1 класс.
Урок №53. Дешнаш. Предложенеш.
— Де дика хуьлда шун, бераш!
— Шуна хаьа, хIокху дуьнен тIехь массо а хIума цхьана билггалчу хIуманех лаьтташ ю: хьун-диттех, мархаш — хин тIадамех, къамел –предложенех, ткъа тахана вай дуьйцур ду дешнех лаьттарг-предложени хIун ю. Вайна хуур ду предложени хIун ю и муха къасто еза дешнийн цхьаьнакхетарх. Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш маса тайпана хуьлу а, йозанехь церан чаккхенгахь муьлха сацаран хьаьркаш йохку а.
— Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш дешнех.
ХIун ю предложени? Муьлхха а дешнашна хIотталой предложени?
Слайд: Буста ши могIа:
I) Цициг, гоьрга, дика, язйо.
2) Цициг, можа, Iуьллу, дижина
— Муьлххачу дешнех предложени кхолла йиш ю?
— Ала йиш юй:
Слайд:
— Цициго дика язйо. Горга цициг.
— ХIан-хIа. Йиш яц.
— ШолгIачу могIанехь долчу дешнех предложени кхолла хьовсу вай.
Слайд:
Можа цициг дижина Iуьллу.
— Вайна хии цициг можа дуй, и дижина Iуьллий а.
— Сурт хIотто а, дилла а йиш ю вай
Слайд:
Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гойту. Предложени, маьIница вовшахкхеттачу дешнех лаьтта.
— ТIедиллар кхочушде вай.
— Схьалахий вай предложенеш.
Слайд:
БIаьсте, бераш, хьун, малх.
ТIекхечира бIаьсте.
Мело-о мох хьоькху.
Нийса жоп иштта хила деза:
— Хьалхарчу могIанехь дешнаш ду, шолгIачу могIанехь ши предложени.
Слайд:
1-ра: ТIекхечира бIаьсте.
2-гIа: Мело-о мох хьоькху.
— ХIора предложенино шен-шен маьIна даьстина. Предложенера дешнаш маьIница, дуьйцучух кхеташ вовшахтесна ду.
— Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу:
Слайд:
дийцаран — Тхо юьрта дахара
хаттаран — Хьо хиллий аьхка юьртахь?
айдаран — Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь!
— ТIедиллар кхочушде вай, чаккхенга сацаран хьаьркаш хIиттош.
Слайд:
Тхан доьзал боккха бу тхо бертахь деха со ирс долуш ву хьан буй доттагIий
Нийса жоп иштта хила герга ду
Слайд:
Тхан доьзал боккха бу.
Тхо бертахь деха
Со ирс долуш ву!
Хьан буй доттагIий?
— Предложенеш нийсаязъяран бакъонаш юй-те? Ю. Предложенеш гуттара доккхачу элпаца язйо.
Слайд:
Предложенин чаккхенгахь тIадам, хаттаран я айдаран хьаьрк юьллу.
Царех сацаран хьаьркаш олу.
— Тахана урокехь вайна хии, предложени стенах олу.
— Iеми предложенеш, дешнаш къасто.
— Девзи аларан Iалашоне хьаьжжжина предложенийн тайпанаш, сацаран хьаьркаш хIитто а.
— Хьоме бераш! Кху тIехь чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза къахьега деза вай вешан мотт кхиорехь. Дала аьтто бойла шу!
— Iодика йойла шун! Марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
1. I. Солтханов Э.Х., Солтханов И.Э. «Абат» I кл Соьлжа-гIала: АО «ИПК « Грозненский рабочий» — 2016
2. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-гIала 2005 шо
3. Эдилов С.Э. «Ловзуш, Iема» Соьлжа-гIала 2012 шо.
4. З.Д. Джамалханов, У.Х. Эжаев, Э,Х. Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш. — Грозный: ГУП «Книжное издательство»
Урок кечйинарг: Грозни-гIалин №56 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан, литературин хьехархо Абуева Таиса Ильмадиевна.