуьнхахь?

а)  цхьогал

б) борз

в) тарсал

г) шу

7.   Экханна топ хIунда ца кхоьссира Джабраила?

а)     Иза цунах кхеравеллера.  

б)   Цуьнан топ ца йелира.

в)   Исбаьхьчу Iаламан суьрто Iадийнера иза.

г)  Дендас ма тоха элира цуьнга.

Close
Яндекс.Метрика