5 класс Урок№23 Ш. Арсанукаев «Баьпкан юькх»

Нохчийн  мотт «Urok95ru» . 5 класс(Хасарова Х.Ш)

 в кадре:

— Де дика хуьлда шун!  Дала беркате дойла таханлера вайн

цхьанакхетар. 

-Вайн литературехь дашо агIонаш хилла йаха йисина йаздархойн поэзи. Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу, талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иштта Арсанукаев Шайхин  кхоллараллехь а коьртаниг, йоккха меттиг йерг а йу поэзи, лирически поэзи. Тахана вай дуьйцур ду Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта цуьнан «Баьпкан йуьхк»стихотворени йийцаре а йийр йу вай. 

Слайд:

        (I930 – 20I2)

АрсанукаевгIеран Iабдулмуслиман Шайхи 

                                                «Ма ала кура ву, айбича корта –

                                       Башлаьмнийн баххьашка

                                               Хьежна ву со.

                                        Цундела лууш ву

                                        Лакхене гIорта —

                                       Лакхенехь дахаран

                                        Сийлалла го.»  Арсанукаев Ш.А.

в кадре:

— Халкъан поэт Арсанукаев Шайхи дика вевзаш ву вайн махкахь. 60-чу шерашкахь хаза доладелира нохчийн поэзехь къоначу поэтан аз.                            -ХIетахь дуьйна шен чулацамца шорлуш, поэтически говзаллица хазлуш, вайн деношка схьа догIуш ду и аз.


слайд:

Арсанукаев Шайхи вина Дишни-Веданахь I930-чу шарахь хьуьнан белхахочун доьзалехь. Школехь дешначул тIаьхьа цо чекхйоккху Семипалатинскехь финансови техникум, ткъа I968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институт. Белхаш бина финансови органашкахь, районерчу газетан редакцехь, Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь, «Орга» журналехь.
-Шайхин поэзе болу безам гучубала болабелира иза школехь доьшуш волуш. -Дуьххьарлера стихотворени зорбатоьхна I959-чу шарахь. ХIетахь дуьйна газетийн агIонаш тIехь а, «Орга» альманах журналехь а, гуларш тIехь а зорбане йевлла цуьнан стихаш.
-Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арахецна Арсанукаевн стихийн, поэмийн книгаш: «Лаьмнашкахь Iуьйре» (I965), «Безаман шовда» (I967), «ЦIеран суй» (I969), «Новкъахь» (I970), «Керла де» (I980), «Кхолламан сизаш» (I987), «Лаьмнийн иллеш» (I99I) и. дI. кх. а.


в кадре:

 Арсанукаев Шайхи нохчийн поэзе шен корматалла а, говза дош долуш а веара. Цуьнан корматалла кхиъна нохчийн классикийн С. Бадуевн, М. Мамакаевн, I. Мамакаевн поэзи тIехь.
-Даймехкан сий дар, цуьнан дуьхьа шен вахар, са дIадала кийча хилар – иза ду цуьнан поэзехь къеггина гуш дерг. Цуьнан кхоллараллехь уггар хьалха хаалуш дерг – иза цуьнан къинхетаме а, адамашка а, Iаламе а болчу безамах дуьзна долу дог ду.

— Арсанукаев Шайхи поэт-интернационалист, гуманист ву. ТIамна а, къизаллина а дуьхьал гIотту поэт шен стихашкахь. Шен кхиарехь лаккхарчу тIегIан тIе хьалайаьлла цуьнан  поэзи .

слайд:

ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо йу Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш йу цуьнан произведенеш.

в кадре:

— Тахана   шуна  йовзуьйтур  йу     » Баьпкан йуьхк «  цIе  йолу цуьнан  стихотворени.

— Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу йукъаметтигаш го вайна лирически стихашкахь. Iаламехь йа адамийн дахарехь шена гуш долчо меттах боху поэтан синхаамаш, ойланаш, тIаккха кхоллало лирически стихотворени билггалйолчу  интонацица. Арсанукаев Шайхин «Баьпкан йуьхк» цIе йолу стихотворени иштта дIайолалуш йу:

Слайд:

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!

в кадре: Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан йуьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан йуьхк а, и тергал ца йеш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла:

Слайд

ТIехбуьйлу…
ТIехбуьйлу –
ца гуш санна,
ТIехбуьйлу –
бен доцуш.
ТIехбуьйлу –
ойла ца йеш.
ТIехбуьйлу –
шайн модни мачашца
кхоамза,
дахаран цуьрг а хьоьшуш!
ТIехбуьйлу….

в кадре: Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу йухааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дукхатIадамаш дахкарца а.

Слайд

ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
Т
Iехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенан йуьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ах дешначу лайн кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!

в кадре: Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчун хьокъехь паргIат ойлайаре волу иза. Стихотворени йерзош и шайца дIайолайелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийначохь хIинца дукхатIадамаш дехкина поэта:

Слайд

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк!
Iуьллу и новкахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…

в кадре: -Поэтан доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iавжадо, ойланашка доху.

Слайд

Петербургах хьалха Ленинград олура. Оцу гIалина йина блокада  йу стихотворенехь хьахийнарг. Фашистийн Германис , I942-I943-чуй шерашкахь Ленинградана го а лаьцна. Цу чохь  беха маьрша нах мацалла балийта, и ГIала шайн карайерзо хIоттийна мацалла  йу йуьйцург. Ткъа иштта вайн къам махкахдаьккхинчу хенахь,          мацалла ца дала, бераша лайн кIелара  лехьош хилла  берцан кенаш а хьахийна  поэта шен стихотворенехь.

Слайд

I. Цуьрг-крошка,

2. Баьпкан йуьхк- кусок хлеба,

3. ЭгIаза  бераш- хилые, худые дети.

в кадре: -Арсанукаев Шайхин кхоллараллин лаккхара мах хадош, I980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе йелла, I989-чу шарахь – Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь – Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин аьлла цIе а йелла.  «Къаьмнийн доттагIалла» орден а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а йара поэтан.

-Хьоме  бераш, тахана  вайна девзи башхачу поэтан Арсанукаев Шайхин дахар  а , кхолларалла  а.  Йийцаре   йи   цуьнан  поэзин башхаллаш а.

-Дийцаре  ди цо шен произведенехь ненан  матте  безам мел кIорггера маьIна долуш гайтина. ХIун хир ду цул деза,  цул сийлахь! Кхузахь ала догIу Арсанукаев Шайхин  «Ненан мотт» стихотворени  йукъара дешнаш:

Слайд

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха ву!

в кадре: -Къоман са ду мотт, цуьнах  доьзна ду  вайн дахар. Шен  мотт  а, халкъ  а  дезаш  кхане кхуьийла  вайн махкахь!

Iодика йойла  шун, марша  Iойла!

2-гIа  дакъа.

       Хаарш –зер (тренажер)

  (нийсаниг харжа)

I. « Баьпкан йуьхк»  стихотворени  тIехь йуьйцу:

а) Мацалла.                      б) Ирсе дахар.

в) Къизалла                      г) Бахаман шорто.

2.Шуна хетарехь  стенна сагатдо поэто?

а)эгIазчу берашна

б) дIасалелачу адамашна

в)баьпкан йуьхк хьешарна

г)  шелваларна

3.Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш  билгалйаха.

а)«Сан некъан кехат»,«Орган тIехь сатесна»,«Ненаца дина къамел», «Хаьржинарш» ,«Со вухавогIур ву», «ТIулгаша а дуьйцу» . 

б)«Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч», «Хингал»  , «Совдаттий, Дауддий», «Бож-Iела», «Лийрбоцурш».

в)«Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш» ,«Велларг денвар»,«Даймехкан зIаьнарш» , «Дагчуьра суйнаш» , «Йовш йоцу цIе» ,«Бакъдерг», «Лаьттан бос» , «Сирла суьйре».

г)«Лаьмнашкахь Iуьйре»,  «Безаман шовда», « ЦIеран суй» ,Стихаш, поэма.   
«Новкъахь». Стихаш, поэма  «Сийна некъаш». Стихаш, драматически поэма .
«Лакхенан гIиллакх» Стихаш, драматически поэма
«Тешам». Поэмаш.  «Керла де». Стихаш, поэма.  .
«Ушармин Ших». Драматически поэма. 
«Кхолламан сизаш». Стихашкахь роман
«Лаьмнийн иллеш». Стихаш, драматически поэма .
«Сийна гене» Стихаш, поэмаш, драма. «Хьалхара том» 
«Уьш хийца тарлуш дац» Стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том.  .

Close
Яндекс.Метрика