Нохчийн литература
ДIадолор
Де дика дойла шун ,бераш!
ОкуйевгIеран Хьамидан Шимин кхоллараллех лаьцна хир йу вайн таханлера урок. Цуьнан цIе нохчийн литературехь дика йевзаш йу. Иза вара дашна башха говзанча, поэт, прозаик . Дерриге а шен дахар къоман литературица а, маттаца а доьзна, нохчийн вуьззина къонах вара и.
Хьамидан Шимин кхолларалла-иза лаьмнашца дехачу адамийн дахар, нохчийн халкъо латтийна къийсам, зевне илли ду Даймахках , цуьнан хазачу Iаламах лаьцна. Йаздархочун даг чуьра хьаладогIура и могIанаш. Маршоне сатуьйсуш, йеххачу заманахь тIемаш дихкина а лаьттина, цул тIаьхьа маьрша -даьлла стиглан Iаьршашка хьодучу аьрзунах терра, шен Даймахке безам кхайкхош даьржира назманчин аз.
Окуев Шимин «Сан хьоме Нохчийчоь».
Iалашо: Шимин дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш балар; керланиг довзаран хьашто хилар . Ойла йаран хаарш, дустарш, жамIаш дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймахках йолу поэтан ойланаш йовзийтар ,матте а, махке а болу безам чIагIбар.
Слайд:
«…Исбаьхьа, сан Даймохк!
Хьан халкъан суй хилла,
Хьан дуьхьа вага
Кийча ву со валлалц,
Хьанала вецаш…»
Шатайпа беркате деара нохчийн литературин исторехь XX-чу бIешеран 60-гIа шераш: и шераш дуьйла ма-делли шайн зевне а, кIорггера чулацамца къаьсташ а произведенеш йазйан буьйлабелира оцу хенахь литературина йукъабаьхкина къона поэташ, йаздархой –Арсанукаев Шайхи, Хасбулатов Ямлихан, Гацаев СаIид, Кибиев Мусбек.
Вайн халкъан дахарехь шатайпа меттиг дIалоцуш шераш дара уьш.Дуккха а баланаш, гIайгIанаш лайна адамаш даккхийдина а ца довлуш, хьийзара. Шатайпа синъайъам бара литературехь а.
Окуев Шимас, шен могIарера кхечу йаздархоша санна, литератури йукъадохьу шел хьалхарчу поэтийн ца хилла керла дуьнене хьежар,теманаш, стихийн барамаш, стихийн жанрийн шорталла.
Цуьнан поэзин а, прозин а коьрта теманаш уггар хьалха хьомечу Даймехкан васт дара .Халкъан паргIато, цуьнан хазалла, ца Iебаш хьомечу лаьттан, Iаламан хазалла йийцар- йара поэтан кхоллараллехь коьрта тема.
Окуев Шимин кхоллараллин коьрта Iалашо йаздинарг бакъ хила дезар, йара.И тешна вара, бакъйолу исбаьхьаллин произведенеш кхолла ницкъ халкъан дахар довзаро а, халкъан барта кхолларалла хааро а лур бу аьлла.Цундела хуьлура иза даима а нахаца,баккхийчеран хьехамашка ладоьгIуш ,йарташкахула волавелла лелаш . Шима, дахарера Iемира йаздархо хила. Цундела йу цуьнан произведенеш нах кхеташ а, царна йезаш а.
Шимин хьалхалерчу поэзин киншкин цIе йара «Сан Шуьйта», цул тIаьхьа арайуьйлу «Лаьмнийн аз», «Сан безам»,и .дI.кх.
Окуев Шимин « Сан хьоме Нохчийчоь» цIе йолу стихотворени къастор йу вай.
Урх ийзош, йекаеш гаьллаш,
Буьйса шен дин сецош йу.
Стиглара чукхийдаш, лаьмнаш
Хьаннашна барт бохуш ду.
Седарчий карзахе уьдуш,
Мархашна тIехь хехкало.
Бацаца, тхин тIадмаш муьйлуш,
Эсала мох хьекхало.
Беттаса, дIо генахь техкаш,
Боданах букъ хьоькхуш го.
Шовданаш, Iаннашкахь кхехкаш,
Эшаршца гуш Iенало.
И дерриг нисдина латтош
Кхолламмий, Iаламмий ду.
Со вина кхиийна латта –
Сан хьоме Нохчийчоь йу!
И хестош, дека сан иллеш,
И лоруш, ловзу ас ког.
Цо ницкъ луш деттало кийрахь
Безамо лазийна дог!
Хьовсур вай стихотворени талла.
Иштта дешнаш шен мехкан Iаламах ала ницкъ кхочур бац, нагахь и безам хаддаза даг чохь кхехкаш ца хилча. Тайп-тайпанчу исбаьхьаллин гIирсашца къагийна авторо шен байт.
Безамо лазийна дог- хIокху метафорца гойту авторо, мел боккха бу цуьнан лирически турпалхочун шен Даймахке болу безам, мел хьоме ду Iалам!
Стихотворени дактилан барамехь йазйина йу, жIарийн рифма а йолуш.
Байт пхеа строфах лаьтта, строфа йеа стихах лаьтта.
Винчу махках воккхавер, цуьнан исбаьхьаллех цецвийлар-иза дара Шимин хьалхара стихаш кхоллайаларан коьрта бахьана. Цуьнан васташ башха чолхалла йоцуш, сирла а, цIена а ду. Цаьрца хаало кIоргера дог-ойла а, синхаам а, синхьаам а. Иза йара цуьнан поэтически башхалла.
Дешнаш тIехь болх :
Слайд:
гаьллаш—удила(говран гIирс)
Урх—вожжи, повод(говр сацон гIирс);
Тхи –роса;
Iаннаш—овраги,пропасти;
Карзахе-растроенные.
Тахана вайна девзи Окуев Шимин дахар а, кхолларалла , цуьнан произведенин коьрта Iалашонаш а. Кху тIехь вайн таханлера урок йерзайо.
Iодика йойла шун ,марша Iойла !
2-гIа дакъа
Хаарш зер
I.Мила ву «Сан Шуьйта» сборникан автор?
I. л СаидовБилал
2.Бадуев СаьIид
3.Окуев Шима
2.Мичахь вина хинволу йаздархо?
I.Соьлжа-ГIалахь
2.АтагIахь
3.Шалажехь
3.Произведенин коьрта Iалашо хIун хилла?
I.дахаран бакъдерг
2.безаман чов
3.Хийисте хIоттар
4.Шимин поэзин коьрта теманаш муьлхарш йу?
I дахаррий, Iожаллий;
2.Безаммий, Iаламий:
3Даймохк, Iалам.
5.Окуев Шимин дилоги- роман билгалйаккха:
I. «Алун шераш»;
2. «Еха буьйсанаш»;
3. «Лайн тIехь цIен зезагаш»
Пайдаэцна литература:
«Орга»,№II,2007ш.,
II классана учебник;
«Литературин кхоллам» Туркаев Х.В.
ХIоттийнарг: нохчийн меттан а,литературин а хьехархо Хаджимуратова Рукият Мадаевна