Вайн урокан тема — «Дешхьалхе. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш» ю. Шуна 1амийна, хууш хила деза дешхьалхе дешан дакъа дуй.
Орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на луш долчу дешан декъах дешхьалхе олу.
Дешхьалхе гуттар а ойла еш ю, дешан маь1на дика довзийтарехь г1о муха дийр дара те ша, бохуш. Дешхьалхе т1екхетча, дешан маь1нин тайп-тайпана аг1онаш къаьста. Хьовсал шу,»ваха» бохучу дашна т1е д1а-, охьа-, чу- дешхьалхенаш кхетча, х1ун хуьлу.
Д1а + ваха — д1аваха (Адам кхузара 1уьйранна д1аваха ваьлла.)
Охьа + ваха– охьаваха (Иза ломара г1ала охьаваха.)
Чу + ваха- чуваха (Со хьалххе чуваха воллу.)
Д1а, охьа, чу — дешхьалхенаш ю, церан г1оьнца»ваха» бохучу дашах керла дешнаш кхоллало
Ткъа х1инца хьовсур ду вай эца, ведира бохучу хандешнех дешхьалхенийн г1оьнца дешнаш кхолла.
Масала:
Эца — д1аэца. схьаэца, охьаэца, чуэца, т1еэца, араэца.
Ведира — д1аведира, т1еведира, схьаведира, чуведира, охьаведира, хьалаведира.
Кхузахь вайна го х1ора а дешхьалхено дашна керла маь1на луш хилар.
Ткъа х1инца хьовса, муха язйо дешхьалхе дешнашца.
араваьлла
ара ца ваьлла
ара ма ваьлла
ара а ваьлла
д1аведда
д1а ца ведда
д1а ма ведда
д1а а ведда
схьавог1у
схьа ца вог1у
схьа ма вог1у
схьа а вог1у
Дешхьалхе дешнашца цхьаьна язйо, ткъа нагахь дешхьалхенний, орамний юккъехь дакъалгаш ца, ма, хуттург а нислахь, дешхьалхе къаьстина язйо.
Кхечу дашах цакхолладеллачух схьадалаза дош олу.
Масала: ала, пондар, зурма, хьеха, да, ваша
Дешхьалхенан я суффиксан г1оьнца, я дешнаш вовшахкхетарца кхолладеллачух схьадаьлла дош олу.
Масала: Ала-д1аала (дешхьалхе -д1а т1екхетарца керла дош д1аала кхолладелла,иза ала бохучу дашах схьадаьлла ду); х1ун? — пондар, мила ? –пондарча — х1ара дош схьадаьлла пондар бохучу дашна т1е суффикс -ч кхетарца; х1ун?- зурма, мила?-зурманча — х1ара дош зурма бохучу дашах схьадаьлла т1е суффикс нч- кхетарца; х1ун дан? — хьеха, х1ун? – хьехар — х1ара дош хьеха бохучу дашах схьадаьлла суффикс –р- т1екхетарца, хьенан? — ден, мила? — ваша – мила? — деваша, х1ара шина дашах схьадаьлла.
Вайна ма-гарра, х1ара дешнаш схьадевлла дешнаш ду.
Урокан темех шу муха кхетта хьовсуш, т1едиллар кхочушдийр ду вай х1инца. Далийначу дешнех тайп-тайпанчу дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла:
Тохар
Кхетта
Кхоьссира
Ткъа х1инца талла шаьш бина болх.
Тохар — д1атохар, охьатохар, схьатохар, т1етохар, чутохар, аратохар.
Кхетта — д1акхетта, охьакхетта, схьакхетта, т1екхетта, чукхетта, аракхетта, хьалакхетта.
Кхоьссира — д1акхоьссира, охьакхоьссира, схьакхоьссира, т1екхоьссира, чукхоьссира, аракхоьссира, хьалакхоьссира, дехьакхоьссира, сехьакхоьссира.
Вай урокехь дийцинарг т1е а ч1аг1деш, ц1ахь мохк, дийца, талла, аса, мангал- дешнех керла дешнаш кхолла.
Вайн урок чекхъели.
Урок кечйинарш:
Эльбиева Луиза Сайд-Алиевна
Юсаева Зарина Имрановна