5 класс Урок№28 Рашидов ШахIид Рашидович «ТIамна дуьхьалдовла» стихотворени.

5 класс

Урок  хIоттийнарг :Илясова Зина Хамидовна, Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу йуккъерчу ишколан нохчийн метан а ,литературин а хьехархо.

Урокан цIе:  Рашидов ШахIид Рашидович «ТIамна дуьхьалдовла» стихотворени.

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай йуха а дIахьур йу вешан рогIера нохчийн  литературин урок!

-Тахана вай дуьйцур ду Рашидов ШахIидан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна.

-Иштта вайна бевзар бу цуьнан «ТIамна дуьхьалдовла» цIе йолчу стихотворенин чулацам а.

Слайд

                       I940

-Рашидов ШахIидан поэзин тематика  пхеа дашца билгалйаккха йезаш хилча далор дар-кха-Даймохк, Маршо, Нана, Безам, Адамалла- боху дешнаш.

-ЦIенчу безамо дог тIома дохуш, Даймахке болчу безамо дахарна ницкъ луш, маршоне болчу безамо хьуьнар хуьлуьйтуш, шен нене болчу безамо гIалатех ларвеш, адамашка болчу безамо сица цIанвеш, хIокху чолхечу «дахаран аренах» корта айъина чекхвала гIерта цуьнан поэзин турпалхо.

-ШахIидан кхолларалло хьакъйоллу меттиг дIалоцу вайн заманан нохчийн поэзехь.

Слайд

«Поэт мила ву?»-аьлла хаттар дича, хьекъалечо аьлла-кх: «дешан пхьар, дегнийн лаам, ойланан аре, маьIнийн лам, синойн кхача, меттан чам».

-ШахIид вийца ца оьшуш , массарна вевзаш поэт ву. Массо классехь йоьшуш, Iамош, йезаш йу цуьнан байташ. ЧIогIа беркате Iаткъам бой, кIорггера ойла йойту цуьнан хазачу къамело, цо говза вовшех дуьйцинчу дешнаша.

-Нохчийн йаздархо, поэт Рашидов ШахIид  вина  I940-чу шеран лахьанан беттан I5-чу дийнахь, Гуьмсан кIоштарчу  Энгель-Эвлахь.

-Хин волчу поэтан диъ шо ца кхаьчнера I944-чу шеран махка бала боьссинчу чиллан беттан 23-чу дийнахь. Цу дийнахь, вайна ма-хаъара, харц цIе а тиллина, бехк а боцуш, нохчийн къам махках даьккхира

-ШахIидан кхиар гIиргIазойн берашца цхьана хилла. Церан маттахь йара ШахIида ворхI класс чекхйаьккхина ишкол а, хьалхара стихаш а.  

-КIанта даима сатуьйсура генарчу Кавказе.

— Цо лерина ладоьгIура баккхийчара олучу назманашка, мехкарша лоькхучу эшаршка. -ХIетахь шен I3-I4 шо кхаьччахьана, хIора дийнахь бохург санна, стихаш йазйора.

-Уьш зорбане йийлира I954-чу шарахь.

-Эххар хьомечу Даймахка цIа вирзича, кхиъна вогIучу поэтана шен дагчохь ма-хиллара, хаза а, исбаьхьа а карийра иза. Цул тIаьхьа, Рашидов ШахIида чекхйаьккхира хьехархойн институт.

-Дуккха а шерашкахь хьехархочун а, ишколан директоран а, районан дешаран декъан хьаькаман а даржашкахь белхаш бо цо.

-ШахIидан стихаш гочйина оьрсийн, казахийн, украинхойн, таджикийн, хIирийн меттанашка. I967-чу шарахь «ПотIа-барз» поэмина Нохч-ГIалгIайн АССР-н йаздархойн Союзан хьалхара совгIат делла цунна.I980-чу шарахь дуьйна йаздархойн Союзан декъашхо а ву ШахIид. Нохчийн Республикин Указаца 2005-чу шарахь «Халкъан поэт» аьлла сийлахь цIе тиллина цунна.

-Рашидов ШахIида шен «ТIамна дуьхьалдовла» стихотворени тIехь дика гойту тIамо дохьу зулам. Авторо алсам билгалбина стихотворенехь кхайкхам?

  -НеIалт кхайкхорца гойту цо шен тIаме боцу безам.

-Иза вайна билгалдолу дийцар тIера хIокху могIанашкахь:

Слайд

НеIалт хуьлда тIамна! НеIалт хуьлда!                                                                             Хийла дахар тIамо сацадо.                                                                                        Хийлавоьжна ткъа шо доцуш Iуьллу,                                                                      Хийла стаг цо заьIап во.

-Йаздархочо шен стихотворени тIехь дика гайтина тIамо воккха а, жима а бен йоцуш хьеро санна охьуш хилла. Цо хIоранга доьху тIамна дуьхьалвалар, цхьаццанхьа гIуьтту цIе цайаржийтар.

 Слайд

Цунна бен дац: баккхий нах йа бераш,                                                                     Милла, хьеро санна, охьу цо.                                                                                ТIамна дуьхьалдовла, цунна дуьхьло йелаш,                                                                Бех ма дайта цуьнга Iалам, хIо.

ТIеман цIе йу цхьацца меттехь гIуьттуш.                                                                   Ма йаржийта дуьне мел ду и!                                                                                        Денна бераш зезагашца гIуьтту:                                                                          Дуьне ларде, бех ма дайта хи.

-Кхин цхьаъ ду стихотворени тIехь  шена тIе тидам бохуьйтуш. Адамашка  дехар деш кхайкхам бо поэта йуха а.

 -И стих йоьшуш вайна ца го авторан хьалхалера воккхавер, синайам.             Адам,Iалам лардан, нене паргIат ага техкадайта  лаьа цунна.

-Иза вайна билгалдолу стихотворени тIера хIокху могIанашкахь:

Слайд

ТIамна дуьхьалдовла! Iаьржа чим ма хилийта!                                                                       Ларде адам, Iалам, сирла малх.                                                                                 Нене паргIат техкадайта ага,                                                                                           Эшац цхьанна Iожаллин и къахь.

Тахана вайна девзи  Рашидов ШахIидан дахар  а, кхолларалла  а. 

-Иштта вайна бевзи цуьнан  «ТIамна дуьхьалдовла» цIе йолчу  стихотворенин чулацам а.

-И стихотворени йешча дагаоьху, тIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь хилла бохамаш, хIаллакьхилла адамаш, йохийна, аьтта, йагийна йарташ, гIаланаш. Оцу массо хIумане бен доцуш хьежалур вац цхьа а, нагахь иза адам делахь. Ткъа ШахIид санна волу поэт муххале а.

-Сайн къамел дерзош ала лаьа суна Рашидов ШахIида йазйина стихотворенеш, массо а ханна, наха йезаш йоьшуш хилар.

Халкъан  Iер-дахарх лаьцна,  дIадахнарг  довзуьйтуш, серло хилла лаьтта вайн йаздархой. Лаьа, Нохчийчохь Рашидов ШахIид санна болу йаздархой алсам бовлийла.

-Церан нуьречу серлонаша хазйойла вайн къоман  бIаьстенаш.

-Цу тIехь вай таханлера урок йерзор йу!                                                                     —Iодика йойла шун, марша  Iойла!

Хаарш–зер (тренажер)

Нийсаниг харжа

  1. Халкъан поэт, йаздархо Рашидов ШахIид вина хIокху йуьртахь:
  2. Сесанахь
  3. Нажин-Юьртахь
  4. Энгель-Юьртахь
  5. Мескатахь
  6. Рашидов ШахIидна «Халкъан поэт» сийлахь цIе тиллина:
  7. I964-чу шарахь
  8. 2005-чу шарахь
  9. 2006-чу шарахь
  10. 20I0-чу шарахь

3.Муьлхачу шарахь дуьйна ву Рашидов ШахIид йаздархойн Союзан декъашхо:

  1. I967-чу шарахь
  2. I958 -чу шарахь
  3. I980 -чу шарахь
  4. I997 -чу шарахь

   4. Муьлхачу шарахь вина халкъан поэт  Рашидов ШахIид:

I. I940-чу шарахь

2.I945-чу шарахь

3. I929 -чу шарахь

4. I938 -чу шарахь

5. Рашидов ШахIидан хьалхара совгIат делла поэма билгалйаккха .

I. «Аружа»

2.  «Нохчийн лаьмнашкахь».

3.  «ПIотIа- барз» .

4.  «Сийлаха».

Close
Яндекс.Метрика