Урок №43 Суффиксаш, церан тайпанаш

Кхид1а а дешан х1оттамах лаьцна  дуьйцур ду вай.   Х1окху байтига а хьовсий, нийса жоп ло: 
Орамна со т1ехьа лаьтта,
Дашна керла маь1на ло.
Цуьнца даим цхьаьна язйо, 
Х1ун дешдакъа хир ду со?
(Эдилов С.Э.)
Шу нийса лоь. Вай юьйцург суффикс ю. 
Тахана урокехь вай дуьйцур ду суффиксех а, церан тайпанех а лаьцна.  
Суффиксо дешнашкахь х1у хийцамаш бо хьовсур ду вай: 
Б1ал- б1елиг, ч1еш — ч1ешалг, сиз-сизалг, б1ог1ам-б1ог1амалг
Х1уманан барам хуьйцу суфиксо.
Г1ала — г1алахо, Марта — мартанхо, Соьлжа — соьлжахо
Суфиксо г1алех стаг ван а  тарло:
Т1ехьаьжча ши-кхо элп бен дац и суффикс, амма инзаре даккхий г1уллакхаш до цо. 
Ткъа х1инца дагадоуьйтур вай, стенах олу суффикс.
Орамна т1ехьа а лаьтташ, дашна керла маь1на лучу лардан декъах суффикс олу.
Суффиксаш шина тайпана хуьлу: 
1. Керла дешнаш кхуллуш ерш, масала:
хьер — хьархо — хьер ялта охьург елахь, хьархо цу хьерахь болх беш волу стаг ву,  -хо- бохучу суффиксо цу дашна керла маь1на делла; 
юрт — юьртахо, — юрт адамаш деха меттиг ю, ткъа юьртахо цу юьртахь вехаш волу стаг ву, цу кеппара, -ахо- бохучу суффиксо цу дашна а керла маь1на делла; 
къамел — къамелахо, — къамел вай  дуьйцуш дерг ду, ткъа къамелахо и къамел деш верг ву, иштта кхузахь –хо- бохучу суффиксо керла маь1на ло;  
болх — белхало, — болх кхочушдеш долу г1уллакх, ткъа белхало и болх кхочушбийриг ву, кхузахь -ало- суффиксо а керла маь1на ло;  
пондар – пондарча, — пондар мукъамаш локху г1ирс бу, ткъа пондарча и пондар локхуш верг ву, кхузахь -ч-  бохучу суффиксо а керла маь1на ло;
2. Дешнийн кеп хуьйцурш, масала:
ч1еш — ч1ешалг, — ч1еш кхе тилла а мегар йолуш йолу жима дечиг ю, ткъа ч1ешалг кхин а жима дечиг ю, -алг- бохучу суффиксо  керла дош ца кхуллу, дуьххьалд1а дешан кеп хуьйцу; 
ц1а — ц1елиг, — ц1а бохучу дешан жималла гойту -лиг- суффиксо, кхузахь а керла дош ца кхоллало, хийцало дешан кеп;
Иштта кеп хийцало х1окху дешнашкахь а: 
Сара — сараг, хал — хелиг, б1ал — б1елиг, х1ума — х1уьмалг.
Ткъа х1инца  кхочушде цхьа т1едиллар:
Лахахь далийначу дешнех суффиксийн г1оьнца керла дешнаш кхолла:
Жима, къона, лула,  нана, да, юрт, Эвтара, сонта, назма, илли, бер, теша, эша, тола.
Талла шаьш кхочушдина шардар.
Жималла, къоналла, лулахо,  ненахо, дехо, юьртахо, эвтархо, сонталла, назманча, илланча, бералла, тешам, эшам, толам.
Х1инца дешнаш шина б1ог1амалге декъа хьовса: керла дош кхуллу суффиксаш ерш цхьана б1ог1амалге, кеп хуьйцу суффиксаш ерш вукху б1ог1амалге.
Ч1ешалг, адамалла, таллар, сараг, 1илманча, яздархо, сизалг, г1орзолаг, зурманча, б1елиг, лоьралла, карчолаг.
Ткъа х1инца талла, шаьш болх муха кхочушбина.
Керла дош кхуллу суффиксаш ерш:
ч1ешалг
сараг
сизалг
г1орзолаг
б1елиг
карчолаг
Кеп хуьйцу суффиксаш ерш:
адамалла
таллар
1илманча
яздархо
зурманча
лоьралла
Ц1ахь 48-г1а  бакъо карлаяккха, 5-чу  классан литературин цхьана произведенин кийсак юккъара суффиксийн г1оьнца кхолладелла  10 дош схьаязде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Шун 1одика йойла, марша 1ойла!
 
Урок кечйинарш:
Эльбиева Луиза  Сайд-Алиевна
Юсаева Зарина Имрановна

Close
Яндекс.Метрика