Урок № 39.
МогIанан доккха а, жима а элп «Ж ж».
— Маршалла душуьга, хьоме дешархой.
-Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— ДIаяханчу урокехь вайна девзира аз а, элп а тI.
-Тахана суна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.
«ДогIу дош ала».
Слайд:
Хьуна хаа дац-кха хала,
ХIусам ларъеш, лета …. (ЖIаьла)
Iемаш ву со тиллатхов,
Хьостамна тIе етташ … (ЖIов)
Екашерг яц аьчкан биргIа,
Тата дешерг ю сан … (ЖиргIа)
— Муьлха хIуманаш ю уьш? (ЖиргIа, жIов, жIаьла)
Слайд:
(жIаьлин, жIевнан, жиргIанан суьрташ гойту).
— ХIунду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз ж).
— Бераш, вайна тахана девзарду могIанан жима а, доккха а элп Ж ж,
Iемар ду и элпша-ша, дешдакъошкахь а, дешнашкахьа кхечу элпех хоьттина яздан.
Слайд: Ж ж элп гойту.
— Алал, бераш, бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» — деш)
— Ж элп мукъаду я мукъаза ду?
— Алий вай Ж.
— Муха хуьлу цуьнан алар, паргIат я хала?
(Олучухенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу).
— Дуста: ала элпЖ, хIинца О, А.
[О, А] аьзнаш вайга паргIат алало, цундела уьш мукъа ду.
Ж элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела Ж мукъаза элп ду.
— Зорбанан элп Ж ж довзуьйтур ду вай хIинца.
Слайд:
Ж – хIара зорбанан доккха Ж ду;
ж – хIара зорбанан жима ж ду.
—————
— Ж элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд:
Жа жо жу жи же
аж ож уж иж еж
— Ткъа хIинца, ж элп юкъахь долуш, дешнаш деша хьовсур ду вай.
Слайд:
ЖIаьла, харж, жижиг, жоммагIа, жаIу, жарж, жуккар.
— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а элп Ж ж яздан.
Слайд: (йозанан элп аш Ж ж гайтар).
Ж – хIара йозанан доккха элп ду;
ж – могIанан жима элп ду.
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
Вай йоза яздо жимачу могIан чу.
Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)
МогIанан элп ж яздо йозанан белхан могIан чохь.
Слайд:
— ХIинца и элп яздан Iемар дувай. Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вайэ лп Ж.
Слайд: (анимацица гойту)
— ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIехула. Доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу,билгалонна хьаькхначу лахарчу белхан могIанна тIекхочуш, аьрру агIор доца хьаьвзаш сиз хьокху белхан могIанна юккъе кхаччалц. Белхан лакхарчу могIанна тIера хьалхахьаькхначу сизана тIера дIа тасалург а юьллуш, хьалха хьаькхначу сизе терра хьалавоьду, цу тIера нийса сиз хьокху лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Цу тIера дIа тасалург а юьллуш, аьтту агIорхьа дIа лакхарчу белхан могIанна тIе кхаччалц, сиз хьокху. Кхузахь хьалхахьаькхначу сизашка терра аьтту агIор доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу белхан лахарчу могIанна тIе кхочуш, юха а аьтту агIор хьаьвзаш доца сиз хьокху, белхан могIанна юккъе кхаччалц.
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Ж.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийрду вай могIанан элп ж.
Ж – элп доккха а, жима а хуьлу.
— Маца яздо вай доккха элп?
Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд: (гойту доккха а, могIанан а элп Ж ж).
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
— ХIинца кепе а хьовсуш вай яздийрду йозанан жима элп ж.
Слайд: (анимацица гойту)
Лакхарчу белхан могIанна тIера аьрру агIор белхан могIанна юккъера дIа, доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш аьтту агIорхьа хьаьвзаш доца сиз хьокху белхан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь белхан могIанна юккъехь тасалург а юьллуш, белхан лакхарчу могIанна тIе кхаччалц хьалавоьду, цу тIера дIа лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц охьавогIу, кхузахь тасалург а юьллий лакхарчу белхан могIанна юккъера аьтту агIорхьа доца хьаьвзаш сиз а хьокхуш, охьавогIу, лахарчу белхан могIанна тIе кхочушюха а аьтту агIор хьаьвзина доца сиз хьокху, белхан могIанна юккъе кхаччалц.
— Iамийнарг тIечIагIдар тIехь болхбийр бу вай хIинца.
— Вай яздийр ду ж элп юкъахь долуш дешдакъош.
Жа жо жу жи же жа жо жу жи же
аж ож уж иж еж аж ож уж иж еж
— Бераш, шуна девзий ж элп юкъахь долу дешнаш? Далорду вай уьш.
Слайд:
Жа, жаIу, жижиг, маж, Жамил, бажа, Маржан, Жунид, бож.
— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дешдакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай.
Слайд:
Жа-Iу, жи-жиг, Жа-мил, ба-жа, Мар-жан, Жу-нид.
— ХIунда яздина вай цхьадолу дешнаш доккхачу элпаца?
(Уьш адамийн долахь цIерш ю. Адамийн долахь цIерш даккхийчу элпашца язъйо).
Дешнаш довзар.
— Бераш, вай декхарийлахь дунохчийн мотт дика хаа. Цундела лерина хьовса деза: хIун ю юьйцург?
Слайд:
1. Деха лаг а, беха когаш а болу дийнат? (Жираф)
2. Вайна гонах долу Iалам? (ЖилIалам)
3. Кхо ког болу гIант? (ЖIайгIант)
4. Жима диг? (ЖоммагIа)
5. Коран ангали тIехь шелоно диллина сурт? (ЖIамар)
— Ткъа хIинца, бераш, хIокху дешнашкара элпаш дайна, уьш каро хьовсий вай?
— ДIаязде дешнаш, тIадамийн меттана маьIница догIу элпаш а дохкуш, шаьш дехкина элпаш буха сиз хьакхарца билгалде.
Слайд:
ГIа…, коь…алг, кIу…ал, кIа…ар, ги…у, до…ар, хар…, бе….Iу.
Слайд:
ГIаж, коьжалг, кIужал, кIажар, гижу, дожар, харж, бежIу.
— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп а Ж ж, иштта и элп яздан а Iеми вайна.
— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.
— Шун Iодикайойла. Марша Iойла.