5 класс Урок№24 КагермановгIеран Денисолтан Докка « ДоттагIалла»

5 класс

Урок  хIоттийнарг :  Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу  йуккъерчу  ишколан  нохчийн  меттан а ,  литературин а хьехархо.

Урокан цIе: КагермановгIеран Денисолтан  Докка  « ДоттагIалла»

в кадре: -Де дика хуьлда шун !

ХIокху урокехь вай дуьйцур ду  Кагерманов  Доккин дахарх а , кхоллараллах а лаьцна. «ДоттагIалла » дийцаран  проблема маьIне а, мехала а хилар; дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезаш хилар мехала ларар .

Слайд

(Кагермановн сурт)

слайд: Кагерманов Докка вина I933-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь.

Поэзехь а, прозехь а йаздан волавелла I957-чу шарахь  дуьйна.

Цуьнан стихаш, баснеш, дийцарш зорба тоьхна республикин газеташкахь, «Орга» альманахехь.

Уьш а, кхийолу а цуьнан стихаш оьрсийн маттахь цхьаьнатоьхначу гуларшкахь арайийлина.

  Масех книгин автор а ву Кагерманов Докка. «Лаьмнашкахь бIаьсте», «БIаьстенан беш», «Iимран а, цуьнан доттагIий а» и. дI. кх.

  Шовзткъа шарахь болх бина цо «Даймохк» газетехь.

«Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин белхахочун» хьакъйолу цIе тиллина  Кагерманов Доккина.

в кадре: -Кагерманов Доккас шен «ДоттагIалла» дийцар тIехь вайн заман дахаран къеггина долу сурт хIоттийна.

-Дийцаран персонажаш : воккха стаг, Новраз,  Хьамзат, Халид.

   -Бовхачу безамца кхоьллина авторо воккхачу стеган а, шина кIентан – Хьамзатан, Халидан – васташ. Нохчийн оьздангалла, гIиллакх, цIена дог-

ойла, воккхачун гIо лаца кийча хилар гайтина цаьргахь.

Иза вайна билгалдолу  дийцар тIера хIокху могIанашкахь:

Слайд:

    Охьахоийла йоцуш, йоьттина йара вагон. Воккха стаг гин-гинарг хьала айалора, цунна меттиг бала. Вуьшта хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз, массарначул а иза шена йуххехь  воллушехь , ца гучуха Iара, корах арахьоьжуш.

    ХьалагIеттина, дуьхьал а волалуш, цуьнан нийсархочо Хьамзата воккха стаг шен метта охьахаийра. ХьалагIевттинчу  вукхарна баркалла а олуш, иза Хьамзате хьаьжира:

-Жиманиг, хьан Iойла йохий-кх аса.Баркалла хьуна!

-ХIумма а дац,-велакъежира Хьамзат.

в кадре: -Воккха стаг хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха билеташ оьцу цунна.

-Кхузахь йаздархочо, дуьхь-дуьхьал хIоттош, говза гайтина Новразан гIиллакх дацар а, Хьамзатан оьздангалла а.

-Цунна тIех ца валало йаздархо. Новразан вастаца йаздархочо Iорабоху и тайпа осала накъостий.

   —  Дуьххьара  ГIала нисвелла воккха стаг и ваха веззачу метте дIакхетаво Хьамзата а, Халида а.

-Кхин цхьаъ ду дийцар тIехь шена тIе тидам бохуьйтуш. Шеца цу тайпана гIиллакх лаьцна кIентий шен кIента кIентан Хьамидан доттагIий хила  лаьа цунна.

Слайд:

-Чу ца валош дIа ма  вахийталаш и ши кIант.

Хьамида, шел хьалха а тоьттуш, чоьхьа ваьккхира и шиъ.

-Дада, суна ма ца бевза хIара кIентий. Хьенан бу хIорш?-хаьттира ХIазана.

-Делахь -хIета хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, — элира воккхачу стага. ДIалацал  кхааммо а вовшийн куьйгаш, мар-мара а кхеташ. ХIинца дуьйна доттагIий ду шу, иза вошалла а ду. Хьанал а, тешаме а хилалаш даим а. Сий а довр дац шун цкъа а.  Оьздангалла, гIиллакх  жимчохь  дулу дагах.

в кадре: Арахь буьрканах ловзуш Iаш  волчу Новразе бехк баькхира шина кIанта:

Слайд:

-Хьуна ца хеттехь а, цабезамца хьан бIаьра хьуьйсучу адамех тхуна-м эхь хийтира. ХIун накъост хир ву хьох?

Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а йуьхь а кхолийна.

Цо дош делира накъосташна, иштта осалалла шегара кхин ца йалийта.

в кадре: -Дийцаран чаккхенгахь гучудолу Новраз ша динчух кхетта хилар  и тайпа ледарло цо шегара кхин йолуьйтург  цахилар  .

Оьздангалла а, гIиллакх а жимчохь дуьйна дилла деза беран дагчу.

Вай дийцира Кагерманов  Доккин дахарх а , кхоллараллах а лаьцна. «ДоттагIалла » дийцаран  идейни  маьIна а, чулацам а бевзи вайна. 

 Слайд:

ГIовтал- божарийн тIехулара духар. ХIинца баккхийчу нахана а , артисташна а тIехь ган йиш йу и тайпа бедар.

ТIекере йар –вовшашка хьал-де  хоттуш  вистхилар.

в кадре: — Кху тIехь вайн урок чекхйолу.  Iодика йойла шун!  Марша Iойла!

ЦIахь бан  болх

I.Дийцаран чулацамна догIу суьрташ дахка.

2.ДоттагIаллех, гIиллакх- оьздангаллех лаций кицанаш деша.

Тренажер

I.Кагерманов Докка маца вина ?

а.I933 ш.        

б.I930ш.    

в.I9I0ш.           

г.I949ш.

2.Кагерманов Докка йаздан волавелла:

а)I970 ш. 

 б) I979ш.

 в)I957ш.             

 г) I985ш. 

3. Муьлхачу книгин автор ву Кагерманов Докка.

Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш  билгалйаха.

а) « Лаьмнашкахь бIаьсте» , « БIаьстенан беш», « Iимран а,цуьнан доттагIий а.»

б) «Абубешар»,  «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч»,  «Бож-Iела».

в) «Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш», «Велларг денвар»

г) «Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе»,  «Цхьа-ши дош».

4. «ДоттагIалла» дийцаран коьрта турпалхой муьлш бу?

а) Зулай, Узарха

б) Сулима, Седа, Сода

в) Зайнди, Бикату , Аруха

г) Хьамзат,Новраз, Халид, воккха стаг.

5.Новразера хIун ледарло йаьллера?

а) Цо воккхачу стагана меттиг ца белира.

б) Иза билет доцуш вара.

в)Иза кегийчу берех леттера.

г)Иза буьрканах ловзуш,охьакхийтира.

Урок  хIоттийнарг :  Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу  йуккъерчу  ишколан  нохчийн  меттан а ,  литературин а хьехархо.

Close
Яндекс.Метрика